ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Gulagu.net проектан куьйгалхочо, шена фейсбукера аккаунт яйна, боху


Gulagu.net проектан куьйгалхо Владимир Осечкин а, цуьнан информатор Сергей Савельев а
Gulagu.net проектан куьйгалхо Владимир Осечкин а, цуьнан информатор Сергей Савельев а

Бакъоларъяран Gulagu.net проектан куьйгалхочо Осечкин Владимира хаам бина телеграм-каналехь, яхначу буса Facebook социалан машано шен аккаунт дIакъовларх. Яздо цунах лаьцна Свобода Радионо.

"Цхьа а дIахьедар а, латкъам а бац, сан аккаунт яц-кх. 4 999 доттагI вара сан, агIоне язвелла вара 12 эзар сов стаг, сан кор дара иза - журналисташца а, прессаца а къамел ден", - яздина Осечкина.

Фейсбукан компанига кхайкхам бина цо, шен аккаунт дIаяккхарх леррина таллам бе аьлла.

Бакъоларъярхочунна хетарехь, цуьнан аккаунтана блок тохар - "Gulagu.net проект а, Осечкин Владимир а рогIера хIаллакван гIортар ду оьрсийн къайлахчу сервисийн

Осечкинан аккаунт хиллачохь йоза гучудолу хIинца, аккаунт долахочо дIаяьккхина хила тарло, йа цу тIе воьду некъаш дихкина аьлла. Фейсбукера хиллачух цкъачунна комментареш яц.

Осечкина дийцарехь, Лахьан-беттан 1-чу дийнахь социалан машанашкарчу цуьнан агIонехь "Савельевн тептар" ("Список Савельева") филман хьалхара дакъа дара зорбане диллинера. Савельев программист а, бакъоларъярхошка лецначу нахана тIехь латточу гIелонах лаьцна видеош дIакхачийна, тутмакх лаьттинарг ву.

Gulagu.net проекто а, дуьненаюкъарчу журналисташа а шайггара юкъ-кара бинчу белхан жамIех Лахьан-беттан суьйранна видео зорбане яьккхира.

  • Тутмакхийн бакъонаш Iалашъярна тIехь говзалла караерзочу Gulagu.net проекто ГIадужу-беттан юьххьехь масех видео яржийра, Саратовн а, Иркутскан а, Белгордскан а колонешкахь лецнарш хьийзош, царна тIехь гIело еш гойту. Хаамийн гIирсаша зорбане даьккхира архиван цхьа дакъа. Цул тIаьхьа таIзар кхочушдаран федералан урхаллана (ФСИН) дуьхьал масех бехктакхаман гIуллакх даьккхира талламо.
  • Делахь а, тIаьхьо Оьрсийчоьнан ФСБ-но а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралло а лаца кхайкхийра Gulagu.net проектан информатор Савельев Сергей. ДIахьедира, иза лаца а, цунна экстрадици ян а кехаташ вовшахтухуш ду шьаш аьлла. Белхан гIуллакхан къайле лору хаамаш цо Iорабаьхна боху Iедалхоша. Карарчу хенахь Францехь ву Савельев, цигахь луьстуш ду цунна политикан тховкIело яларх гIуллакх.
  • Архиван цхьа дакъа бакъоларъярхоша Европерчу Iазапашна дуьхьало латточу комитете дIакхачийна. Цул совнах, ООН-н Iазапна дуьхьалояран Комитете а цхьана Оьрсийчохь тутмакхашна тIехь ницкъбарх тоьшаллаш дIакхачо лерина ву Осечкин.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG