ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь а даздира "Халкъан цхьааллин де"


Маршо Радион архивера сурт.
Маршо Радион архивера сурт.

Оьрсийчохь даздеш долу «Халкъан цхьааллин де» хIун де ду, мичара схьа ду и даздар, пачхьалкхера кегаре хан чекхъяьлча, барт-машарх къилба а дина, халкъ цхьаъ хилла дIахIоьттина бохург? Цу могIарера хеттарш кхиазхошлахь а, кегийрхошлахь а ,баккхийчарлахь а жоьпаза дуьсуш ду.

Лахьан-беттан 4-гIа де «Халкъан цхьааллин де» дуй хIуучунна а ца хаьа маца, мичара схьадогIуш ду и де сел сийлахь ларар. Ма дарра аьлча, цу хиламан бала кхочурш каро махкахь атта дац. Масала иштта жоьпаш ло цу хьокъехь къоначара: «Суна-м ца хьа». «Хаам ца хаьа». «Цхьаалин де бохуш дезде ду боху,хаам ца хаьа и хIун ду. Ярташкара нах бига-м бигна гIала митинг». «Тхан ишколера а бигна». «Балхахь долу тхан да-нана а ду-кх гIаларчу гуламехь».

Кегийчара цхьааллин дийнах кIорге йоцу жоьпаш лахь а, ондда харж а еш, даздина и де нохчийн гIаланашкахь, кIошташкахь. Эзарнашкахь адам дIагулделла Соьлж-ГIалин майданахь «Оьрсийчоьно цхьаьнатуху» цIе йолчу лозунг-кхайкхамца дIахучу боккхачу гуламе.

Комаьршша спортан къийсадаларш, ловзарш, синкъерамаш, самукъане цхьаьнакхетарш дIадахьа «Минутка» майдана тIера схьа, Къаьмнийн ДоттагIалла майдане кхаччалц къевлина ю гIалин юкъ.

Бакъду, Соьлж-ГIалахь а, кхечу меттигашкахь а хIун бахьана долуш кхехка ног етташ дахар хIаъане а цахуурш Iаламат дукха бу баккхийчарлахь а: «Валлай дела таханлерниг хIун де ду хаа а,и стена даздо а сан бала кхаьчна-м бац. Дан хIума а доцуш, Iашберш дукха ма бу. И санначеран хIун бала кхочур бу даздарийн?

Масалш каро гена вийла а ца оьшу. Таро йолчо шен сакъерарх таро йоцург ладегIамехь ма ву. Схьагуш воккхаве хIума-м дац».

Нехан аьзнаш: «Тахана деза де ду тIаккха? Суна-м ца хаьа!» «ЦхьаI леладо хир ду-кх цара, суна хууш хIума-м дац. Валлай дац-кх». «Делдахь, суна-м ца хаьа. Селхана рузбанан де-м дара деза…»

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG