ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн Эрдогане вистхилар "кхеталун" хIума ду аьлла хета Кремлехь


Песков Дмитрий
Песков Дмитрий

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Туркойчоьнан политикна критика яр муха тIеоьцу Кремлехь аьлла хаьттича, жоп делла Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс. Песковна хетарехь, шина тIамах ваьллачу Оьрсийчоьнан субъектан куьйгалхочо оцу кепара йина реакци "кхеталуш" ду, яздо ТАСС агенталло.

"Террорхоша питана а дина, террорхоша болийна хилла масех тIом лайначу оьрсийн регионан куьйгалхочун хIара Iаткъаме реакци, амма атта кхеталур йолуш ю, ", - аьлла Песковс.

Дипломатин каналашкахула Москвано Хонкарех дIатоьхна туркойн гIалахь паркана Дудаев Джохаран цIе тилларна шаьш реза ца хилар аьлла, тIетоьхна цо.

1991-1996-чу шерашкахь Нохчийчоьнан Ичкери Республикан куьйгаллехь вара авиацин инарла-майор Дудаев Джохар.
Нохчийчохь хьалхара тIом боьдучу, 1996-чу шеран Охан-баттахь вийра Дудаев Оьрсийчоьнан ракетано.

  • Хьалхо Туркойчоьнан Iедалш а, президент Эрдоган Реджеп а бехкедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "бандиташна а, боьха хIуманашна а" тховкIело яларна. Хетарехь, иштта хьахийна цо оцу пачхьалкхе дIабахна нохчийн оппозиционераш. Оьрсийчоьнан регионан куьйгалхочо дуьхьал бекхам бийр бу аьлла, кхерамаш тесна, иштта Туркойчохь Ичкерин хьалхарчу президентана Дудаев ДжовхIарна хIоллам хIотторна а.
  • Истанбулан полицин терроризмца къийсам латточу урхалло а, Туркойчоьнан Халкъан талламийн хьукмато а, шаьш махка арахьара чувеъна ялх стаг лаьцна, уьш шпионаш хила тарло, хаам баржийнера ГIадужу-беттан 9-чохь. Герз а, патармаш а даьхна цаьргара, лаххара а цхьаьнгахь карийна Оьрсийчоьнан паспорт. Ткъа куьйгалла деш хилла оцу талорхойн пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама а, Forbes журналан оьрсийн версин коьрта редактор хилла Хлебников Пол вийна аьлла хетачу Дукузов Казбека а.
  • Нохчийчохь хьалхара тIом боьдучу хенахь республикан урхаллехь вара Дудаев ДжовхIар, Москвана дуьхьал бечу тIемашкахь дакъалоцуш вара Кадыров Рамзан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG