ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Генарчу Малхбалехь Оьрсийчура бахархошна латтанаш декъа бакъо елла Путина


Оьрсийчоь-- Путин Владимир, Петарбух, Охан-бутт 29. 2016
Оьрсийчоь-- Путин Владимир, Петарбух, Охан-бутт 29. 2016

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимра тIе куьг таIийна Генара Малхбален федералан гонехь бахархошна латтан дакъош дала бакъо лучу низамна. И документ зорбане даьккхина низамех лаьцна информацин официалан порталехь.

Путина тIечIагIдинчу низамца а догIуш, муьлхха а Оьрсийчоьнан махкахочуьнан бакъо ю шен дахарехь мехаза цхьа гектар латтан дакъа схьаэца. Дуьйцурш ду (Якути) Саха Республикехь а, Приморан а, Хабаровн а, Амуран а, Магаданан а, Сахалинан а, Жуьгтийн автономин а махкахь а, Чукчийн автономин гонехь а йолу территорина тIехь долу латтанаш.

ДIасадоькъур ду муниципалан, я федералан статус йолу пачхьалкхан долах долу латтанаш. Уьш ду 50 эзар стаг вехачу меттигашна 10 километр генахь хила дезаш. Латта 20 километр генахь хила деза нагахь цу меттигашкахь (гIаланашкахь) вехаш 300 эзар стаг велахь. Ярташна гонахара латтанаш а ду доькъур долуш.

Низамца а догIуш, цу латтан тIехь хIусамаш ян бакъо ю, цигахь бахам лело а бакъо ю. Ша и муха лелор ду бохучух лаьцна долахочо хаийта дезар ду меттигерчу Iедалшка. Нагахь и латта лелоран кеп йохаяхь, иза дIадоккхур ду Iедалша.

Керлачу низамана критика ечу наха билгалдаккхарехь, тамаш бу цу пана-махкахь долу латта лелон лууш дукха нах бовлахь. Коьрта бахьана ду цигахь стаг ваха оьшуш йолу инфраструктура цахилар. Амма цу программан билламаша аьтто бийр бу спекуляци лелор Iалашонца масийтта гектар латта схьаэца.

Говзанчаш дийцарехь, цхьа гектар латта дукха къезиг ду фермеран бахам боло, я бизнесс йоло луучу стаганна.

XS
SM
MD
LG