ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн критик эккхийта гIортарх гIуллакх толлуш ду Австрехь


Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна критика еш хиларца гоьваьллачу блогерна Магомадов Сайд-Хьусейнна кху шеран Марсхьокху-баттахь тIелата гIортар толлур ду Австрин бакъоларъяран органаша. Венерчу прокуратурано тIечIагIдина, таллам беш хиларх, яздо "Кавказский узел" интернет-ресурсо, меттигерчу зорбанашна тIетевжина.

Магомадовс дийцарехь, кIело кечъеш хилла аьлла хетачех цхьаъ лаьцнера Венехь. Ткъа блогер вен гIиртинера Брегенцехь.

"Цара (полисхоша.-Редакцин билгалдаккхар.) элира соьга, оцу стагана тIаьхьадевлла лелаш дара шаьш масех баттахь, цуьнан хIора даше ла а доьгIуш. Царна къаьстинера, со вен дагахь машенна буха бомба йилла Iалашо хиларх цуьнан", - дийцина Магомадовс Австрин журналисташка.

Магамадовс дагадоуьйту, Австрехь Кадыровна критика еш хилла кхин блогер Умаров Мамихан (Венера Анзор) верна бехкеболчийн цIераш стохка ша Iораяхар. Цул тIаьхьа Нохчийчохь бехачу цуьнан гергарчу нахана кхерамаш тийсинера.

"Нагахь санна, ас гечдар ца дехахь, диъ шо долчу сан вешин йоьIан логах урс тосур ду шаьш бохуш, кхерамаш тисийнера цара", - дIахьедина Магомадовс Der Standard хаамийн гIирсана.

КъинтIера баха блогер реза ца хилча, Нохчийчохь бехачу цуьнан цIийнах болчу наха видео дIаязйира, Магомадовна неIалт кхайкхош. Ролика тIехь рогI-рогIана иза сийсазвеш, республикан Iедалхой аьшнашбар сацаде боху цуьнга.

Кавказ.Реалиин хьосташа хаам барехь, Магомадовна кIело йина аьлла, хета нах лецира Мангал-баттахь. Царех цхьаъ – Нохчийчоьнан вахархо ву. Оцу хенахь официалехь тIечIагIйина яцара и информаци.

2020-чу шарахь пачхьалкхал арахьа вийра Кадыров Рамзанан политикан ши оппонент – Австрехь веха Умаров Мамихан а (Венера Анзор), Францехь вехаш хилла блогер Алиев Iимран (Мансур Старый) а. Цул совнах, Швецехь тIелатар дира нохчийн оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона.

Стохка Товбеца-баттахь Европехь вехачу блогеран Мализаев Минкаилан вашас гечдар дийхира, шен гергарчу стага массарна а хезаш Кадыров аьшнашварна. Нохчийчоьнан Iедалхойх лаьцна иштта негативе къамелаш ден политикан мухIжар Умаров Мамихан Венехь вийначул тIаьхьа дIаязйира цо шен видео.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG