ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Успанов: "Коррупци эшалур яра лиъча..."


Къилбаседа Кавказехь кхаьънаш оьцучийн терахь 12 процент лакхадаьлла хилар Iорадаьккхина регионерчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан куьйгалхочо Бачурин Сергейс.

Юккъерчу барамехь массо а тIегIанехь лучу а, оьцучу кхоан барам -500 эзар сом бу. И терахьаш кху шеран хьалхарчу баттахь дерш ду.

Регионехь коррупци яьржина хиларх-м бахархой дIабоьлла. ДIа ког баккха йиш яц, хьо цхьа бизнес хIума лелош велахь-м хIетте а, хьаькамана кепек ца кховдош. ТIаьхьарчу хенахь-м церан шайн мах тIехь болу прейскурант хуьлу.

Коррупци эвхьазаяларан бахьанаш, юкъараллехь дийцаредарехь, хьаькамаш таIзарх кхоьруш цахилар ду.

Амма массо а ца Iа корта охьа а таIийна, оцу харцонца къовса а ца луш. Юкъаралхо Успанов Юни ву царах цхьаъ. Цунна нийса ца хета, миллионаш а, итт туьма эцнарш а цхьана тIегIанан зуламаш хетар. Уьш къеста а деш, дийца дезара полицин урхалло бохуш, дийцира цо Маршо Радиога.

Успанов: "Хьаькамийн болх белахь, цигахь миллионаш долларш а, еврош а хир ду. Ткъа, гаишникашна луш дерг 10 туьма ду. Ткъа, цхьаъ ма даций иза. Цундела, хIоранна шен-шен тIегIанехь дийца деза иза. Кхечу агIор дийцар нийса ца хета суна".

МогIарера бахархой, дела денна тIеIотталучу зуламех ду, Iедалан лаххарчу тIегIанехь кхаьънаш эцар. Иза, масала, го некъаца воьдуш-вогIучунна.

Цхьана махкара вукха махка воьдуш, вовшашца тIом бечу шина пачхьалкхан доза хадош санна литтарех чекхавала веза.

Оцу меттехь чIогIа яьржина ю коррупци аьлла, кхин дIа а дуьйцу Успанов Юнис.

Успанов: "Тахана кху регионехь дIахIиттина посташ ю. Сочехь Олимпиадана эцна яра рентгенаш. ХIинца иза чекхаяьлла, цундела дан хIума доцуш лаьттачул а аьлла, кхузахь дIахIиттийна. Шайна кепек яккха хIиттийна а".

Некъаца машенашлелорхошкара кепекаш йохучаьрца, шен аьтто болччу агIор къийсам латтош ву Успанов Юни. ХIоразза а, некъаца гучу харцонан видео йоккху цо.

Успанов: "Со цаьрца тIом беш ву. Машенийн рагI юккъехула полицин белхахо воцу стаг лела, салам а луш, оцу куьйга ахча схьа а оьцуш. Кхечу мехкашкара схьа а балабой, болх бан дIахIиттабо полисхой. Боккха бала бу кхузахь коррупцица боьзна".

Юкъаралхочунна Успанов Юнина хетарехь, коррупци цхьана дийнахь дIаяьккхалур яра, амма, иза Iедалан массо а тIегIанах чIогIа дIайоьлла хиларо, кхерам хIоттабо йоллу пачхьалкхана а.

Успанов: "И коррупци цхьана дийнахь дIаяьккхалур яра. Иза дIаяьккхахь, Iедалехь карчам хир бу боху цара. Цхьаммо кхаъ ца эцча, лакхахь дIадала хир дац, тIаккха цигара кхиъ лакха дIадала хир дац. Iедалан система цуьнах хIоттийна ю".

Ткъа, хан мел йолу иза лакхадалар бен кхин хIума хуьлуш а дац. Масала, 4 шо хьалха Къилбаседа Кавказехь иштта сурт дара: 1600 коррупцица доьзна зуламаш гучудевллера.

ХIетахь Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира омра дира, коррупцица тIом чIагIбе аьлла.

Схьахетарехь, даржхой нийса кхетта хир бац цуьнах, хIунда аьлча, коррупцин терахь 12-зза лакхдаьлла.

XS
SM
MD
LG