ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыровн леларан кеп". Бакъоларъярхочо Игорь Каляпина дуьйцу Нохчийчохь нах хьийзорах а, лечкъорах а


Игорь Каляпин, архивера сурт
Игорь Каляпин, архивера сурт

Бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран нана, Мусаева Зарема, Лахара Новгородера Нохчийчу бертаза кадыровхоша дIайигина 11 де даьлла. Хулиганаллин шина эпизодехь бехкейина иза Соьлжа-ГIаларчу спецприемник чу йоьллина, инсулинах йоьзна, диабет цамгаран бала хьоьгуш йоллушехь. Мусаева муьлхачу хьолехь ю, билггал хууш дац – оцу доллу деношкахь цунна тIе ца витина адвокат, хьашт вац аьлла, цо кехатна куьгъяздина, боху.

ХIара интервью зорбане яккха кечъечу заманчохь къаьстира, Нохчийчохь Мусаевана дуьхьал Iедалан векална ницкъбина аьлла, бехкзуламан гIуллакх даьккхина хиларх. Оцу бехкана Iедалан къепан агIор 10 шо гергга хан кхачайо набахтехь яккха. Иштта бехктакхаман гIуллакх диллина Мусаеван кIентан хьокъехь а – Янгулбаев ИбрехIим бехкевина террор дан кхайкхамаш барна.

Цкъачунна цхьана а кепара реакци яц федералан Iедалхошкора, и гIуллакх лелочу бакъонашларъярхошна тIеIаткъам бо нохчийн Iедалхоша. Царна тIаьхьа бевлла лела, уьш бехкебо терроризмна, ткъа "Iазапашна дуьхьалояран Комитет" кхоьллинчу Игорь Каляпинан къена нана ехачу цIенна тIе бевзаш боцчу наха "даймохк боьхкина" бохуш, плакаташ диттира.

Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Каляпин Игоря дийцира, шена тIеберзарх хетачух а, Мусаева Заремица лаьтта хьал хIун дича хийцалур дара а, мила ву Кадыров Рамзан сацон ницкъберг а.

– Хьо арахьара агент ву, ахь террорхой Iалашбо бохуш, 84 шо долу хьан нана ехачу цIийнан чувоьдучохь плакаташца хилла истори муха тIеоьцу ахь?

– ТIеIаткъам бан гIортар ду аьлла хета суна иза. Юридикан агIор, политикан йа идеологин битамца хулиганалла лелорду иза. Цундела кега-мерса хулиганалла дац иза, бехктакхаман гIуллакхца таIзар дан тарлург ду. Низамо иштта боху. Ас ала догIу, хIара тайпаниг дуьххьара хуьлуш дац. Масех шо хьалха сан гIовс йолчу Садовская Ольгин петара хьалха а гучудевлира иштта йозанаш. Ткъан хIинца сан нанна уьш лето сацамбина, со цигахь вехаш ву аьлла, дIаязвина хиларна дина хила там бу иза. Йа со ца карийнехь а, йа ца хIиттинехь а, хIунда аьлча, со вехачу меттигехь тидамза иза дан хало хир дара – и сийдоцу нах бахьанехь бакъонел а тIехвала тарлора со.

– Хьуна хIун аьлла хета, кхераме сигнал ю иза хьуна, йа цхьа вониг дан лаам хилар ду?

– ХIаъ, оцу нахана лууш хилла, со а, оцу ситуацех кхерабелла сан гергарнаш а стенгахь бехаш бу шайна хаьий гайта. Ткъа со цунах шек ца ваьлла – массарна а хууш ду, со волу меттиге кхочийла дуй а, со цкъа а цхьаннах а лечкъаш лелла воцийла а. Сан дуккха а бу хьагI йолу нах, царех цхьаберш таро йолуш бу – церан аьтто бу цхьа хулиганаш, зуламхой лаца бекхам бан, цхьацца хенахь соьца а, сан белхан накъосташца а Iитталуш ду цхьацца хIума. ХIаъ, ца тов суна, сан дахарна юкъагIерташ а, сан гергарчарна кхерамаш туьйсуш а. И дика дац, и маьттаза ду, амма вайна гуш ма ду, иза хIинцалерачу нохчийн Iедалан юьхь-сибат ду, нохчийн хилла а ца Iа, хазахеташ цунна тIетов регионалан бакъоларъяран органаш а.

– Хьалхо Мусаева Заремин адвокаташ юха а цунна тIе спецприемнике ца битинчул тIаьхьа, цо шена адвокат оьшуш вац, дуьхьал ю курхаллаца доьзначу гIуллакхна тIехула теш санна ша Соьлжа-ГIала ялийначу талламан барамашкахь дакъалаца а аьлла, яздина кехат схьаделла. Мел тоьшийла ду оцу дуьхьалонах?

- Иза классикан жанр ю. И фортель ю, оцу низамехь доцчух кест-кеста пайдаоьцу федералан таIзар кхочушдаран урхаллин (ФСИН) белхахоша. Оьрсийчоьнан набахтен системехь белхаш бечу бакъонашларъярхошна дукха дика хаьа цунах лаьцна. Стагана йиттинехь, иза гайта йиш яц адвокатна, йа и стаг кагван ницкъ ца кхаьчна, адвокатца цхьанакхетча гIарадаккха йиш йоцу цхьаъ дIадийца лууш велахь а, оцу кепара барам лелош бу. Оцу стаге кехатна куьйгъяздойту адвокат оьшуш вац олий, тIаккха и филькин кехат гучудоккху. Дера иза догIуш ма дац йа дуьненаюкъарчу а, йа оьрсийн а низамашца. Нагахь санна, адвокат оьшуш вац бахахь, цо и дIахаийта деза адвокат чохь а волуш, иза тешош, цо шен лаамехь бохуш хиларх.

– Стохка ГIуран-баттахь Нохчийчохь дуккха а нах дIалехьош йолийначу операцин тIаьхье яра Мусаева Зарема лачкъор. Цхьаболчу эксперташа мехкан урхалхочун "истерика" ю иза боху. Хьуна хIун аьлла хета?

- Кадыров тIекхача йиш йоцчу нахана тIеIаткъамбаран кеп ю иза, иза гуттар а хилла ду, селхана долийна, йа ГIуран-баттахь, йа пхи шо хьалха долийна дац. Кадыров Iедале веанчу 2008-чу шарахь дуьйна схьадохьуш хIума ду. Хьалха Нохчийчоьнан дозана тIехь бен деш ца хиллехь а, хIинца цул а ара бевлла, Оьрсийчоьнел тIех а бевлла.

– Цхьана вайн къамелехь ахь элир-кх, Нохчийчоь – "Iаламатийн территори" ю, цигахь хIуъа а хила тарло аьлла. Федералан Iедалхошкара а, ницкъахошкара а реакци цахиларна Кадыров Рамзанан пурбанца лелош ду олий хета. ХIунда мега цунна?

- И хаттар соьга дала ца догIу, и цунна магийначуьнга хатта деза.

– Мусаева Заремица хIинца хуьлуш дерг – нах лечкъоран тIаьххьара барам а, прессинг а ю республикехь, йа кхин а доьхна хьал хIотта тарло?

"Инарлин прокурорах а, цуьнан талламах а вешаш вац Кадыров, ткъа инарлин прокурор билггал цунах кхоьруш ву

– Цуьнан шеко яц, кхин а эрчо хила тарло. ХIара режимаш, Кадыровниг санна, цхьана меттехь лаьтташ ца хуьлу. ХIокху харцонна цхьана а хIуманца хIоттийна регламент яц. Тахана иштта ду, ткъа "иштта" хилар цхьана а низамашкахь, кодексашкахь дIаяздина цахиларна, кхана хIара хийцадала хьесап ду кхин тIе а чIагIдаларца, йа лахдаларехь. Цкъачунна меллаша, амма даьржаш ду хIара. Гуттар а иштта хуьлуш ду: шайна хеттарг дIахIиттош йолу режимаш цхьана меттахь лаьтташ хуьлуш яц – харцо лелоран тIегIа эскпансина тIегIерташ ю. Иза юккъе а дерзийна, иза сацош, лахдеш, хIаллакдеш, цунна тIехь болх беш арахьара ницкъаш бацахь (ткъа хIинца иштта ницкъаш банне а бац) даьржаш дIагIур долуш ду иза. Суна бахьанаш ца го, стенна даьржар дацара иза.

– Мусаева Зарема церан карара яккхархьама хIун барамаш бу аш лелош?

- "Iазапашна дуьхьалояран Комитетах" лаьцна ахь хеттахь, цуьнан белхахошка хаттар гIоле ду – со дIаваьлла оцу организацера ГIадужу-баттахь дуьйна. Цхьацца цакхетамаш буьйлира суна а, коллегашна а юкъахь, организацино хIун дан деза, стенна тIехь акцент ян еза бохучунна тIехула. Суна хаарехь, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" дийнна адвокатийн бригада ю Нохчийчу хьажийна. Халахеташ делахь а, кехаташ а яздеш, низамашна тIетуьйжу юристаш бу уьш, - и дерриге а Нохчийчохь чIогIа ледара болх беш ду.

Адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан декъашхо суо хиларе терра, оцу ситуацина президентан Путин Владимиран тидам тIеозон хьийза со, хIунда аьлча, хIокху лаьттта тIехь Кадыровгара бехк баккха иза меттавалон, иза юхаозон верг и цхьаъ бен вац.

Йа инарлин прокурор [Игорь Краснов]​, йа чоьхьарчу гIуллакхийн министр [​Владимир Колокольцев] цхьана а агIор йиш йолуш вац Кадыровна тIеIаткъамбан. Цундела СПЧ-н куьйгалхочо [Валерий Фадеев] инарлин прокуроран цIарах бина кхайкхам, суна хетарехь, пайден бацара, хIунда аьлча, ма-дарра дийцича, Кадыров вешаш вац инарлин прокурорах а, цуьнан талламах а, ткъа инарлин прокурор Кадыровх кхоьруш ву, суна хаарца. Цундела оцу ситуацина президент юкъаозон гIерта тхо. Формалехь а доцуш, оцу хьолана юкъавалийна ву иза, лаьар-кх цо массарна а гуш цхьаъ дойла, ша кхиош верг шен метта цо охьахаавойла.

***

Мича хьолехь ю, бой цунна тIеIаткъам хууш дац, бакъ йолу, йозуш йоцу информаци Мусаевах лаьцна яц. Иза дийна хиларх гучудаьккхина тоьшаллаш ду – ши видео. Хьалхарчунна тIехь, ша Нохчийчу дIакхачийначул тIаьхьа цо боху, шена тIехь ницкъ ца бина, ткъа шолгIачу видео тIехь спецприемникехь маьнги тIехь хиина ю иза, коьрта йовлакх туьллуш гойту, амма йист ца хуьлу.

Мусаева маьршаякхха аьлла, тIедожийна Евроберто а, иштта Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблейно а. Нохчийчохь Iедалхоша иттаннашкахь лечкъочу, лоьцучу нахах баьржинчу хаамашна шаьш саготта хиларх дIахьедира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG