ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мьянмехь бусалбанаш хьийзор емалдина Соьлж-ГIалахь


Нохчийчоь -- Мьянмехь бусалбанаш хьийзорна дуьхьал митинг, Соьлж-ГIала, 4Гезг.2017
Нохчийчоь -- Мьянмехь бусалбанаш хьийзорна дуьхьал митинг, Соьлж-ГIала, 4Гезг.2017

РохIинжа къоман тIехь латточу къизаллана дуьхьал митингана кечам бар селхана дуьйна долийнера Iедалша. Буьйсана го бина дIакъевлинера коьртачу маьждиганна хьалха йолу майда. Митинге мел вогIург чекхволуьйтуш вара, дегIаца таллам а беш.

ХIора кIоштара а, юьртара а, Iедалан хьукматара а нах бара баьхкина. Митинг 11 сахьт даьлча йолаелира Шахидов Адаман къамелаца. Цул тIаьхьа цо дош делира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане.

Цуьнга ладоьгIуш дукха нах бара, хIунда аьлча ши де хьалха цо Оьрсийчоьнан Iедалшна Iоттар а еш интернетехь гIарадаьккхинера шен дIахьедар, ша Мьянмехь долчун реза ца хиларх лаьцна дуьйцуш. Митингехь цо нахе кхайкам бира герзаца тIом бан оьшуш дац аьлла.

Кадыров: «Вайна наханчул дагах кхета, лазаме ду цигахь долу хьал. Делахь а, цхьа дехар ду сан, вай арадовла деза бохучарга. Цига дахале ойла ян еза, маьхьарий хьекхарх гIуллакх хир дац.

Бирмин гонахь тахана ах миллиард бусулба нах бу: Пакистан, Инди. Царна хазийта деза вай. Вай цигахь тIелетар ду бохург бакъ дац, цундела вай сиций, дагций бусулба нах Деле боьхур бу-кх».

Кадырован къамел дIадирзича дуккха а нах дIабаха тохабелира, амма бина го баьстина бацара.

Митингехь оцу хенахь микрофон каракхечира цхьана Iелам стаге. Цо мохь туххуш сардамаш кхайкхира бусалба нах хьийзочарна. Цунна тIетайра гулбелларш а.

Мьянмехь рохIинжа къам хьийзош ду аьлла хаамаш жигара бевллачул тIаьхьа, цхаьцца кхайкхамаш гучубовлура герзаца буддисташна тIелатар дан деза бохуш. Иза аьттехьа а тIе ца дуьту Iедалша.

Мьянмехь долучу хIуманна кхин цхьа агIо а го цхьаболчарна. Кхеташ дац цхьа миллиард ах миллиард болчу бусалбачу нахана юкъара нохчийн цIе хIунда яьккхина гIодоьхуш? Цу хаттарна жоп карош дац цкъачунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG