ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

15 шо даьлла «Норд-Ост» хилла


Оьрсийчоь -- "Норд-Ост", Москох, 26ГIад2002.
Оьрсийчоь -- "Норд-Ост", Москох, 26ГIад2002.

Театр дIалаьцначу тIемалоша доьхург дара Нохчийчохь тIом сацор.

ХIун дара хилларг?

2002-чу шеран ГIадужу-беттан 23-чохь Москох Дубровкерчу театрехь, дIайоьдуш «Норд-Ост» мюзикл а йолуш, 1000 гергга стаг закъалтана лецира, герз а карахь, тIелатар динчу нохчийн тIемалойн тобано. Иза вуно даккхийчерах терроран тIелатар лоруш ду Москох исторехь. Театр дIалаьцначу наха хьалхатеттинера политикан тIедожораш.

Коьртаниг тхо кхузахь хьийзош ду а, тхуна етташ ю а ца бохуш, лортIехь проблема ерзор ду.

Муха сурт дара театрна чохь?

Театр дIалаьцначу тIемалоша мобилан телефонаш йолчу нахана дийца бакъо еллера цу чохь хуьлург, дуьненна а иза довзийта дагахь.

Оцу буса Маршо Радион а аьтто белира закъалтхошна юкъахь йолчу цхьана зудчуьнца телефонехула къамел дан.

Закъалтана лаьцна зуда: «Хьал сингаттаме ду. Массанхьа а бомбанаш ю ехкина. Нах чIогIа сингаттамехь бу. Ерриг а гIишло ю эккхийтарш ехкина. Тхоьца бала а кхаьчна, Iедало доладаре сатуьйсуш ду тхо. Жоьпаллехь болу нах а баьхкина, цара лортIехь дийцарш даре а, нах паргIат бахаре а сатуьйсу.

Дерриг а дан деза цуьнан дуьхьа. Уггаре коьртаниг ду иза. Кху чохь дукха адам ду. Эзар стаг. ТIемалойн дехар цхьаъ ду – Нохчийчуьра тIом сацор. Дехар дIакхайкхийна ду. Коьртаниг и дехар оьшучу нахе дIакхачор а, къоманна довзийтар а ду. ХIунда аьлча, коьртаниг тхо кхузахь хьийзадо а, тхуна етташ ю бохуш а ца дуьйцуш, лортIехь проблема ерзор ду».

Цхьанха уьш боьлхий хууш хилла, амма мича боьлху а, хIунда боьлху а хууш ца хилла.

Муьлш бара тIелатар динарш?

Ичкерин дозанал арахьарчу администрацин куьйгалхочо Закаев Ахьмада иштта элира цу нахах лаьцна.

Закаев: "Уьш хьена барий, муьлш барий аьлла, билгал а ца доккхуш, цхьа массарех а лаьцна аьлча, хьалхара тIом болчу хенахь кегий хилла бераш дара уьш, кхочучун 18 шо кхаьчний-кхачанзий иштта хан йолуш. Церан гергарчара дуьйцучуьнца, уьш бахар-бахкар цхьаболчарна хууш хиллера. Цхьанха (уьш) боьлхий хууш хилла, амма мича боьлху а, хIунда боьлху а хууш ца хилла.

Ма дарра аьлча, уьш бала бахана а бацара. Шаьш, хьалха Буденовскехь дина ма хиллара, тIом сацор бу аьлла, Буденовске йинчу рейдан чакхенах вуно чIогIа Iехабелла, иштта турпалхой санна ДегIастанчу юхадоьрзур ду шаьш аьлла ойла йолуш а, оцу ойланца арабевлла а бара уьш, оцу тIехь кечбина бигина а бара уьш".

ХIун дара цара доьхург?

Шаьш беана некъ бовзийтира закъалтана нах лецначу тобанан хьалханчо Бараев Мовсара. Шаьш делла а, дисина а тIом сацо даьхкина ду, бохуш вара иза.

Бараев Мовсар
Бараев Мовсар

ХIоьттина хьал дикачу агIор дIадерзо лууш болу нах а бара цу дийнахь театрна гонах хьийзаш. Царах цхьаъ вара Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат волу Аслаханов Асланбек.

Аслаханов Асланбек
Аслаханов Асланбек


Цо телевизионехула кхайкхам бинера, Москох болчу нохчашка, театрна го бан схьагулло аьлла. И план кхочуш ян аьтто ца белира Аслахановн. Цуьнан кхайкхамехь дакъалаца баьхкинарш дукха бацара, амма баьхкинчерах лаххара а цхьана стагана иза бале а делира.

Нохчийн тIемалошца телефонехула къамел дина аьлла, лаьцна бархI шо ах шо хан яьккхира колонехь Шеларчу вахархочо Талхигов Заурбека. Шеца хилларг иштта дийцира цо Маршо Радионе.

Нохчийчоь -- Талхигов Заурбек набахтера цIавирзинчу деношкахь, Шела, 20Стиг2011
Нохчийчоь -- Талхигов Заурбек набахтера цIавирзинчу деношкахь, Шела, 20Стиг2011


Талхигов Зурбек: «Петарбухехь цкъа дуьххьара телевизонехула хезна суна хиллачух лаьцна. Ас Москох дIакхаьчча телефон туьйхира (Аслахановн) секретариате.

Цо (секретаро) Асланбекан телефон елира соьга. Юха, цуьнга дIа а тоьхна, со хIара ву, со тIевогIур вара, дан дезаш долу накъосталла дийр дара ас, оьшург аьлла.

Цо бинчу гонна тIевола, тIевеъча, хаийта, элира соьга. Со цига дIакхаьчча, дIаетташ йолу телефон схьаоьцуш стаг вацара. Юха соьца зIене велира цхьа оьрсий, иштта, оьрси ву ша, "сотрудник" ву ша, мичахь ву хьо, аьлла? Ас со волу меттиг йийцира.

Цо, тIе а веана, со чувигира. Асланбекана тIекхачийра со. Асланбека соьга цхьа кехат делира, чохь (театрехь) долчу берийн номерш тIехь а йолуш. "Хьайн дIакхетачуьнга дIатоха, далург де",-- аьлла. Цхьа а контакт яцара церан. Уьш (тIемалой) хIун аьлла арабевлла бу хууш дацара цхьанне а.

- Цхьа а Асланбек ца оьшу, оха дуьйцуш долу хIума цуьнга къасталур дац, - элира цара.



Телефон дIатоьхча, со цхьанга-шинга вистхилира. Цу чохь волчу Мовсаре (Бараевга) вистхила лаьара суна аьлча, цара телефон Мовсаре дIа а кховдийна, со вистхилира цуьнга. Ас элира, аш шаьш арабаьккхина некъ хIун некъ бу а, кхин дерг а хаийтича, кхузахь дийца а, лелон а атта хир дара аьлла.

Цхьаъ и ду. ШолгIа, зударий а, бераш а, аш мелла а, цу чуьра (театрера) паргIатдаьхча, тхуна а юьхькIам хир бара цунах. Шуна а, арабаьккхина некъ лелон атта а хир дара, элира ас.

Шаьш арабаьккхина некъ, чохь (Нохчийчохь) болу тIом сацабе бохург а, дийцаршка ховша бохург а ду, кхин шаьш бохуш хIумма а дац элира (Бараевс). (ТIом) сацабахь, барт хилахь, шаьш цигара дIагIур ду, амма ца хилахь шайна тIера докъан ламазаш а дина, лийр ду шаьш элира цо.



Шаьш дала даьхкина ду. Шаьш а ду, шайца болу зударий а бу, элира цо. Ас элира, соьга хIара номер елларг Асланбек ву... со вовза лууш бара уьш - мичара вуй, хIун дуй, бохуш хиттира. Со тIекхайкхина, тIевеана ву элира ас.

Асланбек Iедалан белхахо а ву, шу цуьнга дистхилча, цуьнца аш къамел дича, аш бохуш долу цхьадолу хаттарш кхочуш далур дара аьлча, цара иза тергал а ца вира.

"Цхьа а Асланбек ца оьшу, оха дуьйцуш долу хIума цуьнга къасталур дац. Цуьнан карахь дац, оха арабаьккхина некъ къастор", -- элира цара.

"Чохь (театрехь) болчу нахе телефонаш дIасайоькъур ю, цара шайн цIахьболчаьрга а, массаьрга а телефонаш дIаса а тоьхна, тIом сацон уьш арабохур бу тIом сацабе аьлла", -- бохура цара. Цара иза дан а дира тIаьхьо.

Муха дирзира закъалтана нах лацар?

Оьрсийчоьнан ницкъаллин структураша, чу газ а хецна, леррина операци дIаяьхьначул тIаьхьа садукъаделла велира 125 стаг. Кхин а 5 стаг вийра герзаш тохарехь.

Муха дара бинчу талламан жамI?

Федералан кхерамазаллин сервисо дина долчу жамIаца, 2002-чу шеран аьхка Масхадов Асланан штабехь хиллачу кхеташонехь сацам бина хиллера, Москох терроран тIелатар дан, Буденовскехь санна закъалтана дуккха а адам а лоцуш. Иза кхочуш беш дакъалаьцначу нахана юкъахь, Бараев Мовсар воцург, хьехош ву Оьрсийчоьнан Iедалша Эльмурзаев Руслан а, Басаев Шемил а, Тарамов Адам а, кхин берш а.

Амма Масхадовс Маршо Радионна еллачу интервьюхь иштта дийцира, цхьацца кхерамаш а туьйсуш, шайна луург Iедалшка кхочуш дайта гIертачу наха лелочух шена хетарг.

Масхадов Аслан
Масхадов Аслан

Масхадов Аслан: «Сан куьйгакIеллахь берш федералан эскаршна дуьхьал тIом беш болу нохчийн муджахIедаш бу. Ас царна цкъа а омар дина дац, хIусам экххийта аьлла а, я миска стаг вен веза аьлла а. Ас дина омар ду тхайн муджахIедашна, герз охьа а диллина, дIаводахь, милцочун тIе а герз ма тоха аьлла, нохчо верах ларло аьлла. Къоманна дуьхьал диверсин белхаш ма бе аьлла».

Дубровка кIоштарчу театрехь бохам хилла 15 шо даьлла. Амма хIинца а жоьпаш доцуш дуьсуш ду дуккха а хаттарш. Царах коьртаниг ду, газ а хецна, кхетамчуьра бевлла нохчийн тIемалой хIунда байина, схьалецна кхел ца еш бохург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG