Зазадоккху-беттан 28-чу дийнахь ГIебартойн-Балкхаройчохь даздира балкхаройн къам денделла де. Иза хьажийна ду Юккъерчу Азехь депортацехь 13 шо даьккхинчул тIаьхьа балкхаройн къам шен даймахка юхадерзарна. Налчикехь ша даьхна сурташ "Кавказ.Реалии" сайтана даийтина Байсы Ахмата.
Балкхаройн къам денделла де

1
Шайн къоман духар доьхна бара даздаршка баьхкина кегийрхой а.

2
Къам дендалар де даздира баккхийчара а, бераша а.

3
Балкхаройн байракхашца кечйина машенаш яра Налчикан урамашкахула дIасалелаш.

4
Ковраш лелара урамашкахула.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832