ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пхеа эвлан цIераш хийца Iалашо ю Ночийчохь


Соьлжа-ГIалина чуйогIу, яздархойн а, Совета заманарчу политикийн а цIераш лело поселок олучу меттигийн цIераш хийцар хьехна Нохчийчоьнан парламенто. Ю царлахь Маяковскийн цIарах поселок, нохчийн гоьваьллачу яздархочун Айдамиров Абузаран цIе тиллар хьоьху цунна. Парламентан спикеро Даудов Мохьмад шен инстаграмерчу агоIнехь дийцина цунах лаьцна.

Поэт Маяковский Владимир воцург а, Соьлжа-ГIаин мэрихь хьоьху кхин а 4 поселкан цIераш а хийцар:

Калининан поселок (Калинин Михаил СССР-н Лакхарчу Советан президиуман куьйгалхо вара), Маас цIе.

Катаяма поселок (Катаяма Сен, Японин коммунист, Коминтернан гIуллакхдархо) Акаев Дашин цIарах (нохчийн дуьххьарлера летчик).

Войково поселок (Войков Петр, Советан политикан а, пачхьалкхан а гIуллакхдархо) Шоип-моллин цIарах (оьрсийн эскаршна дуьхьал тIемаш бина, Шемалан имаматан заманахь лаьттина нохчийн гIуллакхдархо).

Кировн поселок (Киров Сергей, революционер, Советан пачхьалкхан а, политикан а гIуллакхдархо) Омаев Дагунан (нохчийн театран а, кинон а актер) цIарах.

Кху шеран Товбеца-баттахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Соьлжа-ГIаларчу дуьненаюкъарчу аэропортана елира, карарчу хенахь мехкан куьйгалхо волчу Кадыров Рамзанан ден, Кадыров Ахьмадан цIе.

Нохчийчоьнан президент лаьттинчун цIе лелош бу Нохчийчохь 300 урам, Соьлжа-ГIалара коьрта майда, паркаш, Нохчийн пачхьалкхан университет, школаш, гимназеш, берийн бошмаш, "Нохчийчоьнан дог" маьждиг, Чиллан-баттахь "Новая газето" церан ларми чохь дукха нах байина аьлла, Iораяьккхинчу Росгвардин полк а.

Кадыров Ахьмадан цIарах йира ЦIоьнтара - Ахмат-юрт. Цул совнах, 2020-чу шарахь дуьйна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллан санкцийн тептарехь йолу республикера футболан а, латархойн а клубаш а, иштта, фонд а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG