ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркотикашца лаьцначу Кадыровн векална цIера дIасавалар дихкина шина баттана


Къилбаседа-Малхбузерчу федералан гонашкахь Нохчийчоьнан векал волчу 38 шо долчу Хизриев Исламе бехк кховдийна, низамаш дохош наркотикаш лелийна аьлла. Петербургерчу кхело цIахь лаьцна витина иза, дIасавалар а доьхуш ГIуран-беттан 25-чу дийне кхаччалц. ПIераскан дийнахь бина цунах лаьцна хаам Санкт-Петербургерчу кхелийн цхьаьнатоьхначу пресс-гIуллакххоша, яздо ТАСС агенталло.

Низамаш хьоьшуш, 2,93 грамм мефедрон юкъахь йолу наркотикан маркхалш Хизриевс шеца латтош хилар тIечIагIдина. Талламо дийхира, Хизриев талламан изоляторе хаьжор, амма дуьхьало йинчу кхело иза цIахь лаьцна вуьтуш сацамбина.

"Хизриев Оьрсийчоьнан вахархо ву, цуьнах тешна пхиъ жима бер ду, цуьнан зуда а, нана заьIапхо ю. И цхьаъ бен вац напха доккхург. Изоляторехь Хизриев лаьцна латтон везаш хиларх, тешош тоьшаллаш талламо кховдийна дац кхеле", - аьлла, кхетийна суьдхоша шайн сацамах.

Нохчийчоьнан цIарах Къилбаседа-Малхбузен федералан гонашкахь векал волу, 38 шо долу Хизриев Ислам дIалаьцна Санкт-Петербургехь, яздира меттигерчу 47news ресурсо. Де хьалха Петербургерчу Москван кIоштан некъан полисхоша сацийнера "Порш Кайен Турбо" машен. Хизриев Ислама урхалла дечу машенах хьовсуш, цуьнгара яьккхинера кхо грамм наркотикан психостимулятор. Хизриев лаьцна витира кхело сацам баллалц аьлла.

Регионел а арахьа цхьацца зуламашна бехкебина лецначу Нохчийчоьнан векалашлахь цхьа Хизриев хилла ца Iа.

Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь Маршо Радионо яздира, Ханты-Мансийскан автономин гонехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалан гIоьнчо Сайдаев Iелас а, цуьнан накъосто-полисхочо а т1елатар дина Азербайджанера схьаваьллачу стагана, цуьнан машен а ядош аьлла.

2020-чу шарахь Товбеца-баттахь Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь лаьцнера Нохчийчоьнан куьйгалхочун Ивановн кIоштахь волу векал Эдильсултанов Iийса. Бинчу хаамца, иза бехке веш вара хьарамлонца ахча даккхарна а, харц тоьшаллаш дарна а.

2017-чу шарахь Украинехь лецира Нохчийчоьнан куьйгалхочун дуьненаюкъарчу уьйрашкахула волчу гIоьнча Цицулаев Рамзан. Цунна экстрадици йира Оьрсийчу. Иза бехке веш ву адам лачкъорна а, ахча даккха гIортарна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG