Эрмлойчохь лаьцначу 21 шо долчу гIалгIайн йоIах хилларг, Нохчийчохь рогIера совгIаташ, даржаш декъар, Политковская Анна йерна гунахь ву аьлла чувоьллинарг маьршаваккхар а - цунах кхиндолчух дуьйцу Маршо Радион 37-чу подкастехь.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте:
ГIалгIайчуьра йеддачу йоIан кхоллам
Лахьан-беттан 14-чохь Эрмалойчуьра полицин декъе йалийна хилла 21 шо долу ГIалгIайчуьра йахархо Зурабова Фатима, даим а цIерачара йеттара шена аьлла, йеддера иза. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин редакцига дийцира, Къилбаседа Кавказехь доьзалехь гIело латточу зударшна гIо дечу бакъоларйаран "Марем" тобано. Дийцарехь, лахьан-беттан 8-чохь Фатима цIера дIайахна, ша балха йоьду а аьлла, бакъоларйархойн гIоьнца Эрмалойчу дIайахна иза Минеральные Воды гIаларчу аэропортехь кемана а хиъна. Цул тIаьхьа видео дIайазйира цо, ша хIунда йедда дуьйцуш.
"Суна кIордийна, доьзалехь сайна йеттарна в, суо сийсазйарна, аьшнашйарна а са детта. Суо йа йезачу, ца лоручу оцу хIусамехь йаха ца лаьа суна. Маьрша, йуьззина шен бакъонаш а йолу адам санна йаха лаьа суна. Сайца цIера механа йеза аса хIуммаъ дIа ца йаьхьна. Ас дехар до, со ма леха, йа лаца а ма кхайкхайе, со дика Iаш йу", - аьлла дIахьедина йеддачо.
Зурабова Фатима полисхойн декъе дIайигаран формалехь бахьана хиллера, цуьнан гергарчара чуделла арз. Эрмалойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахоша йоIе аьлла хиллера, цунна дуьхьал долийна цхьа бехкзуламан гIуллакх ду аьлла, амма кхин совдаьккхина хIуммаъ а ца аьллера. Полицин декъехь Фатима ларйеш цуьнан деваша – гIалгIайн лаккхара хьаькам лаьттина, "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин декъашхо Зурабов Юсуп хиллера.
Республикехь экономика кхиорехула йолчу министраллин урхаллехь хилла ву иза, меттигера Халкъан гуламан депутат а лаьттина, карарчу хенахь ша "Инвестицин Оьрсийчоь" йукъараллин вице-президент ву боху цо. Зурабовн "ВКонтактерчу" аккаунтехь ГIалгIайчоьнан хиллачу куьйгалхочуьнца, карарчу заманчохь Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовс волчу Евкуров Юнус-Бекца а, пачхьалкхан президент хиллачу Медведев Дмитрийца а цхьаьна даьхна суьрташ ду цуьнан.
Полицин декъе йалийначул тIаьхьа Фатимера телефон схьайаьккхинера. ЙоIа дийцарехь, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахоша гочдархочуьнца цхьаьна дийшира мессенджерашкара цуьнан йозанаш. Оцу заманчохь йеддарг шен девешица цхьаьна йитинера кабинет чохь. ТIаьхьо бакъоларйархошца хиллачу къамелехь Зурабов Юсупа дIахьедира, оцу кепара хьелаш цунна хIиттийнера цуьнан зIенаш шуьйра хиларна, цо иштта сийсазаллица дийцира шен вешин йоIах а, цунна йодуш гIо динчарах а лаьцна.
"Iовдал бер ду, Iовдал бер! Шуна хаьа-кх, Кавказехь 21 шо долчу беро хIун нисдийр ду доьзалехь? Со хIинца кабинет чохь [полицин декъехь] суо ву, Эрмалойчохь, со ГIалгIайчохь вац, дикачу хьелашкахь вац, амма аса йукъаозийначу наха а, сан уьйраша а таро ло суна, талламан декъан хьаькаман кабинет чохь суо хила, шуьца хIара къамел а деш. ЙоI кху чуьра арайаьккхина, талламхочун кабинет чу йигина йу…Иза дIайигина, аэропорте йалийнарш [Минводехь]...Аса болх бийр бу, оцу нехан дикка проблемаш хир йу-кх хьуна…Сайн долчу ахчанца хIара хаттар аса луьстур ду", - дIахьедина Зурабов Юсупа.
ЙоьIан девешица телефонехула къамелаш хиллачул тIаьхьа бакъоларйархоша дIаэлира Фатиме, иза цIа йигинчул тIаьхьа цуьнан коьртара цхьа мас йужург цахиларх, девашас дош даларх. ЦIа йаха дуьхьал хилира йоI, ша йерна кхоьру ша аьлла:
"Нагахь санна, со цIа йодахь, со тешна йу, дика хир дац сан гIуллакхаш. ХIунда аьлча, цара со йуьтар йац….Йа йеттар йу суна, йа йуьйр йу. Со йуха йодахь, дика болх суна цунах хир бац".
Бакъоларйаран "Марем" тобанан куьйгалхочо Анохина Светланас, Фатима полицин декъе дIайигинчул тIаьхьа, йемалдира Эрмалойчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахойн лелар. Цара, цо бахарехь, тергал ца дина йоIана кхерам хилар.
"Иза [Фатима] шелтерехь дIатарйан хьийзира тхо, амма кхузахь хIун ду хьуна аьлча: эрмалойн низамашца, ткъа меттигера шелтер – пачхьалкхан йу, цига полицига дIахаийтинчул тIаьхьа бен бита йиш йац. И бохург хIун ду, полицихь делла кехат карахь а долуш, йан йезаш йу иза шена цIахь ницкъ бора, шена тIехIоттар доьхуш. Ткъа полицино и кехат цунна ца делира, хьуна цIахь йиттина, ткъа хIинца хьо Эрмалойчохь йу, кхузахь хьуна кхерам бац аьлла. Хетарехь, цунна а, тхан белхахочунна а, Фатимина йодуш гIо мел динчунна а кхерамаш тийсина деваша чоьте лоруш а вац", - дийцира Анохинас Кавказ.Реалиин редакцига.
Лахьан-беттан 15-чохь къаьстира, Ереванера полицин декъе Зурабова Фатимина тIаьхьа цуьнан нана йарах. Ахьа ахча лачкъийна аьлла, ша бехктакхаман гIуллакх дуьхьал доккхур ду хьуна бохуш, цунна кхерамаш тийсинера цо. Эххар а йоI полицин декъера арайалийтира, меттигерчу бакъоалрйархойн гIоьнца кхерамзечу меттиге дIа а йигира иза. Фатима цIа йан дуьхьл йуй хиъча, Зурабов Юсупа дIахьедира, иза шен вешин йоI йац кхин д1а аьлла. Цо иштта кхерамаш тийсира Кавказ.Реалиин редакцин журналистана а, нагахь санна, кхул тIаьхьа сайтан агIонашкахь кхунах лаьцна керла публикацеш хилахь, бохуш. Оцу къамелан аудио йу редакцихь.
Зударшна тIехь ницкъбаран проблема уггар а коьртачех йуьсуш йу Къилбаседа Кавказехь. ТIаьххьарчу шерашкахь республикашкара йеддачу масех йоIах лаьцна хууш ду; бертаза уьш йуха цIа бигинчул тIаьхьа, дукха хьолехь зIенера дIабовлу уьш. Масала, иштта нисделира Нохчийчуьра Сугаипова Заирица а Тарамова Хьалиматца а Исмаилова Селимица а, Сулейманова Седица а.
Къилбаседа Кавказехь доьзалехь латточу ницкъах бовдучарна гIо дарх лаьцна рапорт арахецна кху кIиранах бакъоларйархоша. Церан хаамашца, дукха хьолахь цаьрга орца доьху 18 шарера 30 шаре кхаччалц хенаш йолу зударша, къаьсттина даьржина бахьана ду – доьзалехь йеттар, цунна тIаьхьа догIу нана берех йаккхар, иштта "сий лардеш" хIаллакдийр ду бохуш, кхерамаш тийсар.
Цул а совнах, бакъоларйархоша билгалдоккху, зударшна тIехь психологин ницкъбар, ницкъахой тIаьхьабийлар, бертаза маре йала хьийзар. Къилбаседа Кавказехь зударийн бакъонаш ларйар чолхе доккху меттигерчу Iадаташа а, Оьрсийчоьнан бакъонан системин реалеша а, билгалдоккху бакъоларйархоша.
Доккхачу декъанна, ламастин хIоттам а, полици "доьзала йукъа ца гIертар" а, хIусамехь ницкъбарх артиклна декриминализаци йар а. Цул сов, цигахь дуьйцу, ницкъ лайначарна тIехьбевлла леларх (масала, хIума лачкъийна аьлла харц бехкашца лехамашка балар.
Политковская йерна гунахь верг маьршаваккхар
"Новая газетин" журналист Политковская Анна йерна гунахь ву аьлла 2014 шарахь кхело 20 шарна набахте хьажийна волу экс-милцо Хаджикурбанов Сергей хенал хьалха араваьккхина. Украинерчу тIаме ваха реза хилла иза, тIаккха маьршаваьккхина, амма хIинца "шен лаамехь волу эскархо" санна дакъалоцуш ву и тIамехь, дуьйцу РБК-но цуьнан адвокатна Михальчик Алексейна тIетевжаш.
Шайн хьасташ тIетевжаш и хаам бакъбина цхьамогIа оьрсийн зорбанаша а. Baza телеграм-канало дийцарехь, 2022 шеран чакхенгахь вахара Хаджикурбанов тIаме, талларш даран буьйранча хилира цунах, тIаккха батальонан коьрте а хIоьттира. Ахшо даьлча ша маьршаваккхарх кехат делира цунна, амма тIеман министраллица долу контракт дIадахдира цо, тIамехь а вуьссуш – муьлхачу даржехь, чинехь ву иза, хууш дац.
"[Хаджикурбанов] спецназехь болх беш вара 90-чу шерашкахь, зенделларг ду цуьнан, хетарехь, цундела делла цунна буьйраллин дарж. Суна хетарехь, бакъдерг тоьлла кхузахь, хIунда аьлча, Политковская Анна йерна гунахь вац иза, аьлла хета суна", – дIахьедира РБК-га адвокато.
Официалехь Хаджикурбанов 2034-чу шарахь набахтера аравала везаш вара.
Москварчу Лесная урамерчу шен цIийнан лифта чохь карийра Политковская Аннин дакъа 2006 шеран гIадужу-беттан 7-хь, масех герз диттина чевнаш йолуш. И лифт чу йаьллачух тIаьхьа зуламхочо йуххера доьазза герз тоьхна хиллера цунна, царах цхьаъ – коьртах а. Меттигехь карийра Макаровн тапча, патармех йиссинарш а. "Йукъараллехь цо чекхдоккхуш долчу декхарца" доьзна ду элира талламо Политковская йер. И йен аьлла тIедиллинарг кхин билгалваьккхина вац.
РУБОП-н опер хилла волчу Хаджикурбановс этническан зуламан тобанашца долу гIуллакхаш леладора, 2006 шарахь ши шо, пхи бутт хан туьйхира цунна, ницкъ а беш, шен бакъонел соввийларна бохучу артиклаца. 2009 шарахь иза бехкевира Политковская Анна йерна, амма кхелерчу тешамечу векалша бехказаваьккхира иза. Журналист йерна бехке лоручу коьртачуьнгара Павлюченков Дмитрийгара 350 эзар сом даккхарна гIуллакхехула лецира иза – 2010 шеран чиллан-баттахь Таганскан кхело оцу бахьанца 8 шо хан туьйхира Хаджикурбановна.
2014 шарахь Хаджикурбанов бехке лерира журналист йуьйш дакъа лацарна, 20 хан а туьйхира набахтехь йаккха. Цо шен бехк тIе ца лоцура, Павлюченкон кийтарлонашна тIехула бен дац шен дIалацар, элира цо.
Нохчийчохь совгIаташ, даржаш декъар
Керла совгIат, хIинца ворхIолгIа ду хIара, мехкан куьйгалхочун 15 шо долчу кIантана Кадыров Адамна кху кIиранах кхаьчначех. "Ислам динна гIуллакхдар" аьлла I-чу бараман орден йелла цунна хIинца. СовгIат схьаэцна кхиазхочо Нохчийчоьнан муфтийн Межиев Салахьан карара, Къилбаседа Кавказан республикашкара боллу муфтийш а, кхечу пачхьалкхашкара динан гIуллакхдархой а чохь болуш", - дIахьедина Соьлжа-ГIалахь.
"Ислам чIагIдечу гIуллакхехь дакъалацарна а, цуьнан мехаллаш Iалашйарна а" аьлла, билгалваьккхина Кадыров Адам, хоуьйтуш дац, цунах муха кхета деза. ХIинццалц схьа Кадыровн 15 шо долчу кIантера даьлла "доккха гIуллакх" дара –КъорIан дагорна лаьцна латточу аннекси йинчу ГIирмера вахархочунна Журавель Никитина йеттар.
Цул тIаьхьа цунна кхачийра "Нохчийчоьнан турпалхо" цIе, шен ден кхерамзаллин сервисан куьйгалхочун дарж а, ГIезалойчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, нохчийн Къоман дозалла" орден а, иштта "Умматана хьалха гIуллакхаш дарна" орден а.
"Къоман дозалла" орден йелла иштта Кадыров Адамца цхьаьна цуьнан воккхаха волчу вешина Ахьмадна а.
ТIаьххьарниг Соьлжа-ГIалахь совгIат дIалучу дийнахь спортан а, кегийрхойн политикан а министран хьалхара гIовс ву аьлла, дIакхайкхийра. Кавказ.Реалиино теллира Нохчийчоьнан куьйгалхочун сайтера официалан кехаташ, тIаккха къаьстира, 18 шо долчу Кадыров Ахьмадна керла дарж луш, регионерчу спортан министраллехь кхин хьаькам – Абдулкаримов Хьусейн даржехь лахвина хиларх.
Лахьан-беттан 8-чохь, шен 18 шо кхочучу дийнахь Кадыровн воккхаха волу кIант дарже хIоттийна, оцу йукъанна официалехь цунна керла дарж даларх омра зорбане даьккхина а дацара. Хьалхо Кадыров Ахьмад шен ден гIоьнча хIоттийра, иштта республикера кхиазхойн "Хьалхарчийн болам" декъан куьйгалхо а. Цул тIаьхьа иза Кремлехь цхьаьнакхийтира президентаца Путин Владимирца, иштта официалехь Азербайджане а вахара иза.
Иштта кху кIиранах керлачу дарже ваьккхина Нохчийчохь Кадыров Рамзанан гергара кхин цхьа стаг – нуц Тумхаджиев Iийса. Машенийн некъийн министран гIант кхаьчна цуьнга шен дегара. 16 шарахь оцу министраллин урхаллехь вара цуьнан да Абубакар, хIинца цунах регионан куьйгалхочун гIоьнча вина.
41 шо долу Тумхаджиев Iийса нохчийн парламентан спикеран гIовс а ву, мел кIезиг а, йалх пачхьалкхан совгIат кхачийна цунна, иштта "хьакъволу гIишлошйархо" аьлла цIе а йелла.
Оьрсийчоьнан федералан низамаша могуьйтуш дац пачхьалкхан даржашка гергарнаш хIиттор, делахь а, Кадыров Рамзана шек а воцуш, пебетта оцу деттачу дозанашна. Кавказ.Реалиин зерашца, регионехь лаккхарчу даржашкахь иттаннашкара цуьнан гергарнаш бу. Даржашка хIитторах а, совгIаташ дIасадекъарх а лаьцна цхьана а кепара Кремлехь аьлла дош дац.
Нохчийн хьаькамо къуьйсу Iилманан кандидатан цIе
Нохчийчухула йолчу Росреестран куьйгалхочун гIовс хилла волчу, Хьалх-Мартанан кIоштан куьйгалхочун хьалхарчу гIовсас Мустаев Мовсара кхелехула йухайерзийна шена экономикан Iиманан кандидатан цIе. Хьалхо Оьрсийчоьнан Iилманан министралло цуьнгара дIайаьккхинера иза, диссертацехь дуккха а кхечу белхашкара схьаэцна дакъош хиларна.
"Шога къийсам болчу хьелашкахь регионера йохк-эцаран инфраструктурина пачхьалкхан Iуналла даран барамаш кхоллабалар (Нохчийн Республикан масаллица)" боху темица йара цо 2011 шарахь Соьлжа-ГIалин мехкдаькктан техническан университетехь гайтина диссертаци. "Диссернет" олучу йукъараллин декъашхошна билгалделира, оцу балха тIехь масех схьаэцна дакъош хилар: Умова Нинин, Сангинов Облокулан, Бисултанова Азин, Архипова Василисин а, кхинболчу Iилманчийн а белхашкара. Оцу буха тIехь Iилманан министралло нохчийн хьаькам Iилманан кандидатан цIарх ваьккхира.
Шен орзехь Мустаев Мовсара бохура, аттестацин лаккхара комисси цо ша дакъа ца лоцуш дIайаьхьира, шега хаам ца бинера цунах лаьцна, почтехула тийсина кехаташ схьа ца кхачарна, аьлла цо. Цо бохучунна реза а хилла, кхело йухаийцира Iилманан министралло бина сацам.
Официалерчу биографица а догIуш, 38 шо долчу Мустаев Мовсара Волгоградера пачхьалкхан техническан университет чекхйаьккхина, иштта Нохчийн пачхьалкхан университет, Оьрсийчоьнан президентан Iуналлехь йолу пачхьалкхан белхан а, къоман даьхнийн а оьрсийн академи, Оьрсийн агротехнологическан институт а. 2006-2009 шерашкахь "Международный комитет Спасения" олучу корпорацин филиалан менеджер вара иза. 2011 шарахь дуьйна Соьлжа-ГIалин мэрехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, урхаллин а администрацехь болх бан кхиъна иза. Росреестрехь даржехь ву иза 2020 шеран зазадоккху-баттахь дуьйна.
Шайна атта доллучехь ладогIа подкасте: