ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коканаев: Хьайбахахь нах багийна а бац боху Iедало


Нохчийчоь -- Хьайбаха хилла меттиг.
Нохчийчоь -- Хьайбаха хилла меттиг.

Нохчийн къам дохоран де кху тIаьхьарчу шерашкахь санна, ийна билгалдаьккхина Оьрсийчоьнан бIаьхочун денца. Сталина динарг емал а деш, школашкахь а, берийн бошмашкахь а шуьйра даздина тIаьхьарниг. Сарахь концерташ а хилла меттигерчу артисташа хIиттийна.

Юкъараллехь и де дукха хенахь дуьйна сагIина хIума а луш, доIанаш а деш дIадоьду. Тахана а, цхьаболчара кевнаш а диллина шайн кертара, къоман тезет хилар билгалдоккхуш. Дагалоьцу наха, дIадохийначохь шайн белларш. Социалан машанехь шортта ду цуьнах дуьйцуш. Массара а олург цхьаъ ду – иза чIир кхайкхош дац, иза халкъан иэсехь и бохаме зама йисийтар ду.

Дицдан омра ду аьлла цIе йолу фильм яьккхина массийта шо ду. Иза дуьххьаралера ю нохчийн къам дIадохорах яьккхинарг. Амма иза Оьрсийчохь гайтар ца магийна Iедалша, Хьайбахахь хилларг бакъ дац аьлла.

И фильм яккха кечам беш а, шаьш дукха архиваш теллина, шайна цигахь тосаделлачух дуьйцу оцу фильман продюсера Коканаев Руслана: Юх-юха а хIара де тIекхаьчча, вайн къомо ойланаш йо-кх, хIун бахьанаш долуш хIаллакдина теша вай олий. Вайн къам дIадохо кечам 1942-чу шарахь дуьйна бина хилла.

1943-чу шарахь Кобулов Нохчийчу а ваийтина, информаци а гулъяйтина, справка санна Берияна хьалха охьаяиллина хилла. Цу тIехь харцтоьшаллаш хилла, нохчий Iедална дуьхьал буй, хьаннашка хьалагIерташ буй бохуш.

Хьайбахахь 700 сов стаг божал чохь вагор бакъ хилла ца Iаш, и санна кIоршаме, адамаллин дуьхьал зулам лара мегар дерш дукха меттигашкахь хилла, аьлла кхин дIа а дуьйцу Коканаев Руслана: Уггаре а боккха бохам лоруш ду-кх Хьайбахахь 700 сов стаг вагор.

Хийла меттигаш ю-кх иштта хилла: Къоьзан-Iомехь ша боха а беш, цу чу кхиссина нах, Ножай-Юьртахь а багийна, ярташкахула буьйла а белла. Иза хилла ца Iаш, дIабохийначарах нийса ах белла цига дIакхачале. Дийца-м дуьйцу оццул бен ца веллий, оццул процент бен яций бохуш. Шайн оьрсийн историкийн информаци тIера эцна ма ю вай.

Конституцин кхиэлан декъашхочо Аметистовс аьлла: Суна гина уьш вагонашца схьабалийна, охьабиссош. Ах белларш бара царна юкъахь. Ткъа, дийна бисинарш 40 градус шелоне аракхиссира. Вай дуьйцуш ма дац уьш.Цхьацца хьостанашца, цхьанхьа олуш, кхечанхьа олуш а гучудолу иза.

Хьайбахахь нах багийна хиларна даре ца даро, нахехь оьгIазло латтайо, аьлла хета Коканаев Русланна. Иза тIелаьцна хилча, царна а, вайна а атта хира дара, кхин дIа а даха, амма, иштта ца хилча, Iедале тешам кIеззигбу, аьлла кхин дIа а дийцира цо: Яьккхинчу оцу кино чохь оха гойтуш ду-кх депортаци йоьдучу хенахь цигахь хилла хьал.

Иза хиллера, иза дан а дара, иза кхин хир а дацара, ца олуш, иза дан а дацара, бакъ а дац, бохуш официалан сацам бу культурин министралло тхоьга баийтина. Аша хIуъу а дийцахь а, аша хIуъу а бахахь а, шун мелбагийна нах балахь а, аша бохург бакъ дац бохуш юьхь-дуьхьал схьадуьйцуш Iедал далахь, цуьнах тешам бац.

Тахана юкъараллехь а ца боху къам дIадохоран денца даима нохчий баха беза аьлла. Амма иэсехь иза дисийта, кхин цкъа а и хIума ца хилийта, билгалдаккха деза, аьлла хета Коканаевна а, кхечу нахана а. Кегийчара а оцу дийнах дуьйцуш олу вай дIадохийна де, шайн дайша лайна бала цаьрца боькъуш санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG