Оьрсийчоьнан Талламан комитето видео арахецна Туркойчоьнан кемано шайн Су-24 тIеман кема чудаийтинчу меттигера. 2015-чу шарахь туркойн тIеман хIаваан ницкъаша чудаийтира шайн доза дохийна Оьрсийчоьнан бомбанаш туху кема.
Оьрсийчоьнан векалша чIагIдо, шайн кема Шеман территорина тIехула дохийна бохуш. ХIинца Талламан комитето иза охьадоьжначу меттигехь яьккхина видео дIанисйина YouTube-чу шайн каналехь.
Цу тIехь гуш бу кема охьадоьжначу меттиге бIаьргтухуш болу Оьрсийчуьра талламхой а, ткъа иштта даьгначу кеманан дуккха а дакъош а.
Хьалхо аьлла ма хиллара, Су-24 чудаийтинера туркойн F-16 кемано. Цунна урхалла деш хилла кеманхо Пешков Олег чуэккха кхиийнера, амма иза хIаваэхь вийра Шемарчу тIемалоша, лаьттара хьалха герзаш диттина.
КемантIера чуиккхина штурман Мурахтин Константин кIелхьарваккха аьтто белира оьрсийн гIашсалтийн. Царна гIо деш бара Шеман лерринчу тIеман декъан эскархой.
Мурахтин кIелхьарваккхаран операци дIахьош вийра хӀордан гӀашсалти Позынич Александр.