ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн фактор: пропагандист хилларг Нохчийчоьнан Iилманийн Академин куьйгалле стенна хIоттийна


Умаров Джамбулат а, Кадыров Рамзан
Умаров Джамбулат а, Кадыров Рамзан

Къайлаха кхаьжнаш тесна керла президент хаьржина шена Нохчийчуьрчу Iилманийн Академино: ву иза, вице-премьер, зорбанан министр лаьттина Умаров Джамбулат. Кадыров Рамзанан дешнашца, дуккха а шерашкахь "тIетаьIIина Оьрсийчоьнан мостагIаша Нохчийчоьнна йеш йолу информацин атака юхатухуш" хилла ву Умаров. Билггал стенна тIехь гIараваьлла ву керла хIоьттина академин урхалхо, говзанчаша муха хадабо цуьнан дIахIотторан мах, дуьйцу Кавказ.Реалиино.

Шен политикан карьера йолийна Умаровс 2005-чу шарахь, Нохчийчоьнан президентан а, министрийн кабинетан а арахьарчу зIенийн департаментан информацин-аналитикан декъан куьйгалхочун гIовс хIуттуш. 17 шарахь цуьнан аьтто хилла мехкан парламентан куьйгалхочун гIовсан болх бан а, депутат хила а, къоман политикан комитетан урхалхо хила а, регионан куьйгалхочун администрацин урхалхочун хьалхара гIовс латта а, вице-премьеран даржехь хила а.

Делахь а, гIаравалар нисделира цуьнан, 2015-чу шарера 2020-чу шаре кхаччалц ша болх бинчу зорбанан министран даржехь. Оцу пхеа шерачохь политик дагахьлаьтта меттигерчу хьаькамашкахьа гIо дохуш хиларца, церан хатI доцуш дIахьедаршна тIехула, массарна а хезаш, бевзаш болу нах сийсазбарца а, кхечу пачхьалкхашка тIамца чугIорта кхерамш тийсарца а.

"ХIора тIемалочунна шен сил а Iожалла дукха езар йолу" бIеннашкахь эскар Мьянме хьажо кхерамаш тесира

Масала, 2017-чу шарахь зорбанан министр хиларе терра, жоп дала дийзира цуьнан республикехь ЛГБТ+К-н векалшна тIаьхьабовларх лаьцна "Новая газето" дийцинчул тIаьхьа. ХIетахь гучуделира, Нохчийчохь ориентаци бахьана долуш йолийна ницкъбаран а, лецаран а кампани хиларх. Газетан информацица, лецнарш латтош хиллера къайлахчу набахтешкахь, тIехь ницкъ а беш. Умаровс аьлла ду, Нохчийчохь гейш бац, ткъа зорбане баьхна талламаш – "беккъа аьшпаш бу".

"Сайн дайшкара схьа дуьйна ламахо, нохчо волчу ас, нохчочо Умаров Джамбулата дIа боху: Нохчийчохь гейш бац, йа хилла а бац. Генетикехь а хила йиш йоцург ду и. ЦIарца бегаш бан мегар дац", - аьлла, дерзийра цо.

Оццу шарахь Умаров вистхилира Нохчийчохь йоьдучу митингехь, Мьянмера бусулбанашна тIаьхьабийлар емалдеш. Политико кхерам тесира "хIора тIемалочунна шен сил а Iожалла дукха езар йолу" бIеннашкхаь эскар цига хьажо.

Ши шо даьллачул тIаьхьа, Умаров махкахь дика вовза воьлча, цхьацца нахаца девне вийла волавелира иза: масала, ММА-н латархо Макгрегор Конор "эпатаже клоун" ву элира массарна а хезаш, ткъа Оьрсийчоьнехьа волу блогер, дизайнер Лебедев Артемий "яьсса хIума" ю. Иштта реакци йинера цо, тIаьххьарчо нахана хьалха дIа а хIиттош, гечдарш дехийтар магийта йиш йоцург ду аьлла, дIахьедича: вице-премьеран даржехь волчу Умаровна дагадеара и "исбаьхьа практика" йоллу Оьрсийчухула яржон еза аьлла. Цо штта дIахьедира, нохчийн телеканалехь гечдарш доьхуьйту рубрика схьаелла еза, "социалан машанашкахь паника яржочу зуламхошца къийсам латтон аьлла. ТIаьхьо Умаровс шен дешнаш забар яра элира, бакъду, дохкобийларх лаьцна сюжеташ кест-кеста гучуюьйлу меттигерчу телехьожийлехь.

Нохчийн депутаташкахьа гIо даха а, цара аьлларг дIадойъуш, шардеш, тIаьхье вон ерзарна кхоьруш болх бан а дийзира Умаровн. Масала 2019-чу шарахь "Единая Россия" партин цIарах депутат волчу Ханбиев Мохьмада элира, оьрсийн инарлаш а, эпсарш а ца беза шена, элира ша "Ичкерин воI" ву аьлла. Йоккха гIовгIа гIаттийра цуьнан аларо, ткъа зорбанан министран дийзира Ханбиев кIелхьараваьккхина ца Iаш, къобалъязчу республикех аьллачух а цхьаьна жоп дала.

"Муьлххачу нохчочо шуна тIечIагIдийр ду, "тIемало" а, "гIазакхи" а тIом болчу заманчохь меттигерчу бахархошшна дукха хьолахь цхьа маьIна долуш хетара аьлла. Ткъа "Ичкери" боху дош, вай юьйцург Къилбаседа Кавказехь 90-чу шерашкахь хилла сепаратистийн раж яцахь, бух болуш хIума дац. Нохчийчоь йа цуьнан къилба-малхбалера дакъа алар санна ду. Ханбиев Мохьмада харцдерг ца аьлла. Массо а нохчий санна, иза а баккъал а волу Ичкерин кIант ву", - дерзийра шен къамел Умаровс, "хIума дарста ма де" аьлла юкъаралле кхайкхам а беш.

Нохчийн пропагандин коьрта рупор хиллера Умаровх министран даржехь волчу хенахь, делахь а, вице-премьеран гIента хаийначул тIаьхьа нахана юкъавийлар цхьа наггахь бен ца нислора цуьнан. ТIаьхьара цо динчу дIахьедаршлахь ду Украинерчу тIамна тIетар. Политико дIахьедира, нохчийн тIемалой "Даймехкан а, Динан а дуьхьа бала хьаьгна бу" аьлла.

Нохчийчохь Умаров вовзуьйту яздархо санна а: дукха хан йоццуш, "Новые горизонты" марафонехь, Оьрсийчоьнан дешархошна Кадыровс хьийхира цуьнан книгаш ешар. Умаровн книгаш хIора стага еша езаш ю, ткъа кху заманарчу кегийрхошна чIогIа интересе хир ю уьш аьлла, дIахьедира цо.

Нохчийчоьнах лаьцначу документалан арахецарийн автор ву Умаров: "Фактор КРА: Противостояние", "Фактор КРА: Грозный", "Фактор КРА: Милосердие" а, "Фактор КРА: Антитеррор". КРА боху аббревиатура Кадыров Рамзан Ахматович бохург ду. Умаровн Iалашо ю Нохчийчоьнан куьйгалхочо динчу гIуллакхех лаьцна кхин а цхьа жайна арахеца, цуьнан цIе хир ю "Фактор КРА: Созидание". 2019-чу шарахь "мехкан халкъан яздархо" аьлла цIе елира Умаровна.

Мотт хьекхаран академи

Белхахоша къайлах кхаьжнаш а тесна, сацамбина Умаров Нохчийчуьрчу Iилманийн Академин президент хIоттон. Умаровс баркалла аьлла Кадыровна: "Нохчийчоьнан куьйгалхочо, сан хьомсарчу ВАШАС Кадыров Рамзана хьалха а теттина, Нохчийчоьнан Iилманийн Академин президент хаьржина со. Дела реза хуьлийла хьуна, лараме Паччахь, баркалла тешарна!", - ду яздина академин сайтехь.

Делахь а, Кавказ.Реалиин хьосто дийцира, Умаров хIоттор шайна дагахьдоцург дара: цуьнан кандидатура тIечIагIйинера академин белхахошца дага а ца бовлуш, къайлах аьлла.

Академин куьйгаллехь оьшуш йолу Iилманан авторитет яц Умаровн, аьлла хета юкъараллин-политикан "Барт" организацин куьйгалхочунна, историкана Сулейманов Джамбулатана.

"Умаров пропагандист ву. Пропагандистан ораторан говзалла хилар Iилма хилар дац, Iилманца цхьана а кепара доьзна дац и. Кхиаме менеджер санна, Iилманах кхетам болуш, суна хаарехь, Умаровс ша гайтина вац. Iилманийн Академин коьрте стаг хIотто кхин бахьанаш дан а дац. МозгIаре хьаьжжина хуьлу килс а!", - элира Сулеймановс Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.

Бельгехь веха историк А.Муслим а тIетайра, официалан Соьлжа-ГIалано Iилма политикаца иэдеш ду, цунах Iедалан гIирс а беш бохучунна.

"Суна хетарехь, республикерчу Iилманан юкъараллина боккха сингаттам бу иза. Пропаганда ечу гIуллакхе хIоттор ю академи, и вайна гуш ду академин ютуб-канала тIехь, Украинана дуьхьал йинчу агрессина тIетовш, цигахь зорбане йохучу роликашца. Гуш ду, иза хIотторо кIезиг пайда бохьур бу нохчийн къомана Iилма кхиорехь, талламашна а, къоначу Iилманчашна а гIо дарехь. Республикехь къизалла латтош берш хестош, царна мотт хьоькхуш рогIера орган а, гIирс а беш бу академих", - аьлла хета историкна.

***

  • Кху деношкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо регионерчу кхерамзаллин Кхеташонан секретарь хIоттийра полицин инарла-майор, "Ахмат" лерринчу декъан хьалханча Алаудинов Апти. Кадыровс Аптих "хьомсара ВАША" элира, цо Украинерчу тIамехь дакъалацар билгал а доккхуш – цуьнан куьйгкIел шайх лаамхой олурш а, къобалъязчу ЛНР-н милицин шолгIачу корпусан ницкъаш а бара. Британино а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а санкцеш яьхначу нехан тептарехь ву инарла-майор Алаудинов Апти. Нохчийчуьра ЛГБТ-н декъашхошна тIаьхьаваьлла леларна бехке лору иза.
  • Оццу дийнахь хаааме даьккхира, санкцеш дуьхьалъяьхначу Оьрсийчоьнан бахархойх а, компанех а лаьтта керла санкцийн тептар Евроберто зорбане даккхарх. Цу тIехь ву Оьрсийчоьнан парламентан депутат Делимханов Адам а, цуьнан вежарий а. Документа тIехь билгалдаьккхина ду, нохчийн эскарш Донбассехь дIатардарх жоп луш хилла ву депутат, куьйгалла дина цо Мариуполь йоккхуш а, "тIом болабелчхьана цо дакъалаьцна теракташ кечдеш а" аьлла. Нохчийчуьрчу Росгвардин урхаллехь волчу цуьнан вашас Делимханов Шарипа "кхерам туьйсу Украинан дозанна", ткъа Делимханов Алибек – Къилбаседа-Кавказан гонашкарчу къоман гвардин эскарийн куьйгалхочун гIовс волу- жоьпаллехь вара Киевн кIоштахь а, Донбассехь а долчу Оьрсийчоьнан эскарех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG