ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сан лулахо Ярашмаьрдара... Моника


Малхбузерчу Европехь тховкIело карийначу нохчаша кест-кеста хуьйцу шайн цIераш

Европехь тховкIело карийначу нохчаша кест-кеста хуьйцу шайн цIераш, шаьш юкъехь дехачу къаьмнашлахь лелаш йолу цIераш схьа а оьцуш. Иштта нисло, масала, Норвегехь Ингвар цIе йолу нохчий, ткъа Францехь – Габриэль цIе йолу вайнехан боьрша стаг я Камий цIе йолу зуда.

Германехь а, Австрехь а дукха бу шаьш цу пачхьалкхийн паспорташ схьаоьцучу хенахь кехаташна тIехь керла цIе а, фамили а оьцуш болу нах. Цхьаболчара до иза кхерамазаллин бахьанашца, масала, шайн цIерашца шаьшна Оьрсийчуьрчу я Нохчийчуьрчу Iедалашкара кхерам а бу, царна шаьш керлачу меттехь карон а тарло аьлла хеташ.

Хила мега цхьаболчара шайн хьалхалера зуламийн ларш яйъархьама цIераш хуьйцуш. Иштта, хила там бу, цхьаццаболчара керлачу махкахь дIатарбала а, заман йохалла Оьрсийчу воьдуш-вогIуш нисвелча шайна оьрсийн Iедалхоша новкъарлонаш ца яйта а, кавказхо я нохчо ша хилар цу Iедалхошна цIаре ма-хьаьжжина къаста ца дайта а.

Масех шо хьалха Венехь Исраилов Iумар вуьйш коьрта рол ловзош а хилла, иза верна, кхело велла дIаваллалца набахтехь яккха хан а тоьхна, чувоьллина Эдилов Руслана шена Отто Калтенбруннер аьлла цIе хийцинера.

Цхьана хенахь Нохчийчохь тIом беш а хилла, цул тIаьхьа Австрехь тховкIело а елла, юха Шема тIаме а вахана Чатаев Ахьмада шена Давид Майер аьлла цIе тIеэцнера.

Цара шайн цIераш хийцаран бахьанаш девзаш дац, амма ша шен цIе хийцаран бахьана дийцира Маршо Радионе Германехь диъ шо хьалха цу пачхьалкхан олалла ша тIеоьцучу хенахь шена Мюллер Эрвин аьлла керла цIе а тIеэцначу стага.

Ша дуьненчу волуш шена тиллина цIе Iела яра боху цо, фамили шен яккха ца лиира цунна. Шен гергарчарна хьалха ша даима а Iела хир ву, амма ша хазхета хийцина яц шен цIе бохуш дуьйцу Мюллер Эрвина.

Мюллер Эрвин: „Ас дан хIума доцуш хийцина яц и сайн цIе, сайн махках вала цхьацца бахьана долуш со кхуза схьавеана лелаш волун дела хийцина ю иза, сайн цIерачарна со бахьана долуш проблемаш ца хилийтархьама.

Со лоьхуш волчарна сан керла цIе муха ю ца хаьа, царна иза мел ца хуу со паргIат хир ву. Ткъа со вевзачарна а, сан цIерачарна а до Iела ву, хир ву даима а, Даламукълахь“.

Шайн цIераш хийцинчу вайнаха доккхачу декъахь шаьш дуьненчу бовлучу хенахь шайна дегара-ненера кхаьчначу цIерашца екарца цхьаьнайогIуш йолу цIераш хоржу. Масала, цIе хийца дагдеанчу МаликагIара шена Моника цIе оьцу, я РамзангIара – Роман боху цIе оьцу.

Цхьаццаболчеран шайн бакъйолу цIераш а Европехь лелачарех тера хиларна аьтто хуьлу, фамили бен хийца ца езаш. Масала, Тамара я Луиза я Зара боху цIераш европахойн зударийн а хуьлу. Адам, я Артур боху нохчаша а лелайеш йолу божарийн цIераш а кIеззиг яц меттигерчу бахархошлахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG