ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кечбина эскархой а, дуьхьалонан герз а: Украине хIун дуьхьал даккхалур ду Оьрсийчоьнан армина


Украина -- "Джавелин" карахьлело танканашна туху ракетийн копмплексца тIеман Iаморашкахь дакъалоцуш ву Украинин эскархо
Украина -- "Джавелин" карахьлело танканашна туху ракетийн копмплексца тIеман Iаморашкахь дакъалоцуш ву Украинин эскархо

Йозуш йоцучу Conflict Intelligence Team тобано а, цхьа могIа украинахойн политикаша а, шайна юкъахь президент Зеленский Владимир а волуш чIагIдо, Украинин дозанашкахула а, аннекси йинчу ГIирмехь а Москвано тIеоьзна бохуш 100 эзар салти. Украинин тIеман министраллан коьртачу талламан урхаллин векало Скибицкий Вадима делла мелла нийса ду аьлла терахь – 106 эзар салти а, эпсар а. И дакъош Оьрсийчоьнан армин диллина эскар а, техника а ю. Оцу ницкъашна дуьхьал латталур юй украинахойн арми, къастийра Баранюк Юрийс, яздо "Настоящее время" телеканало.

ДIадахначу 8 шарахь Украинин арми ма-дарра долчу маьӀнехь юхакхоьллина. Тахана иза цхьа а юкъаметтиг йолуш яц ГIирма дIалацале а, мехкан малхбалехь конфликт эккхале а хиллачу структурица. Доккхачу декъана иза хилла малхбузера пачхьалкхаш бахьана долуш: Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Канада а, Британи а, Польша а, Балтин пачхьалкхаш а. Цара гIо дира шина кепара: эскаран герз хийцира, эскархой Iама бира.

"Таханлерчу денна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Британин а, Канадин а миссеш бахьана долуш, украинахойн эскархой шозза-кхузза чекхбевлла тIеман говзалла краерзоран а, иза эвсаре яккхаран а юьззинчу барамерчу курсашна, - дуьйцу тIеман эксперто Грабский Сергейс. – Иза доладелира батальонийн тIегIантIера, ткъа хIинца дIадоьрзуш ду динна бригадаша тIеман Iамораш дIадахьарца, юкъаозийна вуно керла технологеш а, керла герзаш а долуш: уьш ю артиллерин талламан комплексаш а, радиоэлектронан таллам а, радиоэлектронан къийсам а, тIехь пилот воцу кеманаш а (БПЛА – беспилотный летательный аппарат)".

Цул сов, НАТО-но авиаталламан жамIаш довзуьйту Украинина. И бахьана долуш, Украинин тIеман ницкъашна гуш ду шайн пачхьалкхан дазанал арахьа хуьлург. Мониторинг яран кIоргалла ю 400 километр. Украинин тIеман министраллан коьртачу талламан урхаллин векало Скибицкий Вадима бинчу хаамца, карарчу хенахь Оьрсийчоьно 106 эзар салти тIеозийна Украинина герга. Цуьнца цхьаьна бертахоша герз луш ду украинахойн армина. Цхьа де хьалха рогIера мохь кхаьчна хIаваэхула Британера. Уьш ю гIалийн урамашкахь тIемаш беш лело танканашна туху яйн гранатометаш.

"Иза вуно эвсара гIо ду, – аьлла хета тIеман экспертана Жданов Олегна. – ХIунда? Дера ду иза коьртачу декъана дайн герз хиларна, дуьхь-дуьхьал лаьташ тIом беш лелош долу. Со эскархо хиларе терра эр ду ас, тIеман кхоллам бозуш хуьлу дуьхь-духьал а хIиттина бечу тIамехь. Дагабоуьйтур вай хьалхара Нохчийчуьра тIом: Оьрсийчоьнан арми хIунда ийшира? Нохчийн шайн лаамехь вовшахкхеттачу тIемалойн тобанаша Оьрсийчоьнан ТIеман ницкъаш бохийра дуьхь-духьал хIиттина боьлхучу тIемашкахь".

ТIаьхьарчу шерашкахь Украинин арсеналехь гучудевллачу оцу а, кхечу а герзаша аьтто ца бо тIелатаран кампани дIаяхьар хьокъехь ойла ян. Уьш дуьхьало яран гIирсаш бу. Деза а, вуно нийса кхеташ а герз ду иза, амма украинахойн дозанашна тIеозийна ду, мах бийцича, дораха герз, дуьйцу Грабский Сергейс: "Уггар механа еза элемент – изза 100 зар доллар доккху "Джавелин" вай схьаэцча – иза юстийла дац танкаца. Экономистийн маттаца аьлча, "Джавелинах" пайда эцаран эвсаралла иттаннашкахь алсам ю танках пайда эцча йолчу эвсараллал а".

Лаьтта тIехь санна кхиамаш хилийта аьтто цабаьлла хIаваэхь. ТIеман эксперта Грабский Сергейс ларарехь, Украинин тIеман авиациледара хила мега ур-аттал Беларусин авиацел а. Оьрсийчоь ца йийцичи а. Оьрсийчохь пилотийн алсам ду кхузаманахьлера кеманаш, цара дакъалаьцна Шемарчу кампанехь.

Амма, цуьнца цхьаьна, тхоьца къамел динчу тIеман эксперташ дийцарехь, Шемахь яцара, хIаваэхула тIелатар юхатоха кеманашна дуьхьал ракеташ тоха аьтто болу (ПВО – противовоздушная оборона) Украинин армехь лаьтташ йолчаьрца юста мегар долу системаш: "Шемахь полигонехь долчу хьелашкахь лелаш бу Оьрсийчоьнан пилоташ, цигахь ПВО системаш яц. Цара цкъа а бомбанаш цатоьхна, баккъалла а йолу ПВО болх беш а йолуш, - дуьйцу Жданов Олега. – Дагаяийта Туркойчоьнца хилла инцидент: ПВО системаша вуно сиха реаци йира – [Оьрсийчоьна] кема чудаийтира масех секунда ялале".

Шен коллего бохучунна тIотов Грабский Сергей: "Бакъду, хьажа а еш, бомба кхоссалур ю, амма дIоггара дика яцахь а, дуьхьал масех тIегIа долу ПВО болх беш ялахь, иза дан атта дац, иза кхераме хуьлу оцу кеманна урхалла дечу пилотийн дахарна".

Уггар корталозуьйту хаттар ду флотаца доьзнарг. Украино барт бина Туркойчоьнца йиъ корвет яйта, тIехь ракетийн герзаш а долуш. Амма царах хьалхара хIордан кема дина дера дац 2023-чу шарахь а бен. Карарчу хенахь Украинин бердаш лардеш ю "москитийн флот": коьртачу декъана бердашна ха дон катерш. Цу гIирсашца дуьхьал латталойла дац Оьрсийчоьнан Iаьржачу хIордан флотана. Вукха агIор, оьрсийн даккхийн хIордан кеманаш, кIаьсттина хIорда бухулалела кеманех пайда эца вуно хала хир ду украинахойн хӀордан йистошкахула, хиш кIорга цахиларна. ТIеман аналитикаш цхьатерра ойла йолуш бу: украинахошна оцу бессара коьрта дац Iаьржачу хIорданна Iуналла дар, Украинин ТIеман-хIордан ницкъашна хIинца коьрта дерг ду бердашна Iуналла дар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG