ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яздархо Ибрагимов: Соьгара даьлла хIумма а дац


Нохчийчоь - Ибрагимов Ризван суьдан хьалхара кхеташо дIайирзинчул тIаьхьа. Соьлж-ГIала, 05Стигл2017.
Нохчийчоь - Ибрагимов Ризван суьдан хьалхара кхеташо дIайирзинчул тIаьхьа. Соьлж-ГIала, 05Стигл2017.

Яздархочун Ибрагимов Ризванна тIехь кхел йолийна пIераскан дийнахь Соьлж-ГIалахь Октябран кIоштан суьдехь. Цунна бехке дуьллуш ду, шен книгашна тIехь цо цхьа къам сийлахь а деш, кхидолу къаьмнаш охьатаIош хилар.

Нохчийн ширачу исторех лаьцна масийтта болх зорбане баьккхинчу публицистана дуьхьал стохка дуьйна прокуратуро болийначу белхан чакхе лара мегар йолчу процессан кхеташо еха а ца лаьттира.

Иза йолаелча, бехктакхаман гIанта тIехь хиина волчу Ибрагимов Ризвана дийхира кхелахочуьнга Налаева Хадижате, кхелан кхеташо йоьдучу хенахь видео а, сурташ а дохуш, онлайн эфир ян бакъо лахьара аьлла. Суьдхочо жоп делира эфир ян, ма хетта, атта дац, иза рогIерчу кхеташонехь говзанчаш дийр ду аьлла.

Ибрагимовс ша и дехар деш, цуьнан бахьана а, маьIна а дийцира.

–Кхоно, кху чохь ца дийцинарг ду а бохуш, дийцинарг дац а бохуш, хIума ца хилийта оьшуш ду иза. ХIара процесс шуьйра гIаръера йолуш ю, -элира цо. Цуьнан ойланна схьагарехь тIетайра суьдхо.

Ала догIу, тIекхойкхучу агIонан векал вара прокуроран духар доьхна волу къона жима стаг. Корта охьа а таIийна, цу гIуллакхан таьптарш луьстуш ехха хан яьккхира цо.

Ибрагимов Ризванан адвокато Касумов Султана хаьттира цуьнга, хьол кхин воккханиг вацара кхуза ваийта аьлла. Вукхо, йовхарш а тухуш, жоп делира, цхьанна а кху процессе ван лууш-м дацара аьлла.

Кхелан кхеташо дIайирзича арахь къамел дойла хилира Ибрагимов Ризванца. Цо иштта мах хадийра цунна.

Ибрагимов: «Сан агIор лачкъо хIумма а дац. Соьгара даьлла хIумма а дац, сан хьекъалехь. Ас низам дохийна дац. Дуьненна хIара гIуллакх ма дарра довзийтар соьгахьа ду. Дела реза хуьлда суьдхочунна Хадижатан. Иза а оцу хьолах кхетта. Кхел йоьдучу хенахь сурташ даха а, интернетехула цуьнга хьажа бакъо а хир ю. Суна боккха кхаъ бу-кх иза».

Ибрагимовн адвокатана Касумов Султанна хетарехь, и процесс схьайиллина хилар боккха кхиам бу Нохчийчоьнан кхелан системехь.

Касумов: «Боккха кхиам бу хIара. ХIара чIогIа гIарадаьлла гIуллакх ду. Истори цо язйинехь а, цо шена хетарг яздина. Экспертан таллам бина бац. Талламан комитето бина иза. Иза кхелан гергара хьукмат ю. Бозуш боцучу эксперташа ца бина иза. Цара йинехьарий цхьаъ хир дара».

Ибрагимов Ризванна тIехь йолийначу кхелан рогIера кхеташо хир ю Стигалкъекъа-беттан 19-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG