ТIекхочийла долу линкаш

ТехIранерачу университето Къилбаседа Кавказехь гIодийр дара кегийрхошна юкъахь динан радикалан ойланаш ца яржийта. И дIахьедар дина Пятигорске веанчу оцу доьшийлан гIажарийн профессора Карами Джахангира. Иза веана вара цу гIала, университеташна юкъахь уьйраш таса. «Суна хетарехь, Тегеранан а, Къилбаседа Кавказан федералан университетийн юкъаметтигийн зеделлачо пайда бохьур бу», – аьлла цо шен визитах вистхуьлуш.

Кху аьхка Дагестанехь схьайиллина "ГIажарийн визин центр". Оцу пачхьалкха ваха-ван лууш волчунна хала дац иза дан. Цига тIекIабо нах. Ши шо хьалха Нохчийчуьра а яхара цига делегаци шайна юккъахь иттех стаг а волуш. Шайна цигахь цхьанна а кепара вайна кхерам болуш хIума ца гира бохуш дийцира цара цIабаьхкича, бакъду, низамхоша тIе а кхайкхина, лен-м бинера, цига хIун дан баханера бохуш.

Айхьа лелочу динца хьо чIогIа валахь, хьуна цхьа а кхерам бац аьлла хета Нажи-Юьртан кIоштан вахархочунна Хамурзаев Хан-Iелина. Нагахь санна, шиизм вайна чуян гIерташ бу аьлла хетахь, цунна дуьхьало ян еза хьехамашца динадайша, элира цо.

Хамурзаев: «ХIара кегари оьшуш бац вайна. Хааделла вайна коьртах шаьлтанаш детташ, схьагойтуш цхьа нах бара-кх. Вайнаха тIелоцур долуш хIуманаш дац уьш. Кхечарах ала ца хаьа суна. Юха а, тIаккха а дешначу наха бан безаш болх бу цу тIехь».

Бусалба дин тайп-тайпа агIонна декъаро, бусалба нехан барт бохийна хилар хууш ду дукханна а. Цундела, суннитийн Кавказехь шиизм яржаяхь тIемаш а, баланаш а хир бу аьлла хета, масала гIалгIайн дешначу стагана Абадиев Мусана. Цо дагадаийтира шайн махкахь шииташ гучубевлла хилар.

Абадиев: «Нохчийчохь а, ГIалгIайн махкахь и кхерам бу аьлла ца хета суна. Ишколаш, университеташ, маьждигаш а дац церан. Нохчийчохь-м муфтис дIааьлла ду шиизм хуьлуьйтур яц аьлла. ГIалгIайн махкахь а 2-3 шо хьалха а буьйлабеллера шииташ. Цкъа бен уьш рузбане гул а ца беллера шайн маьждиге. Цигахь наха етта а йиттина, дIасевцира уьш».

ГIажарийн дипломати дукха ширачу хенара, мел лаххара а 2 эза ах эзар шо долуш ю. Къилбаседа Кавказ иштта цара юьхьарлаьцна хиларх шеко яц кхузахь.

Кавказехь хIинц-хIинцца бен дийца долийна дац шиизм регионехь яржарна кхерам бу аьлла. Масех бутт хьалха Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахьа дIахьедар динера шиизм шайн махкаь чекхйолуьйтур яц аьлла.

Цо дихкинера цуьнах язйинчу жайнеш тIе куьг Iоттар а. Москохара ГIажарийчоьнан културан кхерчо цунна дуьхьала дIахьедар а динера, шаьш Оьрсийчоьнан низамаш дохош хIумма а дина дац аьлла.

XS
SM
MD
LG