ТIекхочийла долу линкаш

Дуккхаза а хийцина Курмакаевс паспорташ, цIерш, фамилеш, пачхьалкхаш, гIаланаш. Амма сацийна иза Киевехь шен хIусамда Осмаев Адам вен воьлча нохчийн лоьро-эскархочо Окуева Аминас. Киевехь.

Украинан юкъараллан жигархошна Осмаев Адамна а, Окуева Аминина а Киевехь герзаца тIелеттарг нохчо Денисултанов-Курмакаев Артур («Динго») ву, хаамбо Еспресо.TV.

Кадыров ларвечу тобанехь болх а бина, ведда Исраилов Iумар вийра Венехь 2009-чу шарахь. Цу деношкахь гучуелира Курмакаевн цIе. Иза масийттазза цхаьнакхетта хиллера цигахь Исраиловца.

Амма дукхаханялале полицино кехаташ дац аьлла, лаьцна чуьвоьллира Курмакаев. ХIетахь ша левечу талламчашка цо дийцинера Нохчийчохь хIоттийна тептар ду, тIехь вен кхачийна Кадыров Рамзанан 300 мостагI а волуш, аьлла.

Оцу нахах 50 Австрехь веха, бохура хIетахь Курмакаевс. Ша а веана Кадыровн лаам кхочушбан, аьллера хиллера цо талламчашка.

Гарехь, иза Курмакаевс дийцинчух тера дара, ша Австрин Iедалша цу махкахь витаре сатуьйсуш.

Амма Австрин Iедалшна ца карийначух тера дара Курмакаевна тховкъело яла бахьана. Цундела иза махкахваьккхира Евробертан территори тIевалар а дихкина. Иза дIахьажо мегар долу меттиг яра цхьа Оьрсийчоь. Цундела Австрин департацин сервисо иза дIахьажийра Москох.

2009-чу шарахь Чиллан-баттахь Курмакаевс Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь харцдира ша дийцина бохург. Цу хенахь иза Оьрсийчохь вара.

Курмакаев: "Цигахь яздинчух ас Далла хьалха а, нахана хьалха а нисса дIа эр ду хьоьга. Цкъа а, цхьана а структурашкахь ас болх бина а бац, цкъа а цхьана а дас со цхьана а метте хIара де, важа де аьлла вахийтина а вац. И Исраилов Iумар цигахь эцца тхайн деваша лоьхуш нохчий бовзича вевзина а ву суна. Ткъа цара яздинарг уьш, гарехь, оцу Исраиловс нисса соьга йийцина хIуманаш ю, гарехь, царна йийцина хIуманаш а ю уьш.

Схьагучу суртаца, суна хета, соьга дина къамел, дерриг цаьрга дIа а дуьйцуш, цаьрга дIаяздайтина хила а мега цо. ХIунда аьлча, тхойшиъ вевзинчул тIаьхьа 3 де даьлча со сацийча цара соьга хоьттур ма дацара Исраиловх лаьцна, тхойшина юкъаметтигех лаьцна, цаьрца иза болх беш ца хилча".

Европера депорт йина нохчий кхоьруш хуьлу Оьрсийчу кхачарх. Амма Курмакаевс цхьа а кхераме хIума дацара шена элира шен интервьюхь.

Курмакаев: "Вай нохчий цигахь муха Iаш бу? Массо а цIаваха лууш ву, кхоьруш валаволлуш а ву. Тхана цхьа а стагана кхера меттиг бац (Оьрсийчохь). ХIунда аьлча, тахана я Оьрсийчоьнан Iедало а, я Нохчийчохь а цхьана а дас бохуш хIумма а дац, шуна тIехь цIий дацахь, аш байина нах бацахь.

Соьга, со шозза Москох веана, шозза депорт а йина. Цкъа 2006-чу шарахь веана со Германера, шозлагIа хIинцца веана со Австрера, 2008-чу шарахь. Цхьана а дас соьга кехат а ца хаьттина, цхьана а дас соьга хIумма а ца аьлла. КъурIан тIехь сан баа дуй бу шуна, цхьана дас со ле а ца вина.

Мелхо а, ФСБ-но саца а вина, эпсар тIе а веана, цо кехат а делла, ахча делла билет а эцна, Петарбухе новкъа а ваьккхина схьаваийтина ву-кх".

Исраилов Iумар вер хьокъехь шайн таллам дIахьочу Iамеркан New York Times газето яздора цу хенахь, Кадыровн гонерачу цхьана лаккхарчу хьаькамо ваийтира Курмакаев Австре Исраилов волчу 2008-чу шарахь, цуьнга цо Страсбургерчу кхеле делла арз юхаэцийта, бохуш.

Мухха а валийна а, Оьрсийчу Исраилов ша валийча, я ца вагIахь – вийча, шена 100 эзар доллар ахча лур ду аьлла, дарединера Курмакаевс.

Цуьнах лаьцна иштта элира цо Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь.

Курмакаев: "Iедало соьга хаьттира, хIун дуьйцуш вара хьо цуьнга, хIун дара, мила дара? Оц Iумарс соьга дийцина хIума цаьрга хьахийра ас. И цхьа спискаш юьйцуш вара и Iумар соьга. И спискаш хьахийнарг а Iумар ву соьга, оцу нахах а, шен Нохчийчохь йолчу проблемех лаьцна дийцинарг а Iумар ву соьга. И къамел доцург сан цхьана а деца къамел хилла а дац.

Кхин цхьа хIума а эр ду ас. Цкъа а сайн дахарехь цхьана а структурашкахь а, я, цара къедош ма хиллара, цхьамма вахийтинера бохуш - иза ерриг а диверси а ю, пуьтуш а бу".

Кеп-кепарчу хьостанашкахь вуьйцу Денисултанов Артур. Денисултановх Курмакаев хилла ша Украинерчу Гатчинехь вевзаш волчу бизнесменан Курмакаев Кияман йиша маре йигича. Гуьмсера ву цIера. 1990-чу шарахь хан тоьхнера цунна нахера ницкъаша ахча даккха гIортарна. 1991-чу шарахь арахецна амнистица.

1992-чу шарахь ваха дIавахна Петарбухе. Цигахь киоскийн бизнес лелийна. Дуккхаза а хийцина Курмакаевс паспорташ, цIерш, фамилеш, пачхьалкхаш, гIаланаш. Амма сацийна иза еарийдийнахь шен майра Осмаев Адам вен воьлча нохчийн лоьро-эскархочо Окуева Аминас. Киевехь.

Нагахь санна дарбан цIийнан иза дийна висийта аьтто балахь, гучубовла беза киллеран берриг некъаш а, цунна и кIоршаме зуламаш дан омра деш лелларш а.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG