ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саидов Билал. Цхьа сирник.


Саидов Билал

Цхьа сирник

Механа йорах ю,
Кепекех ботт а ло,
Батта чохь шортта ю,
Схьаэца карош ю.
Цундела пусар дац,
Шиъ цхьаьна латайо,
Бераша ловзайо,
Эрна а ягайо.

Цуьнан хIун мах хир бу,
Цкъа латон цхьа сирник:
Кепекан кхузткъалгIа
Дакъа бен ца хилча,
И йоцург цунах луш
ХIума а ца хилча.
Пусар а хIунда до
Хама ца хиъначо…

Цуьнан ойла йича
Дагадеара суна,
Сайн багахь, латийна
Цигаьрк йоллушехьа,
Шен цигаьрк латаян
Ас сирник латийча,
Цхьана стага сайна
Дийцинарг цу хьокъехь.


Украйнан махкахь,
Немцошна го лаьцна,
Дала орца доцчохь,
КIезиг а дисина,
Буьйсанан Iаьржаллехь
Тхайна гечо лехна,
Iожаллин дарц детташ,
Оха го баьстира.

Ярташна пебеттеш,
Адамех къехкара.
Хьаннашца, Iаннашкахь
Юьстахе лоьхура.
Мацалло, чевнаша,
ГIелбина оьгуш берш –
Уьш, бита йиш йоцуш,
Тхешан гехь кхоьхьура.
Висинарг тIаьхьа а
Тхо ворхI бен вацара.
Цигаьрк а, стрник а,
Цхьанггахь а яцара,
Соьгара ши сирник
Йоцчу новкъа яра.
Мацалло гIелдина
Кхин гIора дацара.

Бецаш а къестаешь,
Тхо йиъна девллера,
Юьрта юххе гIорта
Немцойх ца даьхьара.
Йийсарехь ца даха,
Йохьаллех ца доха,
Мацалла дала а
Тхан сацам хиллера.

Ирахь а, текхаш а,
Меллаша дIагIерташ,
Вайн эскарш долчахьа
Кхачаре сатуьйсуш.
ХIинций-хIинций бохуш
Догдилла ца лууш,
ДIаихна денош а
Тхуна дицделлера.

Гуьйренан дахкаро,
Шийлачу дерзано,
Эшначу гIорано
Кхетамах дохура.
Кхеташ я ца кхеташ,
Лелориг ца хууш
Дог ша дIагIертарна
Со хьалха текхара.

Кегийчу кондарийн
Гомахчу хьуьнхахь,
Юьстахчу кIотаран
Цхьана жимчу кертахь,
Картолаш хиллера
Ахказа йисина
КIотархой бевддера
Схьаяха ца кхуьуш.

Царех куьг сан кхетча,
БIаьрг серла белира,
Сатийсам гIаттаро
ГIора сов даьккхира.
ТIаьххьара бисина
ДегIан ницкъ гулбина,
Виълар а, бертал а
КIотарчу вахара.

Кхин дIадерг дозура
Сан шина сирниках,
Мехкадаьтта, дечиг а
КIотарчохь хиллера.
Дийнахь цIе латаян
Тхо даьхьар дацара,
Ас картол йоккхушехь
Буьйса тIе еара.

Ас дIалаттошехьа
Цхьа сирник дIаяйра,
Важа лато ца ваьхьаш,
Со вехха лаьттира.
КIотарчохь сирникаш
Хуьлийла дацара,
Халла бен цу хенахь
Уьш хуьлуш яцара.

ШозлагIа сирник ас,
Куьг дегош, латийра,
ДIаяле, сихвелла,
И пеша кхоьсира.
Довларах тхо даха
ЦIе хьала летира,
Цунах сайн бIаьрг кхетча
Яаза вуьзира.

Цхьаъ такхош, важа гIаттош,
Накъостий гулбина,
Еттаний, яттазий,
Картол а кхаьллина,
Тхов хиларх даккхийдеш,
Набарна дийшира,
Цатам барна кхоьруш,
Дукха ца йиира.

Сатоссуш, гIаьттина,
Со керта вахара,
Бурак, жIонкаш а
Цу кертахь хиллера.
Йоттушъерг еттина,
Ца йоттург цIанйина,
Эцалерг схьаэцна,
Тхо новкъа девлира.

Цул тIаьхьа лелийнарш,
Уьш дийца дукха ду.
Сан дийцар цкъачунна
Сирниках лаьцна ду.
ХIетахь дуьйна чIогIа
Сирникан пусур до,
Лато ца езачохь
Цкъа а ца латайо.

Иштта цо шен къамел
Цу тIехь чекхдаьккхира.
Вовшийн Iодика еш,
Тхойша а къаьстира.
Цо соьга йийцинарг
Сирник бен яцахь а,
Цу сирнико динчун
Мах стенца хадор бу…

Сирникца цIе тесна
ЦIа даго йиш хилча,
Цуьнца цIе латийна
Стаг денва йиш хилча,
Бан а буй цуьнан мах
Цуьнан ницкъе хьаьжча,
Дан а дуй дуьненахь
Пусур доцуш хIума…

Саи́дов Била́л Саи́дович (1914 шеран 10 июнь, МахкатӀе, Нохчийчоь, Терски область, Российн импери1994 шеран 15 ноябрь, Соьлжа-ГӀала, Нохчийчоь, Росси) — нохчийн яздархо, поэт, драматург, Нохчийн пачхьалкхан драматически театран актёр а, режиссёр а, Нохчийн пачхьалкхан кеги хьовсархойн театран режиссёр, гочдархо, Нохч-ГӀалгӀайн Республикан а, СССР а (1939) яздархойн союзийн декъашхо, СССР журналистийн Союзан декъашхо (1958).

https://ce.wikipedia.org/wiki/%D0%A1%D0%B0%D0%B8%D0%B4%D0%BE%D0%B2,_%D0%91%D0%B8%D0%BB%D0%B0%D0%BB_%D0%A1%D0%B0%D0%B8%D0%B4%D0%BE%D0%B2%D0%B8%D1%87

КХИН А
XS
SM
MD
LG