ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эльдерханова Зайнап. Цуьнан корта лозура, ткъа сан дог хIинца лозу


Эльдерханова Зайнап

Цуьнан корта лозура, ткъа сан дог хIинца лозу

Хилларг-лелларг йозане даккха хийлазза дагадеъча а, ницкъ ца тоьий юьсу. Дог лазадоху дагалецамаша, куьйгах дахана кIохцал санна, хьаладаккха хала хуьлу иэсехь диснарг...

1990-гIа шераш дара уьш. ХIетахь «Вайнах» радиохь балхахь яра со. "Минуткехь" муфтият хиллачу 9 гIат долчу цIийнехь ненайиша йолчохь Iаш. Юьрта дIасалела таро яцара.

Хьанала вехаш верг хала воллуш зама яра иза...

Старопромысловски районе, цхьа нах лоьхуш, кхаьчнера цу дийнахь, хьалха цкъа а ца хиллачу метте.

Урам-новкъа, сайна оьшу нах т1екаре беш йог1уш цхьана йоккхачу стагах бIаьргкхийтира сан. ТIехь беркъа, г1ийла, дегI кхачаделла яра иза. Гуш дара, юу-молучуьнца цуьна кхачо йоцийла. Коьртара йовлакхан ши тIам буйнахь къуьйлура цо, шад бан ца мегаш санна. Улле кхаьчча хиира, йоккха стаг оьрсий яра.

"Корта лозу сан... корта, сан корта. Суна молха дезара. Дахьар дуй ахь?!", – дийхира цо, со шена улле кхаьчча.

Сатийсам, цхьалла, къахьалла, тешам – уьш ша дерриге а цхьаьна гулделла гуора цуьнан бIаьргаш чохь. Со йистхила кхиале цхьана лулахочо кхоьссира: «ДIаяккхахь, ла ма догIахь, хьекъалх эшначух тера ю иза». Делахь а, ас сайн даге ладуьйгIира.

"Молхий? Иза-м ас дахьар ду хьуна. Ткъа юург юй хьан?", – хаьттира ас. "Бепиг ду, "Рама" даьтта (маргарин) а ду, маьIа гIуткхи чохь", – олуш, суна тIех а даьлла, дIадахара цуьнан бIаьра хьажар...

Иза кхетамна эшна цахилар цуьнан хьекъалх дуьзна хьаж гича хуур дара.

"Дика ду. Молха дахьаш со юха йогIур ю хьуна", – дош ло ас цунна.

"Со цхьанна а ца оьшу. Хьо а йогIур яц", – олу цо г1ийла.

Масех де даьлча, тIемалой чубогIу боху хабарш а дара дийца даьхна. Амма милла веача а, суна кIордийнера. "Эльдарха а вола-кх, шен сагатлахь", – элира ас. Иза ца веара. ТIемалой баьхкира. Герзах боьттина. Хелхаран бал боккхуш болийра тIом.

Тхо «шина хьера» юккъехь дисира. Тхуна чекх детташ герз дара.

"Минуткера" микрорайоне боьдучу некъаца долчу тIай тIера танканаша чуетта йолийра. Чудисса лармаш яцара. Масех квартира йохийра, чу йоккха топ а йиттина. ЛадоьгIуш Iара...

Барт бина аьлла, хезира цхьа кIира даьлча. Некъаца байинарш, лазийнарш схьаоьцуш, машенашна тIе кIайн байракхаш а тоьхна, Шела больницера лоьраш, Мичуринан поселок йолчу агIора г1али чу баьхкира. Иза стогалла яра. Бартах к1езга тешара. Мичара ца хууш герз тоха кхерам бара.

Август бутт чекхбелира. ГIалахь ненайиша йолчохь со а, базара веанчохь висина хилла тхан ваша а цIа кхечира.

Эццахь, дуьххьара гира нана буйна Iаса лаьцна. Оха шимма къанйина лацийтинера цуьнга иза.

Цул тIаьхьа, хIоразза а хIума кхалла хевшича, дагайогIура оьрсийн йоккха стаг, цуьнан дехар, бIаьргаш...

Соьлжа-Г1алин микроройонера базарна ракеташ тоьхча, долчух ваьлла ца 1аш, декхаре вахара сан ваша. Кхечу пачхьалкхера машени гIирс бухкуш вара иза...

Соьгахь к1еззиг сом-ком яра. Даггара нийят дина базара яхара со. Базара аьлча а, цхана бахьане. Дай боцу жIаьлеш тIех а довлийтина, кхача бухкучу могIарехь юург оьцуш, йолаелира со. Дисинчу ахчанах порошок, саба а деара...

Йоккха стаг йолчу яха новкъа елира со. Кет1ара гIантахь хиъна Iара иза. Цунна со евзира. "Де дика дойла хьан", – аьлла маршалла хаьттича, дуьхьал корта ластийра цо. ТIоьрмиг дIакховдийра ас. "ХIара суна беъна ахь?", – хаьттира цо. "Беъна. Тхайн доьзална тIера сагIийна. Хьо сох тешна Iаш юй хаьара суна", – элира ас.

"Молха а ма ду...", – бIаьрг кхийтира цуьнан молханех.

"ЙоI, хьо иштта дIаяхийта йиш яц. Дукха хан ю со йолчу адам даза. Сан хIусаме йогIий хьо? Ас сайн чоь, нах гайти хьуна?!", – са айъаделира цуьнан. Сийна басар хьаькхна тиша неIарехула чоьхьа елира тхойшиъ.

НеIарна чоьхьа кхин дуьне дара. ЦIена дуьне. Шира шкаф, шира шифоньер, телевизор, куьзга, гIенташ... Куьзгана уллехь «патефон», оьрсийн, французийн маттахь романсаш тIехь йолу экъанаш яра. Куьзганна, радиона, суьрташна тIетесна, куьйгаца тир яьккхина, шура санна кIайн, иту хьокхуш, доладеш лелийна кIадин аьхкаш яра.

"Хьажал, хIара сан нана яра, иза цуьнан нана. Ткъа хIорш сан дейижарий бара", – бохуш, гура чулаьцна суьрташ гойтура цо. Товш бара уьш, интеллигенци олучу нахах, цхьана историн агIо. Вайн махкахь Дала рицкъ нисдинчу нехан кхолламан лар.

"Хьо хьехархо ю-кх!", – олу ас, самукъа а долуш.

Сан бIаьра а хьожуш елаелира иза: «Ю дера со-м хьехархо. Эзарнаш дешархой ма хилла сан. Шун халкъ Сибрехара цIа дирзина зама а йогIу дага. Со кхетара шун къомах. Вай массара лайнера Совет Iедалан бала, та1зар».

Iасана тIе а тевжаш, яхана дивана охьахиира иза.

"1920-чу шарахь Владикавказехь кхечу къаьмнийн меттанийн институт яьккхира ас. Суна масийтта мотт хаьа... Французин, ингалсхойн, немцойн...", – дуьйцу цо меллаша.

Охам шимма чай мелира. Суна хан йицъеллера хьехархо йолчохь. Аьхна, синтеме дара иза цуьнца.

Сан Шела, цIа кхача езара. Да-нана а ма дара суна сагатдеш.

"Сан дика йоI", – хьаьстира йоккхачу стага со. – Хьан да-нана дика дуй хаьа суна. Баркалла хьуна. Наггахь, корта лаза а болий, йолало со урамехь. Шерашка яхъелча еза ю-кх цхьалла. Корта цундела лозу хир бу-кх сан".

Цуьнан корта лозура, ткъа сан дог хIинца а лозу...

XS
SM
MD
LG