ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзанан ден цIарах хир ю Нохчийчуьра ОМОН а, СОБР а


Нохчийчоьнан президент лаьттинчу Кадыров Ахьмадан, мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан ден цIе тиллина Нохчийчуьрчу полицин лерринчу декъана. "Ахмат" СОБР, "Ахмат-Грозный" ОМОН, "Ахмат-Крепость" ОМОН – иштта цIераш лелор ю хIинца дуьйна оцу дакъоша. "ВКонтактерчу" шен агIонехь Кадыров Рамзана дIахьедарца, керла цIераш техкина царна Оьрсийчоьнан Къоман гвардин эскарийн Федералан урхаллан омраца. Цо бахарехь, оцу дакъойн цIе хийцаро "йоккха стимул лур ю эскархошна кхин дIа а гIуллакхдан".

Маршо Радионо яздира, Нохчийчохь КадыровгIеран доьзалан культ яржош хиларх. Веллачу президентан, карарчу хенахь мехкан урхалхо волчун ден цIарах ю республикехь кеп-кепара объекташ, шайлахь географин гIишлош а – Ахмат-юрт, Соьлжа-ГIалара Ахматовский кIошт, шахьарара аэропорт, Нохчийн пачхьалкхан университет. Кадыров Ахьмадан цIарах ю, "Новая газето" церан ларми чохь дукха нах байина аьлла, Iораяьккхинчу Росгвардин полк а.

  • Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто керла санкцеш кхайкхийра Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал адамашна тIехь Iазап латторна а, кхел а янза, адамаш дайъарна а, кхин йолу а адамийн бакъонаш талхорна а. Санкцеш хьакхаелла цуьнан зудчух Кадырова Меднех а, церан шина йоIах Iайшатах а, Каринех а (Хадижат).
  • 2020-чу шеран ГIуран-беттан юьххьехь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа адамийн бакъонаш талхочу Нохчийчоьнан куьйгалхошца доьзна "Магнитскийн санкцийн глобал-тептара" язйира футболан "Ахмат" клуб а, латархойн "Ахмат" клуб а, Кадыровн Ахьмадан цIарх йолу фонд а.
  • Зазадоккху-беттан 30-чохь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн арахьарчу гIуллакхийн урхалло йоккха артикл арахецнера Оьрсийчохь 2020-чу шарахь адамийн бакъонаш мел талхийна хоуьйтуш. Нохчийчоь 48-зза хаьхийнера документехь, ткъа Кадыров Рамзан – 14-зза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG