ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн "шпионийн маша" хIаллакхилар. Туркойчохь лецначарна яккхий хенаш етта кхерам бу


Стамбулерчу кхелан гIишлона хьалха туркойн полици
Стамбулерчу кхелан гIишлона хьалха туркойн полици

Пачхьалкхехь бехачу нохчийн оппозиционерашна Туркойчохь тIелетарш кечдарх гIуллакх кхеле кхачийна. Бехкебечарна мел а яккхий хенаш тохар доьху прокуратуро. Кавказ.Реалиин материалехь – ма-дарра дуьйцу оцу гIуллакхах лаьцна.

2021-чу шеран ГIадужу-баттахь Туркойчуьрчу Къоман иччархойн организацино а, Стамбулерчу терроризмаца къийсам латточу урхалло а юкъахь дIаяьхьначу лерринчу операцехь лецира шпионаж лелорна а, Туркойчоьнан дозана тIехь бехачу нохчийн оппозицин жигархошна дуьхьал герзашца гIуллакхаш кечдарна а бехкебина кхечу мехкийн ялх вахархо.

Кхелан сацамца, шекойолу – Оьрсийчоьнан бахархой, Нохчийчуьра Абдулаев Iабдулла а, Ахмедов Равшан а, Расаев Беслан а, Абдулмуслимов Асланбек а, иштта Украинера Еврим Игорь а, Узбекистанера Юсупов Амир а – 2021-чу шеран ГIадужу беттан 20-чохь лаьцна, чохь битира. Абдулаевн цIийнах хьовсучу заманчохь дIаяьккхира, лазеран Iалашо лоцуш, тата ца долуьйту гIирс тIехь болу, лицензи йоцу тапча.

Таллам бечу юкъанна иштта къаьстира, дахначу шеран Зазадокху-баттахь Антальехь лаьцначу Докуев Хьамзата а, Кимаев Бадруддис а юкъарлонаш лелош хиллийла Расаев Бесланца, нохчийн диаспоран векалех лаьцна цуьнга информаци а кхачош – иштта, туркойн зорбанаша "шпионийн скандал" аьллачу гIуллакхна юкъахь хилира бархI стаг.

2022-чу шеран Чиллан-баттахь Стамбулерчу Коьртачу прокуратуро а, терроризмаца къийсам латточу Урхалло а дерзийра талламбар. Политикан йа тIеман шпионаж, бакъо йоцуш герз латтор, официалан документаш тардар - царна дьухьал даьхначу бехкийн дехачу тептарехь охьаяздинчех кхо пункт бен яц хIорш. Бехкебечарна 17 шарера 33 шаре кхаччалц чохь яккха хенаш ехна прокуратуро

Инструкцешца а догIуш

25 агIонех лаьттачу бехкбилларан актехь билгалдоккху, бехкевечех цхьаъ – Расаев Беслан – инструкцешца лелаш хилла аьлла. Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу, мехкан куьйгалхочун Кадыровн Рамзанан гергарчу стагера Делимханов Адамера кхочуш хилла цуьнга уьш, иштта криминалан атворитет волчу, нах байъарна бехкевина, дуьненаюкъарчу лехамашкахь волчу Дукузов Казбекера а.

Кадыровна гергарчу Делимхановх а, Дукузовх а шеконаш ю, дозанал а арахьа бехачу нохчийн диссиденташна дуьхьал лелийначу даккхийчу зуламашна бехке ву аьлла. 2004-чу шарахь Москва гIалин юккъехь Американ журналист Хлебников Пол а, Венехь 2020-чу шарахь нохчийн диссидент Умаров Мамихан верна а, иштта гуьржийн журналистна Габуния Георгийна тIелатарна а бехкелоруш ву Дукузов. Делимханов бехкелору, нохчийн хилла командир Ямадаев Сулима а, Кадыровн хадархо лаьттина, Нохчийчоьнан Iедалхошна критика еш хиларца гIараваьлла Исраилов Iумар а вен тIехьехарна.

Нохчийохь Кадыровн Iедал ду, Путин бахьана долуш, аьлла хета, Туркойчоьнна чугIертар а къайлаха Оьрсийчоьнан пурбанца дара аьлла

Дийцарехь, Делимхановн а, Дукузовн а тIедилларца вовшахтоьхначу тобано, коьртехь Расаев а волуш, бизнес лелайо а бохуш, шпионалла лелош хилла, оппозицин хьежамаш болчу Туркойчуьрчу нохчийн диаспоран векалшна тIехь терго а латтош, аьлла ду талламан материалашкахь. Билгалдоккху, таIзаре хIиттийначара масийттаза нехан дахаран къайле йохош хилла, уьш байъа Iалашонца, царех лаьцна информаци а, документаш а вовшахдетташ хилла аьлла.

Бехкбуьллучу кехаташ тIехь иштта хаамбо, туркойн къайлахчу сервисийн терго тIеозийна хиларх, стохка Марсхьокху-баттахь нохчийн диаспоран векалша Кадыровн ницкъахойх лаьцна хаамаш вовшашка кхачон Iалашонца кхоьллинчу Security Turkey телеграм-канало. 2021-чу шеран Гезгамашин-баттахь Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь цу каналан цхьахволчу модераторо хаамбира, Стамбулехь вехачу нохчийн оппозицин блогерна Халитов Хьасанна тIелатар кечдеш хиларх.

Цул тIаьхьа оцу сохьта, Туркойчохь хиллачу лецарех даьржича, амма церан цIераш а яхале, Халитов Хьасана дIахьедира, лаьцначех Беслан цIе йолчу цхьамма ахча лур ду аьлла хиллера, шех лаьцна хаамаш бахь, иштта ша вен дагахь а хиллера иза аьлла. "Цуьнан цIе Беслан ю, шолгIа цIе – Изнаур", - дIахьедира Халитовс.

"Расаев суна вевзара Туркойчу а вале хьалха дуьйна, Габуния Георгийна тIелатар дан гIортарна, Гуьржийчохь лаьцна волчу Боков Васанбека вовзийтинера иза суна. Цхьа хан яьлча со Стамбуле схьавеанчул тIаьхьа, сан лерех кхийтира, Расаев со лоьхуш ву аьлла. Ишта хаийтира, соьга претензеш йолчу Дукузовца иза гуттар а зIенехь ву аьлла", - дийцира Халитовс Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь.

Блогеро бахарехь, тоталан контроль тIехь латтошшехь, "кадыровхойн зуламаш бендолу" нах бу Нохчийчохь, цара схьахоуьйту, сигналаш ло – йа соьга сайгга, йа цхьангахула.

Халитовс иштта тIетуьйхира, зорбан гIирсашкахь боцу, шен хьасташкара хаамаш бу шегахь оцу "шпионийн скандалах" лаьцна аьлла.

"Делимхановца динчу къамелийн скриншоташ хиллера Расаевс латтош, и скриншоташ туркойн талламан каракхаьчна, цу шинна юкъахь зIе хиларан цхьахдолу тоьшалла ду иза. Карарчу хенахь Кадыров а, цуьнан го а чIогIа реза бац Расаевна а, цо операци кIелйитарна а", - чIагIдо Халитовс.

"Оьрсийчоьнан гIора эшар хаало Анкарана"

Туркойн къайлахчу сервисаша дIахаийтира лецарх а, церан Кадыровн гонаца уьйраш хиларх, зорбан гIирсаша дIакхайкхийра "шпионийн скандалех", ткъа прокуроро йийхира мел а яккхий хенаш, туркойн Sabah газето гIуллакхан материалашна тIетевжина, "оьрсийн оперативникаш" аьллачу нахана. Хетара, тIаьххьарчу заманчохь Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а юкъаметтигаш дIанисъелла, цара жигаралла лелайо экономикехь а, политикехь а. ХIун ду хийцаделларг, оцу кепара истори Анкарас гIара стенна яьккхина, хIинццалц кхечу кепара политика лелийнехь а?

Москвана чIогIа бIегIийла ду, "нохчийн оппозицин а, Кадыровн а къийсам" бен бац иза аьлла, сурт хIоттон

"ХIара шпионийн скандал ма-дарра аьлча, чIогIа коьрта истори ю. Нагахь санна, 2000-чу шерашкахь Туркойчоьно Оьрсийчоьнца жимаха партнер санна ша гайтинехь а, хIинца Анкарана ша мел а бIобулуш хета политикехь а, геополитикехь а, дипломатехь а, диллина дIагойту, ша толар. ГIовгIане Оьрсийчоьнан бахархой лецар, царна яккхий хенаш хьехар – оцу дерригено а гойту, Анкарана хаалуш хилар Оьрсийчоьнан гIора эшар, Кавказца йоьзначу йоллу процессашна мониторинг йийр ю", - аьлла хета нохчийн политологна Кутаев Русланна.

Анкаран лелар тида догIу Туркойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхашна Москва юкъагIортарна дуьхьалояр санна, хета туркойн аналитикна Ахиядов Мохьмадна.

"Дукха хан йоццуш Туркойчоьно айдира ГIирмех хаттар. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн векало Захаров Марияс дIахьедира, нагахь санна, Анкарас кхин дIа а оцу хаттарна "мIараш тийсахь", Оьрсийчоьно айдан тарло Туркойчоьнан курдойн хаттар. Иштта билгалдаккха догIу, дукха хан йоццуш курдойн Демократин союзан партин (ПДС) векалш Москвахь тIелецира, арахьарчу гIуллакхийн министр санна. Оцу кепара Анкараца Москван провокацин леларш лерича, кхета аттох ду, тIаьххьарчу шпионийн кризисан хенахь Туркойчоь тIегIоьртинчу политикех", - аьлла къамел динчо Кавказ.Реалиига.

Ахиядовна хетарехь, Кадыровн администрацина а, цуьнан нохчийн дуьхьалончийн а къийсамаш хилла ца Iа уьш. Ма-дарра аьлча, тешна ву аналитик, кхузахь дуккха а кхин аспекташ а ю, Туркойчоьнан а, Оьрсийчоьнан а шина агIор йолу юкъаметтигаш а, ГIирмина гонахара хьал а.

"Куьзганан кеп йолу барамаш" йа "политикан сирхат"

Туркойчохь нохчий лецарх хаамашкахь дийца даьккхинчул тIаьхьа, "курдойн карта" ловзо велира Кадыров Рамзан а. Мехкан куьйгалхочунна ца тайра, Нохчийчоь Оьрсийчоьнан декъара яла луучу боламан лидеран Дудаев Джохаран цIарах туркойн Корфез гIалахь парк схьеллар, цо кхерам тесира "куьзган кепехь барамаш" тIеэца – Курдистанан Белхан партин (Туркойчохь террорхойн лерина) лидерна, велла дIаваллалц чохь яккха хан тоьхначу Оджалан Iабдуллина, Соьлжа-ГIалахь хIоллам хIоттор бу аьлла, кхерам тесира цо.

"Кадыровн агIор нийса дац Оджалан а, Дудаев а цхьана маьIнехь вийца. Хьалхарниг – террорхо ву, цуьнан бехкана Туркойчохь 40 эзар стаг велла. ШолгIаниг – шен даймехкан суверенитет къийсина, къомо гIо лаьцна лидер ву. Кадыров Рамзан, Оьрсийчоьнна юкъайогIучу мехкан официалехь урхалхо ву. Шен ден тIаьхье ю иза. Путин бахьана долуш Нохчийчохь Iедал ду Кадыровн, Туркойчоьнна Кадыровн чугIортар а - Оьрсийчоь къайлах тIетарца дара", - аьлла хета Стамбулерчу Коджаэли университетан къаьмнийн юкъаметтигийн декъан куьйгалхочунна, профессорна Ирфан Кайа Ульгерна.

"Шпионийн скандалах" лаьцна Кремлан официалан реакци ю – Захарова Марияс дина дIахьедар: "Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло терго латтош ю Оьрсийчоьнан паспорташца болу нах Туркойчохь лецарх хьолана тIехь".

"И агенташ Оьрсийчоьнца боьзна бу бохург Кремло тIе ца дитина, йа дуьтур а дац. Духе хьаьжча, шайна нохчашна юкъара конфликт санна го хIара. Москвана чIогIа бIегIийла ду, "нохчийн оппозицин а, Кадыровн а къийсам" бен бац иза аьлла, сурт хIоттон", - дуьйцу аналитико Ахиядов Мохьмада.

Цхьана минотана суо кхерамзаллехь ца хета суна, хIунда аьлча, Кадыровн шен долахь дуккха а "пехотинцаш" хиларна

Кавказ.Реалиица къамел динчунна хетарехь, Оьрсийчоьнан агентура Туркойчохь лаьцначул тIаьхьа Оьрсийчоьнан агIоно дIоггара бехкам бийр бу аьлла, ца хета. Мел дукха а Кремле далун дерг -ПДС-н делегаци Москвахь юха а тIелаьцна, оцу кепаца Анкарана "политикан сирхат" йолла.

"Кадыровх дерг аьлча, цо Оджалана Нохчийчохь хIоллам хIоттор бу бохуш, "кхерам тийсахь" а, иза ша а ца теша цунах. Цул совнах, хIара хиламаш хиллалц Кадыровна Оджалан мила ву хууш хилла аьлча, шеконаш ю сан. Кремлан хьехарца, Туркойчоьнна тоха гIерташ санна, сурт хIутту. Ма-дарра аьлча, цуьнан карах кхин козарш ян а яц. ХIетте а, даим а ша хестийначу Туьркойчоьнгахьа стенна йина Кадыровс иштта чIогIа гIулч? Бахьана, ма-дарра аьлча, кIезиг ду. Кадыровс дегабаам бина Туркойчоьнна, аьлча а, туркойн администрацина", - аьлла хета Ахиядовна.

Анкаран шийлачу юкъаметтигаша ойла йойту Кадыровга, Туркойчоь нохчийн диссиденташкахьа ю аьлла, тIетуьйхира цо.

"Бусулбачийн дуьненахь Эрдоганан авторитетах хууш волу Кадыров, еххачу заманчохь гIиртира цуьнца уллора юкъаметтигаш дIатаса. Амма, Кадыровс "Оджаланан картех" пайдаэцначул тIаьхьа, уьйраш дIанисъян цхьана а агIор таро йисина яц цуьнан. ХIунда аьлча, Эрдоганна Оджалан - цIен сиз ду", - дIахьедина къамел динчо.

Ахиядовс билгалдоккху: оьрсийн агенташ бу бохучу нахана туркойн прокуратуро шога таIзар де бахаро тоьшалла до, Анкаран а, Кремлан а юкъаметтигийн тIегIанан.

"Туркойн къайлахчу сервисаша а, иччархойн урхалло а чIарх аьлла болх бина, зуламхой лецарх а, цхьана минотана а суо кхерамзаллехь ца хета суна, хIунда аьлча, Кадыровн шен долахь дуккха а "пехотинцаш" хиларна. Дуккха а ахча а ду цуьнан", - боху Халитов Хьасана.

Цунна хетарехь, шен режимна дуьхьалболчарна Кадыров цкъа а тIаьхьара вер вац

"Иза дийна мел ву, йа цуьнгара Iедал дIадаккхалц, цо дуьтур дац тхо. Цундела, тхайн ницкъ мел бу тхаьш Iалашдан деза оха, цхьаьна а кхетта, вовшашка кхаьчна информаци а йоькъуш, юкъараллин тидам тIе а озош, иштта бен дуьхьало латталур яц тхоьга Кадыровн Iазапен механизмана", - дерзийра къамел оппозицин блогеро.

Расаевн тоба лаьцначул тIаьхьа маса Туркойчоьнан Iедалхоша пачхьалкхан хадархой хIиттийра нохчийн диаспоран лидершна.

***

  • Австрин Герасдорф гIалахь 2020-чу шеран аьхка герз тоьхна вийра нохчийн блогер Умаров Мамихан.
  • Францерчу Лилль гIалахь 2020-чу шеран Чиллан-баттахь велла карийра нохчо Алиев Iимран, Мансур Старый цIарца вевзаш хилла.
  • 2029-чу шарахь Берлинехь вийра Масхадов Асланан а, Басаев Шемалан а бIанакъост Хангошвили Зеламха.
  • Венехь герз туьйхира 2009-чу шеран Дечкен-баттахь Кадыровн хиллачу хадархочунна Исраилов Iумарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG