Нохчийчоьнан урхалхочун шича, полицин майор Кадыров Iабдул-Керим хIоттийна "Ахмат-Крепость" ОМОН-н куьйгалла дан. Росгвардин дакъош ду уьш. Украинехь тIом болийначу "хьалхарчу деношкахь" дуьйна дакъалоцуш бу уьш, дIахьедо нохчийн пачхьалкхан хамийн гIирсаша. Делахь а тIеман эксперташа шеконе дуьллу "Крепость" ОМОН-н декъо оцу тIамехь хилар.
"Терек" СОБР-н декъехь гIуллакх деш вара Кадыров Iабдул-Керим хIинца ша кху дарже хIоттаваллалц. 2019-чу шарахь тренировкаш йечу центран куьйгалле хIоттийнера иза, кхин а цхьа шо даьлча "За сотрудничество" аьлла мидал йелира цунна. Амма гIаравелира Кадыров Рамзанан шича Нохчийчуьра а, Оьрсийчоьнан кхечу регионийн спецназийн эскархошна а йукъахь 2021-чу шарахь дов даьллачул тIаьхьа.
ХIетахь "Ахмат-Крепость" керлачу командиран ницкъ ца тоьира къорза берет къовсучу турнирехь толам баккха, хьалхарчу муьрехь йукъара ваьккхира иза. ГIаш некъ бан безачу меттехь Нохчийчуьра бIаьхой машенашца финише дIакхачо болийра церан накъосташа. Оцу тIехула спецназхошна йукъахь иккхина летаршца дирзира. Цхьаммо видео тIе дIайазйинера и конфликт, амма Росгвардихь бакъ ца дора, "эмоцеш" совйевлла хилла хIума дара и бохуш.
ХIинца Кадыров Iабдул-Керима буьйралла дечу "Ахмат-Крепость" декъо тIамехь кхиамаш бахарх лаьцна дIахьедира Нохчийчоьнан урхалхочо, масала, 2022-чу шеран лахьан-баттахь. Цу хенахь цо чIагIдора, дуьйцучу декъан хиллачу командиро Хизриев Аслана дакъалаьцна украинхойн "зуламхойн тобанаш" хIаллак йечохь бохуш. И дакъа стенгахь латтош ду, билгал ца даьккхира цо.
2023-чу шеран гезгамашин-баттахь буьйранчин гӀовсо Атамазов Суламбека бохура, "Крепость" декъан эскархой кхузза "СВО-хь" (Оьрсийчоьнан Ӏедалша Украинина дуьхьал бечу тӀамах олу иштта) хилла бу. Иштта цо билггал уьш хиллачу меттигийн цIераш ца йехира, амма билгалдаьккхира, церан декхарш "диверсин а, талламан а тобанашца тIом бар" а, дӀалецначу дозанашкахь "референдумаш" дӀахьочу хенахь харжамийн каппаш ларъйар дара аьлла. Официалан хаамашца, 2022-чу шеран гезгамашин-баттера 2023-чу шеран дечкен-батте кхаччалц Запорожьен кӀоштахь бара "Ахмат-Крепость" декъан тӀемалой.
ПаргIат йолчу керташка а боьлхуш, тиктокаш йохура цара
Тхан редакцино хеттарш динчу тIеман аналитикаша билгалдоккху, "Ахмат-Крепость" декъо билггал тIемашкахь дакъалаьцна хиларх тIечIагIдан чолхе ду.
Матвеев Яна бахарехь, уьш тIамехь хила аьлла тоьшаллаш дац – кадыровхойн дакъоша лелочух цаьргара шайгара бен хууш дац.
Цунна тIетов иштта Оьрсийчоьнан арахьара а, чоьхьара а тIеман политикан эксперт волу Лузин Павел а. Росгвардин а, полицин а нохчийн вовшахтохараллаш командировкашка леста Украинан дIалецначу дозанашка, амма "тIемаш ца бен Iаламат дукха хан йу", бохура къамелдечо.
"Ткъа билггал тIом бан Iалашонца "Ахмат" спецназца контракташ йечех лаьцна аьлча, 2023-2024-чу шерашкахь цигахь бара коьртачу декъана Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара нах – шаьш нохчий дукха бацара. Шога аьлча, Алаудинов Апти коьртехь волу "Ахмат" йу цигахь нохчашна, ткъа уьш кхин башха тIемаш беш а бац. Цигарчу тылехь "къепе латтош" бу уьш, йу ишта, тIеман министраллица боза а ца лууш, соьмах Iехалун тентакаш, шайна хьалхара бала дIахьийсош йолу "Ахмат" а", - бохуш, кхетадо Лузина.
Ишта хьажам болуш ву тIеман аналитик Шарп Давид а
"ТIекхача йиш а йолуш, тIечIагIйина информаци йац, кеп-кепара "Ахматан" дакъош долчу меттигех а, цара дакъалаьцначу операцех а дуьйцуш, кIезиг бу хаамаш- уьш а йукъ-йукъара бу. Цхьана декъана иза а пропаганда хуьлу. Хууш ду, Кадыровн тобанаш наггахь бен тIеман сводкашкахь хьахош цахилар.
Уьш хаабелира Белгородан а, Курскан а кIошташкахь, амма дукха хьолахь, тылехь Iалашонаш кхочушйора цара. ТIамтIехь хуьлу кест-кеста Нохчийчухула чекхбуьйлу контрактхойх а, лаамхойх а вовшахтуху "Ахмат" дакъа – цу йукъахь нохчех берш кIезиг бу. Мухха делахь а, цхьана кепехь Кадыров Рамзана дола деш ду оцу "Ахматан", цу тобано жигара дакъалоцу тIамехь", - боху аналитико а.
Кадыровн дакъоша тӀамна бина тӀеӀаткъам кӀезиг бу боху Шарпа. Цо бахарехь, Нохчийчура эскархой хIинца наггахь бен ца го тIеман хьалхарчу могӀаршкахь, буьззинчу барамехь тӀелатар динчу хьалхарчу деношкахь хиллачуьнга хьаьжча. Цу хенахь тӀелатар Оьрсийчоьнан политикан куьйгаллина "дайчу боларехь волавелла" лелар санна хетара. Карарчу хенахь кадыровхоша цу тӀемашкахь дакъалаьцна хиларх тешаме информаци йац ала мегар ду.
Кадыровн гергарнаш хьалхатетта безаш бу ницкъаллин структурашкахь
"Ахматан" командиро Алаудинов Аптис цкъа шозза бен ца хьахийра "Ахмат-Крепость" ОМОН, ткъа Кадыров Рамзана тIаьххьарчу заманчохь оцу декъах лаьцна хьахадора Iаморех а, совгIаташ дарх а лаьцна дуьйцучу хенахь. Эскархоша тIамехь дакъалацарх цуьнан дийцарийн тоьшаллаш дац, тидаме оьцу политикан блогеро, Украинехьа тIемаш бечу шейх Мансуран цIарахчу батальонан хиллачу пресс-секретаро Белокиев Ислама.
"СВО-хь шаьш дакъалоцу бохуш жигара роликаш йаржайора цара 2022-чу шарахь, хIетахь Хизриев Аслана куьйгалла дора цууьнан. Делахь а, цхьа нюанс хуьлура цигахь а: оккупаци йинчу дозанаш тIехь рейдаш дIайахьар дара иза а, тIемаш бацара. Цара хIун дора, чохь Iаш нах боцчу керташка а боьлхуш, тиктокаш йохура. Оцу йукъанна царна улло йаьлла хьулура бахархойх лаьтта операторийн тоба", - боху Белокиевс.
Цуьнан дешнашца, "Ахмат-Крепость" декъан хьалханча Кадыров Iабдул-Керим хIоттор – Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен гергара нах хьалхатеттар бен дац.
"Цунна марзделла хIума ду дехьа-сехьа хIиттор: цхьа стаг цхьана шарчохь масийттаза даржашкахь дIасахуьйцу, кхин гуш бахьана а доцуш. Кхин дIоггара терго йийр йацара ас оцу хиламан",- аьлла хета Белокиевна.
Цо бохучунна тIетов нохчийн политолог Кутаев Руслан а.
"Иза цу дарже хIоттор уггар а хьалха доьзна ду, Кадыровн гергара нах ницкъаллин структурашкахь хьалхатетта безаш хиларца. Оцу даржашкахь хиллачех тешам барца доьзна дац и. ХIан-хIа, шен тешам боцу нах Кадыровс хIиттор бацара оцу даржашка – тоххара дIабаьхна хир бара цо уьш цигара. Схьахетарехь, цуьнан логика йу шен гергара нах ницкъаллин структурашкахь кхиа безаш бу аьлла цунна хеташ хиларца", - дерзийра къамелдечо.
- Мехкан урхалхочун гергара нах Нохчийчохь урхалин лаккхарчу даржашка хIиттабо. Пачхьалкхан гIенташ дIалецна бу цуьнан йоьIарий, кIентий, йижарий, невцарий, йиша-вешин бераш, иштта шичой, маьхчой а. Кавказ.Реалиин редакцино вовшахтоьхна Кадыровн тукхамера, республикин пачхьалкхан структурашкхаь белхаш бечу нахах тептар.
- Регионан куьйгалхочун ден – Кадыров Ахьмадан цIарах хIинцале а Нохчийчохь кхоьллина 14 полк йу. Бакъонашларйархоша билгалдаьккхира, оцу кепара Кадыров Рамзанан ден культ а кхуллуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Iедал ду чIагIйеш аьлла.