ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:47 0:00
Линкана тIе

Цхьанна а Европерчу пачхьалкхехь нохчий декъа а болуш террорхойн тIелатар я эккхийтар хилла дац. ХIетте а кху деношкахь хаамийн гIирсашкахула баьржина Германехь терроран акташ яр кхерам бу Нохчийчуьрчу джихадхоша бохучу хьесапехь. Цу хаамийн бахьана немцойн Конституци ларъяран хьукматан куьйгалхочо Маасен ХIанс-Георга шен тIаьхьарчу пресс-конференцехь дина дIахьедарш ду.

Германехь бехачу салафитийн терахь лакхадаьлла хилар дуьйцуш цо элира, къаьстина Къилбаседа Кавказера исламхой немцойнпачхьалкхана кхераме лору ша куьйгалла дечу къайлахчу сервисо, аьлла. "Церан герзаца а, ницкъ барца а долчу гергарлоно немцойн кхерамазаллин белхахой вуно сема хила декхарийлахь бо", - элира Маасенс.

"Уьш Шемахь а, Иракъехь а тIемашкахь хилла бу, тIемашкахь чахчийна а бу, лакхара кхераман потенциал шайца йолуш а бу", - аьлла тIетуьйхира цо.

Цо къаьстина нохчийн цIе шен къамелехь ца яьккхинехь а, амма цхьа могIа оьрсийн маттахь яздечу Германерчу хаамийн гIирсаша нохчех лаьцна аьлча санна даржийна и дешнаш. Бакъдолчехь, Германехь а, кхечу Европерчу пачхьалкхашкахь а Шемара я Иракъерчу тIемашкахь дакъа а лаьцна, юхабирзина иттанаш нохчийн къомах тIемалой бу. Амма бу иштта оцу тIамера юхабирзина суьйли а, гIалгIай а, гIебартой а, кхин долчу Къилбаседа Кавказерчу къаьмнийн векалш а.

Нохчех къаьстина аьлча, хьахийна ма-хиллара, хIинцалца схьа Европехь террорхойн талор дина гучуваьлла я кхеле озийна цхьа а Нохчийчуьра орамаш долу стаг вац. Доккхачу декъехь лийцинарш а, кхел йинарш "хийрачу махкахь террорхойн тобанехь дакъалацар" олучу бехкаца жоьпе озийна бу. Аьлча а, ДАIИШ-ан, Кавказан Имаратан я кхечу Малхбузехь террорхойн цхьаьнакхетаралла лоручу тобанан декъахиларна.

Кхиндолчу талоршкахь декъа хилла гучубийлинчу нохчийн ма-дарра долу терахь Iедалхоша зорбане доккхуш дац. Уьш массо а Оьрсийчоьнан бахархой санна билгалбаьхна хуьлу, цара шайна тховкIело йоьхучу хенахь. И тховкIело схьа а елла, мухIажарийн конвенцин паспорт олуш долу документ схьаделча а иштта Оьрсийчоьнан бахархой лору уьш официале.

Цара шаьш тIелаьцначу мехкан олалла тIеэццалца. Амма, масала, Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин даханчу 2016-чу шеран статистика теллича, цу тIехь го немцойн махкахь уггаре а лакхара криминале талорш лелочу тIебаьхкинчарна юккъехь МагIрибан пачхьалкхашкарий, Гуьржийчуьрий орамаш долу нах билгалбаьхна. Царна тIаьхьа богIуш Балканашкарчу пачхьалкхера нах бу.

Нохчий Малхбузерчу криминалечу хиламашкахь кест-кеста хьахош хиларан кхин цхьа бахьана а ду. 2000-гIа шерийн юххьехь Нохчийчохь тIом болчу хенахь Кавказерчу дуккхаъчу къаьмнийн векалша Европехь тховкIело йийхира, шаьш нохчий ду а олуш. ТIамех бевддарш Малхбузехь аттох тIеоьцуш хиларна. И нах, кхеташ ма хиллара, хIинца а официале нохчий лоруш бу уьш тIеэцначу пачхьалкхийн Iедалша.

Дукха хан йоцуш иштта нохчий санна Австрерчу хаамийн гIирсаша бийцаре бинчу цхьана доьзалан масала Маршо Радионехь хьахийра. Карладаккхархьама: хаамийн гIирсашкахь нохчийн доьзал шена депортаци ян гIоьртинчу полисхойх летта, доьзалан нанас полисхочунна цергаш йоьхкина, бохуш масийта дийнахь листира булваран газеташа цхьа хилам.

Маршо Радионо бинчу талламца, цу доьзалехь цхьа а нохчо вацара. Церан нана а, цхьа бер а гIербартой къомах дара, ткъа жимах долу бер гIалгIа дар. Делахь а, полисхочунна цергаш йоьхкинарг нохчо санна йисира юкъараллин кхетамехь.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Дуьненан футболан чемпионат шайн цIахь дIахьош хиларе терра, Оьрсийчоьнан бахархоша сагатдо мехкан футболна. Шу дуй оцу декъах?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG