ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн мотт буьйцур бу "Windows"


Windows 7, 23ГIад2009
Windows 7, 23ГIад2009

"Windows" олуш йолу компьютеран программа, нохчийн матте гочъян дагадеъна республикарачу 1илманан академийн . массийта шаре бахлура болчу оцу балхах г1уллакх хилахь, нохчийн мотт бийцар айдира ду оцу х1умано аьлла хета цигахь.

Компьютеран мел йолчу операцийн бухехь лаьтта "Windows" олуш йолу и программа, тоххарехь яькхкина хила езаш яра нохчийн матте, бохуш и Iалашо дукха хан яра цхьаболчу говзанчийн. ХIинца церан и сатйисамаш кхача хила гена а дац. Массийта шо дезара ду боху, Нохчийчоьнан Iилманан академехь, иза дина дала.

И программа гочъйича, уггаре а боккха хинболу пайда нохчаша бицбеш болу шай ненан мотт бийцар ду аьлла хета, Iилмана академийн вице-президент волчу Дадашев Райкоман. Маршо радиога цо дийцира шай оцу Iалашонех лаьцна.

Дадашев Райком: «ГIезлойнчохь а, Якутехь а , Башкортостанехь а, дина и санна долу хIума. Вай кегирхой, нохчийн маттахь оцу компьютерца къамел дан а, уьйранаш латто а йиша хира д уггаре а коьртаниг.

Иза далура дацара теша бохуш ду тхо. Изза, вай орфографи а, графика а, нийсаяъздаран бакъонаш а чIагIдеш, дан дезаш хIума ду. Шорта болх бу цу тIехь бан безаш. Делахь а, иза бан Iилманан академии ларора йолуш ю-кх».

И программа нохчийн матте яьккхича а, иза, лелош ца хилча, пайда хира бац аьлла хета Iилманан академехь. Цундела, нахана тIе а дожош эцийта езаш ю и нохчийн маттахь хинйолу программа, аьлла кхин дIа а дийцира Дадашев Райкома.

Дадашев Райком: «Microsoft» фирмица бертахь бен далура долуш хIума дац иза. ГIезлойнчохь иза дечу хенахь, церан хьакамаш а, вай Оьрсийчоьнан хьакамаш а баьхкина, йоккха презентаци а йина, дина хIума ма ду иза. 6-7 миллион гIезлойчоьнна йина ю иза.

Суна хезнарг муха ду? Оцу «Microsoft» компанийно, гочйина программа тIехь йолу и компьютерш эца аьлла омра дан деза вай урхаллехь болчара».

"Windows" программи тIехь и болх буолабалле, нохчийн маттана тIехь а буш орта бан безаш болх. Орфорафи а, фонетика а, кхийолу агIонаш а нисъян езаш хилар хаа, и болх бан болалучу говзанчашна. Цундела, иза шерашка бахбала мега, элира Нохчийчоьнана Iилманан академийн вице-президента Дадашев Райкома.

Дадашев Райком: «3 а, 5 а шо деза мега оцу хIуманна. ГIезлойчохь «Прикладная семиотика» олуш йолу институт ю болх беш. Иттех шо ду иза йолу. Вай академехь а диллина оха и дакъа. Сихха и болх чекхабера бу ала хала ду. Тахана электронан дошам компьютер тIедаккха болх беш ду тхо.

Цу тIехь а халонаш ю. Масала, «долгота» олучу дешан деха аз а ду, тIехула сиз хьаькхча иза компьютеро тIе ца лоцу, иза керла элп санна хуьлу. Ишшта шен цхьацца баланш боцуш цхьа а хIумма а дац».

"Windows" нохчийн матте яьккхар гIуллакх дуьххьара айдеш ду Нохчийчохь, оццула лекхачу тIегIан тIехь. ХIинцалца, нохчийн метан нийсаяздаран компьютеран программа гочъян массийтуза гIоьртира нохчийн программисташ, амма гарехь гIуллакх ца хилла церан. Массийта шо хьалха, нохчийн цхьана сайт тIехь, беламе дийцар дара яздина "Windows" нохчийн матте яьккхича, иза муха хира яра» аьлла цIе а йолуш.

Цу тIехь дуьйцуш дара, масла, экран тIера хьажоргган метан, ян даьндарг, ян урс, ян тур хира дара,ткъа, компьютер дIайоьйуш а , латош а, хуьлучу мукъман метан йиша локхура яра "Нуки-нуки вацара хIо!", ян «сан суьрташ» олучу бот чохь, хиира дара, Стечукин тапчийн а, Камри Тойотийн а, ахчийн таппийн а сьурташ. Ткъа, СЧан эшарш олучу ботт чохь, хир яра Межиевас лоькху эшарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG