Оьрсийчуьра араволуш кадыровхо дIалацар, нохчочунна депорт йаран кхерам, Закаевн вешин кIант лачкъор, Хорватехь нохчийн мухIажар маьршаваккхар, "Яндекс.Таксина" дуьхьала Нохчийчохь йина рейдаш - цу дерригенах а, кхиндолчух а "Маршо" радион шийтталгIачу подкастехь дуьйцур ду.
Подкастана лайк хIоттайе, тхо дIадуьйлало.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
Пачхьалкхера араволуш дIалаьцна кадыровхо
Омскан махкахь, Казахстанца долчу дозанехь, стигалкъекъа-беттан 20-хь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Нохчийчуьрчу декъан белхалоша дIалецира 19 шо долу Халидов Ясин. Хьалхо низамхойн урхаллера болх бита дагадеана хиллера цунна. Амма куьйгалло цуьнан лаам къобал а ца бина, цунна терроризман артиклаца бехктакхаман гIуллакх долор ду бохуш, кхерамаш тийсинера.
Халидовх дийцар зорбанедаьккхира "Новая газета-Европа" гIирсан журналисто Милашина Еленас. Цо бахарехь, полисхо шайна "муьтIахь цахилар" шеконе а эцна, цуьнан хиллачу белхан накъосташа лаьцна латтош хилла иза. Ша царех кIелхьара ваьлча, цо гIо дехна хIинцалерчу Iедална оппозицехь болчу 1ADAT боламан жигархошка.
"Новая газета - Европа" гIирсо дийцарехь, Халидовна Оьрсийчуьра араволуш гIо дийр ду аьлла дош деллера цара, нагахь санна, кхо кадыровхойх лаьцна хаамаш шайга схьакхачор белахь. Амма 1ADAT боламо иза дозанал дехьа а валале гIарадаьккхира полисхочух долу дийцар. Хье ца луш, кадыровхоша Халидов лаца кхайкхийра, ткъа шаьш цуьнан доьзал болчу хIусаме баханера.
Масех сохьтехь къайлахчу сервисийн белхалоша барт хаьттинчул тIаьхьа талламхошка дIавеллера ву. Цара, Омскерчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллехь витна иза. Хетарехь, и даймахка йухаверзон тарло. Нохчийчуьра ницкъахой цунна тIаьхьабаьхкина хиларна, цуьнан дахарна хIоьттина боккха кхерам бу, аьлла хета бакъонашларйархошна а, адвокатна а. Дозанехь дIалаьцна, дIавигначул тIаьхьа цунах хууш кхин хIумма дац.
17 шо долуш Халидов Нохчийчуьра Шелан кIоштарчу полицин декъехь болх бина ву, цул тIаьхьа иза дехьавелира транспортан ОМОНе. Болх бечу йукъанна цо уьйр латтийра Нохчийчуьра МВД-н экстремизмаца къийсам дIахьочу центраца. 2022-чу шеран, гезгмашин-баттахь дуьйна иза Украинина дуьхьалчу тIамехь дакъалоцуш вара.
Кавказ. Реалии сайтаца хиллачу къамелехь 1ADAT боламан куьйгалхочо Янгулбаев ИбрехIима даредира, Халидовс шайга гIо дехар бакъ хиларна. Цара иза цкъа хьалха чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин могIарера белхало санна тIелаьцнера. Амма тIаьхьо республикехь харц бехктакхаман гIуллакхаш долорехь цо дакъалаьцна аьлла шеко хилира церан.
1ADATехь болучарна хийтира, цунах дозанал арахьа кадыровхойн агент хила мега аьлла. Янгулбаевс бахарехь, цу бахьанца цунна эвакуаци йеш цара гIо ца лецира.
Мукаевна хIоьттина Оьрсийчу дIаваларан кхерам
Стигалкъекъа-беттан 25 -хь Эрмалойчуьра кхело луьстур ду Оьрсийчу дIавала кечвинчу нохчочун Мукаев Салманан гIуллакх - 202I-чу шеран дечкен-баттахь, стагаца уьйрашкахь хилла аьлла, шеконе лацар бахьанехь, ницкъахоша гIело йинера цунна. Мукаевна гIаттийна бехктакхаман гIуллакх ду, бакъонза хIусамехь герз латторна аьлла - низамца и ца догIуш хета бакъонашларйархошна.
"СК SOS"кризисан-тобанан векало Мирошникова Александрас Кавказ. Реалии корреспондентана дийцира, Мукаев шина шарахь кризисан хIусамехь Iаш хиларах, амма Орсийчоьно лехамашка велла хиларна, Эрмалойчуьра Iедало Европе ваха ца магадо цунна аьлла. Нагахь санна, нохчочунна экстрадици йеш сацам хилахь, адамийн бакъонаш ларйечу Европан кхеле латкъамбан чулур бу адвокато, элира бакъонашларйархочо.
"Салманан хьокъехь бина сацам цунна пайдехьа хир бу аьлла, цхьа гIаддайна дегайовхо йитина кхело. ХIунда аьлча, кхелахочо тидам тIебахийтира Салманан гIуллакхна а, йерриг Къилбаседа Кавказехь лаьттачу хьоланна а. Амма Салман даймахка йухаверзийча, иза вен тарло, йа харц бехктакхаман гIуллакхехула набахте хьажо мега. Цундела, муьлхха а хьал хIоттахь а, иза Оьрсийчу дIа ца валийта тхайга далург дийр ду оха. Амма Эрмалойчоьнан кхело цунна экстрадици йеш сацам бахь а, оцу сохьта йийр йац иза. Оха Европан адамийн бакъонехула йолчу кхеле арз дийр ду. Адам махкахдаккхар сацон аьтто бу оцу кхелан. ТIаккха Салман Оьрсийчу ца кхачийта дерриг дийр ду оха", - элира Мирошниковас.
Цхьаьнакхетараллехь болучара билгалдаьккхира, Мукаев божаршца уьйр йолуш цахилар, иза ЛГБТ-нахаца воьзна а вац аьлла. ДIалаьцначу цунна ток йиттира, таIзарш дира, пакетаца садукъдеш, гIело йира, боху бакъонашларйархоша. Iазапе лаьцначу жимчу стага ца ваьллачу денна ша цалелийнарш а цхьаьна шена тIелецира.
Мукаевс шена динчу таIзарийн ларраш тоьшаллина кечйира: цуьнан цIаза пIелгаш тIехь чкъор дацара, коьртан кIеда агIо лазийна йара, хьен туьута йистина йара. Мукаевс хиллачух дIахьедар дира Талламан комитете. Амма "Новая газета" гIирсо ма-аллара, цу хиламна гIуллакх ца долийра.
Нохчийчохь дIалаьцна латтош ву Закаевн вешин кIант
Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министран Закаев Ахьмадан вешин кIант Закаев Хьусейн Нохчийчохь ницкъахоша лаьцна латтош ву. Иза дIавигна стигалкъекъа-беттан 19-чохь шен вешица Бесланца, ткъа ваша маьршаваьккхина цуьнан.
Закаевн вешин бераш лецаран официалан бахьана дуьйцуш дац. "Цхьана спортан гIишло чохь" латтийнера уьш кхечу лечкъийначу бахархошца, церан телефонаш чу а хьийсинера, билгалдоккху ресурсаца къамел динчо. Хьусейн кхин дIа а стенна латтош ву, хIинца стенгахь ву а, хууш дац.
Шен вешин кIентий дIабигар хьалхо бакъдира Закаев Ахьмада а – шена а, Кадыровн рожана резабоцчарна а бина бекхам бу иза элира цо, амма билггал уьш дIабигаран бахьанаш цунна а хууш дацара.
Хьалхо Кавказ.Реалии сайтан хьосто дийцира, Хьалха-МартантIера, ЗакаевгIар бехачу цIеношна улло масех полисхойн "уазик" машен йарах. Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина чуйогIучу Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин лерринчу 2-чу полкан белхахой хиллера уьш. Цхьахволу ваша цIера дIавигира, шолгIаниг телефон тоьхча, ша тIеваханера.
2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Кадыров Рамзана Украинерчу тIамехь болчу нохчашка Закаев Ахьмад ве аьлла, кхайкхамбира. И динчунна маршо а лур йу, токхе дахар а латтор ду ша элира цо.
КъурIан дагорах гIуллакх Нохчийчу дIаделлa
Маьждигна уллохь КъурIан дагийначу волгоградхочун Журавель Никитин кхел Нохчийчохь хир йу. Нагахь цуьнан бехк тIечIагIбахь, 19 шо долу Журавель шена тоьхна хан йоккхуш, циггахь вуьсур ву. И дIахьедар дира, шинарин дийнахь Нохчийчуьра къоман политикин министро Дудаев Ахьмада. Хьалхо цунах терра дIахьедар дира Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра.
Журавель Никита Делах тешачийн синхаамашна тIекхевдина. Цунна кхаа шаре кхаччалц хан тохарна кхерам бу.
Оршот-дийнахь Волгоградерчу кхелехь иза дIалецира - товбецан-беттан 20-гIа кхаччалц латтор волуш. ЛадогIаршкахь, билгалдаьккхина ма-хиллара, цо бусулбанашка шена гечдар дийхира, ша динарг "чIогIа вуон хIума" хиларна даредира. Талламхоша дийцарехь, Журавель Никитас бусалбанийн йеза книга Волгоградерчу маьждигна уллохь йагийна. Украинера кхерамзаллин урхаллин белхахоша де аьлла дайтина шега иза олуш цуьнан дешнаш ду далош. Цул совнах, Журавель Никитас дийцина боху, ша тIеман гIишлойн видеош йохуш хиларах а. Къамел билггал стенах ду, гIуллакх муьлхачу бух тIехь кечдина ду, дуьйцуш дац.
Соьлжа-гIалара митинг стигалкъекъа-беттан 23-хь хIоьттира, зорбанан ЦIенна уллорчу майданахь - республикехь иштта реакци йира Волгоградерчу инцидентана. Бaрамашка схьагулбинера студенташ а, бюджетникаш а. Кавказ. Реалии редакцига цу хиламах хаамаш бира гIалин масех вахархочо. Iедало дIахьедира, гуламехь 60 эзар стаг вара аьлла - цу терахьан мах кхечара ца хадийра.
"Делах тешачийн синхаамаш сийсазбар" Оьрсийчохь мехах леладойтурш украинхойн а, малхбузехьара леррина урхаллаш йу, аьлла дIахьедира гуламехь вистхиллачу Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада. Ша аьллачунна тоьшаллина хIумма а цо ца далийра.
Гулбеллачаьргахь Кадыровн суьрташца кечдина аннаш дара. Царна тIехь гуш дара "Дезачу йозанна тIе куьйгаш ма кхехьа", "Сан дин - сан дахар", иштта кхин а, кхин а.
Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къамелехь цхьана университетан студенто а, пачхьалкхан хьукматийн белхалоша а дийцира, митинге дахка шаьш декхарийлахь хиларах. Изза омра махкарчу школашкахь а деллера - хIора организацера шийттана тIера ткъе веанна тIекхаччалц адам Соьлжа-гIала даийта аьлла. Хьехархошка бинчу хаамийн скриншоташ Кавказ. Реалии редакцехь йу.
ДIалийцинчу нохчийн мухIажарех цхьаъ маьршаваьккхина Хорватин кхело
Депортацин Ježevo куьпахь 2022-чу шеран лахьанан-баттахь дуьйна экстремизмана бехкебина кхечу нохчашца латтош хилла Нохчийчуьра мухIажар маьршаваьккхина Хорватерчу кхело. Бакъоларйаран органийн ницкъ ца кхечира иза бехкехиларх тоьшаллаш далон, хаамбина Кавказ.Реалии сайте "Европера нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас.
"Уьш лаьцчхьана кхозлагIа кхел йара хIара. Суьдхо кхетамца хьаьжира оцу гIуллакхе, цуьнан йист йаьккхира цо. МухIажаро билгалдаьккхира, экстремистийн структурашца шен уьйраш хиларх тоьшаллаш дац, цул совнах, "ЦIечу жIаран" волонтер а хиллера иза", - дуьйцу Дадуевс.
Прокуратурано йуха а йуьйцура шайн шеконаш, амма кхелахочо сацамбира мухIажар маьршавоккхуш. Карарчу хенахь Германерчу шен гергарчу нахана тIеваха дагахь ву иза.
ТIедогIучу деношкахь кхелаш хир йолуш йу кхечу Хорватихь лецначу нохчийн а, тIетуьйхира Дадуевс. Цаьрга ла а доьгIна, динан экстремисташца шайн гIуллакх цахиларх церан тIечIагIдан аьтто бер бу аьлла, тешна ву иза.
Оханан-баттахь Нохчийчуьра мухIажарша, шаьш депортацин куьпахь кхин дIа а сецорна дуьхьал мацалла кхайкхийра. 2022-чу шеран гурахь дуьйна бара уьш цигахь латтош. Нохчаша дIахаийтира, куьпан белхалоша шайна ницкъбарх, шайца шогалла лелорах. Итт де даьллачул тIаьхьа шайн могушалла эша йоьлча, тIехь терго латточу Хорватин структурийн шайца бала а ца кхаьчча, йукъахйаьккхира цара мацалла.
"Яндекс Таксин" дуьхьал Нохчийчохь рейдаш дIайахьар
Нохчийчохь йолчу Оьрсийчоьнан "Яндекс" таксин компанин тарифаш шаьш йолчул кхузза йазйелла. Нохчийн оппозицин жигархоша бахарехь, иза доьзна ду меттигерчу кхечу таксин компанешна дуьхьал кадыровхоша йинчу "рейдашца".
Низаман урхаллийн белхалоша могIарерчу бахархойн духарца кечлой, такси кхойкху. Йуха и таксхо 20 эзар сом гIуда такха олий, хьовзаво, бохуш дуьйцу Niyso телеграм-каналан хьосташа. Нагахь гIуда дIа ца лахь, цуьнгара машен дIайоккхур йу олий, кхерам тосу. И тайпа хIумнаш "Яндекс", "Максим" компанешца болх бечарна бен лелош дац, боху оппозицехь болчара.
Кавказ. Реалии редакцин дехарца церан тарифаш зен хьаьжира Соьлжа-гIалин масех вахархо. Стигалкъекъа-беттан 22-чу дийнан Iуьйрана "Яндекс" таксин" тарифаш кхоъ-ах лакхайаьхна йара, аьлла хаийтира цара , "Максим" компанера тарифаш "дукха хьала ца йевллера". Цу компанин такси кхайкхар хала хиларна арздира къамелахоша.
"Яндексан" агIо лоцучара журналисташна цу хьолах комментарий ца йира - и хаттар деш телефон тоха бакъо компанин клиент волчун бен йац аьлла.
Соьлжа-гIалахь болх беш ву масех меттигера оператор, царех уггаре йоккхачу компанех лоруш йу - "Грозненское такси" олург. "Ирс Групп" фирмашна йуккъейогIуш йу и. Зазадоккху-беттан 1-хь дуьйна Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоIа Кадырова Табарика схьайиллина йу и.
"Ирс Групп" цхьаьнакхетараллин капиталах бIе гергга процент цуьнан карахь йу. 20I5-чу шеран гIуран-баттахь "Грозненское такси" схьайоьллуче веара Кадыров Рамзан. Сюжетехь гуш дара, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга транспортана оьшуш, "цо эца мел аьлларг" йерриге эцна шаьш олуш.
2018-чу шеран гIуран-баттахь меттигерчу Iедалхоша оьрсийн операторийн таксхошна бечу цу кепарчу тIеIаткъамех дIахьедира оппозиционеро Абдурахманов Тумсос. 2020-чу шеран стигалкъекъа-баттахь ковидна дуьхьалчу барамашкахь республикерчу оперативан штабо болх бар дихкира "Миг", "Грозненское такси" йоцучарна массарна а. Цунах дерг дуьйцуш шен инстаграмехь хаамбира мехкан транспортан министраллин куьйгалхочо, Кадыров Рамзанан невцо Черхигов Рамзана. Оцу компанешна бен болх бан хIунда ца магийнера, цо билгал ца даьккхира.
Аша ладуьйгIира "Маршо" радион шийтталгIачу подкасте. Оха дийцира Нохчийчохь кIиранчохь хиллачу ладамечу хиламех.
Диц ма ло тхуна лайкаш хIиттон, дита кхузахь шайн йозанаш - цу кеппара алсамбевр бу тхан ладогIархой.
Йазло Маршо Радион подкасте: