ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КадыровгIеран цIарах рогIера маьждиг схьадиллина Соьлжа-гIалахь


Соьлжа-ГIаларчу Байсангуран кIоштарчу Алиханов Джамлайн юьртахь (хьалха Гикалон цIарах хилла.-Редакцин билгалдаккхар.) маьждиг схьадиллина мехкан урхаллехь волчу Кадыров Рамзанан дедеден Iабдул-Къедиран цIарах, яздо меттигерчу хаамийн гIирсашкахь

2400 стаг чухоьа маьждиг схьадоьллучохь хилла республикан урхалхо Кадыров Рамзан а.

Соьлжа-ГIалара маьждиг ду Кадыровн ден цIарах, Устрада-гIалахь – ненан цIарах, КадыровгIеран эвлахь деден цIарах, Серноводскехь – девешин цIарах.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун вешин цIарах ю хьафизийн школа. 2021-чу шеран Дечкен -баттахь Кадыров Рамзанан цIарах маьждиг дан бух боьттира.

  • Нохчийчохь 346 урам бу, КадыровгIеран доьзалан декъашхойн сий деш цIераш техкина. Уьш схьабевллачу ярташна улле мел а гIоьрта а алсам бу оцу ярташкахь церан цIарах урамаш яздора "Би-би-си-н Оьрсийн сервисо" бинчу талламца.
  • Нохчийчоьнан президент лаьттинчун цIе лелош бу республикехь 300 урам Соьлжа-ГIалара коьрта майда, паркаш, Нохчийн пачхьалкхан университет, школаш, гимназеш, берийн бошмаш, "Нохчийчоьнан дог" юккъера маьждиг, Росгвардин полк. Карладоккху, Чиллан-баттахь оцу Росгвардин ларми чохь дуккха а нах байъина хиларх хааме даьккхира "Новая газетано".
  • Президент лаьттинчун цIе тиллира иза винчу Хоси-юьртана – Ахмат-Юрт аьлла.
  • Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Соьлжа-ГIаларчу дуьненаюкъарчу аэропортана а тиллира Кадыров Ахьмад винчу дийнахь арахецначу омраца цуьнан цIе.
  • Цул совнах, Кадыров Ахьмадан цIе лелош ю махкара футболан а, латархойн а клубаш а, иштта Кадыров Ахьмадан цIарах фонд а ю. Стохка ГIуран-баттахь дуьйна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло хIоттийначу санкцийн тептарехь ю уьш. Кадыровн портретех дуьзна ду Соьлжа-ГIалин урамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG