ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчохь 2018-чу шарахь Дуьненаюкъара футболан чемпионат йоьдуш тIелетарш дийр ду шаьш аьлла, кхерам тесна «Исламан пачхьалкх» (ДАIИШ) олучу тобанан тIемалоша. Цара интернетехь зорбане даьккхина шаьш цу хьокъехь леррина кечдина плакат, хаам бо The Daily Mail зорбанан гIирсо.

Цу плаката тIехь, коьртах йоьллина туьтмIаьжиг а йолуш, масатоп а карахь стаг ву виллина, уллехь бомба а йолуш. Цу сурта кIел оьрсийн а, Iаьрбийн а шина маттахь яздина ду "Собарде тхуна".

«Кавказан Имаратан» кубйгалхочо Умаров Доккас шайн уггаре коьрта тΙеман объект ю аьлла, дΙакхайкхийра Сочера Олимпиада.

Шемахь а, Иракъехь а территореш дIалаьцна латточу ДАIИШ-ан тIемалоша кхерамаш тесна, Оьрсийчоьнан тIеман министро Шойгу Сергейс цаьрна дуьхьал дIахьош йолу тIеман операци шен чакхене йоьрзуш ю аьлла, дIахьедар динчул тIаьхьа.

ПрахIерчу Карлан университетан (Univerzita Karlova) кхерамазаллан политикехула говзанча ву Сулейманов Эмил. Цунна хетарехь, тIемалой ала гIертарг ду Оьрсийчоьнан тIеман космосан ницкъаша шайн тIеман операци дIаерзорца тIом дIабоьрзур бац бохург. Цуьнца цхьаьна эксперто билгалдоккху, ДАIИШ тоба тIаьхьарчу хенахь хаъала гIелйелла хилар.

Адамийн бакъонаш тидаме оьцур яц Оьрсийчуьрчу ницкъаллин структураша, футболан чемпионатан декъашхойн а, хьешийн а кхерамазалла ларйеш.

Сулеймановс шеконе дуьллу Оьрсийчохь болу «Исламан пачхьалкх» тобан агIончаш терроран тIелетарш дан ницкъ болуш бу бохург. Цо билгалдаккхарехь, тIаьхьарчу хенахь терроран акташ яр Оьрсийчохь лахделла.

Делахь а, ДАIИШ-о даиман а аьлча санна жоьпалла шена тIеоьцу Оьрсийчоьнан территори тIехь цхьа бохам хилча. Цу могIарехь ду 2017-чу шарахь Охан-баттахь Петарбухехь дина эккхийтар. Цу бохамехь вийра иттех стаг. Цхьаболчу эксперташа чIагIдора и тIелатар бекхам хила мега Оьрсийчоьно Шемахь бомбанаш а, ракеташ а еттарна бохуш.

Шен агIор Iамеркерчу экспертана Шефер Робертана хетарехь, «Исламан пачхьалкх» тобано туьйсу кхерамаш тесна бита мегар дац, цаьрга цхьаъ далур ду бохург дIоггара баш бух боцуш делахь а.

Цунна хетарехь, адамийн бакъонаш ларъярца доьзна хаттарш баш тидаме оьцур дац Оьрсийчуьрчу ницкъаллин структураша, футболан чемпионатан декъашхойн а, хьешийн а кхерамазалла ларйеш.

Шефер Сочехь хиллачу Олимпиадехь кхерамазаллин аналитик санна болх беш вара. Цундела цунна шен бIаьргашца гина Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураш цу тайпачу мероприятешкахь кхерамазалла ларйеш.

Сочехь Iаьнан Олимпиада йолаялале цхьацца терроран тобанаша кхерамаш тийсира, шаьш иза йойтур яц бохуш. Масала, «Кавказан Имаратан» куьйгалхочо Умаров Доккас шайн уггаре коьрта тΙеман объект ю аьлла, дΙакхайкхийра Сочера Олимпиада а, цуьнан декъехь Казанехь хир долу ловзарш а.

Олимпийн ловзарш дуьйладала бисина цхьа бутт а болуш, ша тайпа кхерамазаллин раж юкъаяьккхина хилар Сочехь.

Амма эххаре а цхьа а бохам ца хуьлуш дIадирзира Сочера Олимпан ловзарш.

Шефера дагадоуьйту, Олимпийн ловзарш дуьйладала бисина цхьа бутт а болуш, ша тайпа кхерамазаллин раж юкъаяьккхина хилар Сочехь. Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира арахецначу указаца а догIуш, цкъа а ца хилла хIума дара Олимпиада дIахьош Оьрсийчохь юкъадаьккхинарг. Кхоьллира къевлина йолу зона. Цига кхачар дихкира Iедалша шаьш бакъо елла йоцучу нахана. Дихкира кхечу меттигашкара транспорт Сочи-гIала чуяр.

2018-чу шеран Дуьненаюкъара фуболан чемпионат хир ю Оьрсийчохь Мангал-беттан 14-чу дийнахь дуьйна Товбеца-беттан 15-гIачу дийне кхаччалц.

Цул сов, Олимпийн ловзарш хир долчу меттехь кхоьллира леррина зонанаш. Цига кхача аьтто бара, полицино леррина таллам бинчул тIаьхьа. ЧIагIйинчу рожехь болх беш вара 30 эзар сов полицин белхахо а, чоьхьарчу эскаран салти а. ТIемачу хьоле даьхнера Чолхечу хьолан министраллан дакъош.

Цу кепара раж юкъаяккха мега, аьлла хета Шеферна, Оьрсийчохь Дуьненаюкъара Футболан чемпионат йолалуш а.

2018-чу шеран Футболан Дуьненаюкъара чемпионат хир ю Оьрсийчохь Мангал-беттан 14-чу дийнахь дуьйна Товбеца-беттан 15-гIачу дийне кхаччалц Оьрсийчура 11 гIаларчу 12 стадионехь. Цу гIаланашна юкъахь ю Москох, Петарбух, Казан, Лахара Новгород, Саранск, Калининград, Волгоград, Екатеринбург, Самара, Сочи, Ростох.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG