ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна Дуьненаюкъарчу кхеле латкъам бина Францерчу ЛГБТ-н тобанаша


Франци -- Нохчийчохь ламасте доцу сексуалан кхетар долчу нехан бакъонаш йохош хиларна дуьхьал акци, Париж. Охан.20, 2017
Франци -- Нохчийчохь ламасте доцу сексуалан кхетар долчу нехан бакъонаш йохош хиларна дуьхьал акци, Париж. Охан.20, 2017

Латкъам бинарш ю Stop homophobie а, Mousse а, Comité Idaho France а цхьаьнакхетараллаш..

Францерчу ЛГБТ-н юкъараллан кхаа тобано дехар дина Дуьненаюкъарчу криминалан кхеле Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх схьаделла аьлла, цу республикехь шаьш санна болу нах хьийзош хиларна. Цунах лаьцна хаам бина Франс-пресс агенталло.

Латкъам бьинарш ю Stop homophobie а, Mousse а, Comité Idaho France а тобанаш.

Охан-бутт болалуш Новая газетано» хаам бира Нохчийчохь 100 сов хIомосексуал лаьцна, царех лаххара а кхоъ вийна, аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун зорбан секретаро Каримов Iаьлвис харц дира цу газето дуьйцург, республикехь болу божарий цхьа ориентаци йолуш бу аьлла.

«Новая газето» артикл зорбане яьккхинчул тIаьхьа прокуратуро а, кхечу низамаш лардечу органаша а таллам бира, амма царна бух болуш ца карийна республикехь адамаш лечкъийна бохург, аьлла дара Оьрсийчоьнан Инарлин прокуратурин зорбанан сервисо шайна делла жоп, хаам бина РИА Новости агенталло.

Кадыровс хьалхо дIахьедар динера Нохчийчоьнан куьйгалхой а, низамаш лардон органаш а реза ю Нохчийчохь хIомосексуалаш хьийза бо аьлла зорбан гIирсашкахь баьржина хаамаш толлуш федералан органашца цхьаьнакъахьега аьлла. Цуьнца цхьаьна цо билгалдаьккхира цу тайпа нах хилар догIуш дац нохчийн амалшца аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун юкъаралла кхиорехула а, адамийн бакъонашкахула а йолчу кхеташонан декъашхоша дIахьедар дира республикерчу ламасте доцу сексуалан кхетар долчу нехан бакъонаш йохош хиларан тоьшаллаш ца карийна шайна аьлла.

Цара билгалдаьккхарехь, Нохчийчохь "адаман дахар вуно лоруш ду, стаг муьлха къомах ву а, бос болуш ву а, дин лелош ву, кхин йолу башхаллаш йолуш ву бохучуьнга хьажна доцуш".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG