ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москва реза цахилла тIелаца Хангошвилин гIуллакхехула Берлинерчу кхело бина сацам   


Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий
Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий

Оьрсийчоь вуно реза яц 2019-чу шарахь Берлинехь вийна волчу Гуьржийчоьнан махкахочун, Нохчийчуьрчу шолгIачу тIамехь дакъалаьцначу Хангошвили Зелимха верца доьзначу гIуллакхехула бинчу сацамна. Цунах лаьцна журналисташка дIахьедина Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс.

"Тхо данне реза дац цу тайпачу жамIана, цу тайпачу формулировкина", - аьлла Кремлан векало, шега цу хьокъехь деллачу хаттарна жоп луш.

ГIура-беттан 15-хь Берлинан латтан Лаккхарчу кхел реза хилира бехкбилларан агIоно Оьрсийчоьнан вахархочо Красиков Вадима стаг вийна, Оьрсийчоьнан Iедалша кост а дина, аьлла динчу жамIана. Красиков чувоьллина, велла дIаваллалц хан а тоьхна.

Германино дIакхайкхийна Оьрсийчоьнан ши дипломат махкахваккхарх лаьцна, Хангошвилин гIуллакхехула бина сацам бахьана долуш.

Песковна ца хета оцо Iаткъам бан беза аьлла, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а, ФРГ-н керлачу канцлеран Шольц Олафан а диалог вовшахтохарна.

  • Гуьржийчоьнан вахархо, нохчех схьаваьлла Хангошвили Зеламха Оьрсийчоьно терроризмна бехке а вина, лаца кхийкхийра 2002-чу шарахь. Германи дIавахара Хангошвили, 2015-чу шарахь Гуьржийчохь шена рогIера тIелатар дича. Шо сов хан ю цуьнан гIуллакх Берлинехь толлуш долу.
  • 2019 шеран Марсхьокху-беттан 23-чохь Берлинна юккъехь герз тоьхна вийра Хангошвили. Полисхоша лецира зулам дина хила тарлуш йолчу шеконашца Оьрсийчоьнан вахархо. Цуьнан цIе немцойн Iедалхоша йоккхуш яц, делахь а, журналистийн хаамашца, Красиков Вадим ву иза. цуьнан бехк толлуш йолийна кхел ю йоьдуш карарчу хенахь.
  • Bellingcat-о а, The Insider-о а, Spiegel-о а бахарехь, Красиковна Хангошвили вуьйш гIо дина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан ФСБ-н "Вымпел" декъехь болх бинчу Демьянченко Романа.
  • "Бандитийн къестамашкахь" нисделла цуьнан валар, элира президента Путин Владимира, Хангошвили верца боьзначу хааманна комментари еш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG