ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн несарий хиланза бисина "малхаьзний"


Архивера сурт.

please wait

No media source currently available

0:00 0:05:46 0:00
Линкана тIе

ХIара йиш локхург ю Либанера евзаш йолу эшаршлакхархо Фарес Мириям. 2009-чу шарахь гуьйранна вина де даздеш волчу меттигерчу куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан тевнехь йиш лакха Соьлж-ГIала яхханчохь нохчийн нус хилланза йисира иза.

Цу хенахь 26 шо хиллачу поп-седано ша иштта дийцира хиллачух лаьцна: "Цигахь вуно дукха нах бара, ткъа иза суна тIевеара. Iаьрбийн мотт хууш вацара иза, аммма ши-кхо дош Iамийнера цо, соьга вистхила. "Хьо вуно хаза ю", - элира цо соьга Iаьрбийн литературан маттахь. Ас жоп делира: "Баркалла". Ткъа гочдархочо ингалсан маттахь кхетийра со, Нохчийчоьнан куьйгалхочо сайга куьг а, дог а кховдийна хиларх".

Фареса дийцира, иза забар хир ю аьлла, ша елаелира бохуш. "Амма, халахеташ делахь а, иза забаре хилла ца Iаш, гIайгIане а дара, цигахь дуккха а журналисташ хиларна", - элира цо.

Иза бакъ ду. И суьйре чекхялале интернетехь социалан машанашкахь Фарес Мириам Кадыровга маре яхана аьлла, эладит даьржира. Цу хаамо вуно дог дохийна бара цуьнан фанаташ.

И бахьана долуш, леррина дIахьедар дира Фареса, ша маре яхана бохург бакъ дац лаьцна. Кадыровс йинарг забар яра бохура цо.

Амма иза дуьххьарлера а актриса яцара Нохчийчоьнан къона куьйгалхочо цу тайпа бегаш бинарг.

Фарес Нохчийчу яле ши шо хьалха, Кадыров президентан декхарш кхочуш деш а волуш, Соьлж-ГIалахь хилира Кени пачхьалкхара малхаьзни Веркейк Кэролайн. Иза а, кхин 15 зуда а дакъалаца йоьдуш яра Сочехь дIахьочу марехь болчу зударийн "Миссис Дуьне - 2007" къовсамехь. Кадыровс шен кеманахь Москохара балийнера малхаьзнийш Нохчийчу.

The Daily Telegraph газето бира иштта хаам: "Кадыров цец-акъ ваьллера Веркейк Кэролайнан хазаллах. Цуьнга маре йола элира цо. Нохчаша нускал далош мах лой хууш йолчу Веркейкан накъосто ахча дехнера Кадыровга.

Кадыров дIавахара, амма дукха хан ялале юхавеара иза, шен дийнатийн керт латточу белхахошца цхьаьна, ши говр а, кIайн газа а, масийтта котам а йохьуш. Веркейка дукха цецяларна, президентана мара а кхетта, дош делира тIедогIучу шарахь юхайогIур ю ша аьлла.

"Дика кIант ву хIара", - элира деъа беран нана йолчу Веркейк Кэролайна", - яздора The Daily Telegraph-о.

Ала дашна, цу къовсамехь толам баьккхинарг яра миссис Iамерка - Диана Такер.

2011-чу шарахь шолгIа зуда ялорах лаьцна хьахийра Кадыровс "Комсомольская правда" газетана интервью луш. Ша дуьхьал вац масийтта зуда хиларна, амма шолгIа зуда ша ца ялийна, хазаниг ца карорна", - аьлла забар йира цо.

Оццу 2011-чу шарахь ГIадужу-баттахь Кадыровс даздира шен 33 шо кхачар. Соьлж-ГIалин де даздо аьлла, Нохчийчу кхайкхина бара актрисаш а, эшаршлакхархой а, шайна юкъахь ХIолливудера актриса Суонк ХIиллари а йолуш. BBC News агенталло бинчу хаамца, актрисо винчу деннца декъал вира Нохчийчоьнан куьйгалхо.

Журналисташ ладоьгIуш хиллехь а, Суонк я цуьнца цхьана цу дийнахь Соьлж-ГIаларчу концертехь дакъалаьцначу Iадхьокху пондарче Мэй Ванессе а маре ца кхайкхира Кадыровс.

Ткъа 5 Оскар совгIат делла йолчу актрисо Суонк ХIилларис дIахьедар дира тIаьхьо, Нохчийчу яхарна дохкояьлла ша аьлла.

Оццу деношкахь Соьж-ГIалахь хилира Фарес Мириаман махкахо Саад Рула. Зорбанан гIирсаша бинчу хаамца, 33 шо долчу Саада шен тоьлла эшарш лекхира Кадыровна. Цу тIехь дIадирзира гIуллакх.

Цул тIахьа масийтта шо даьлла.

Кадаровга ша маре кхайкхина хиларх лаьцна дийцина Фарес Мириам 2014-чу шарахь маре яхара Iамеркехь вехачу шен махкахочуьнга Митира Дэннига. Доьзал болийнехь а, эшарш лакхар ца дитина цо. Фареса жигара дакъалоцу Фарси айманца Iохкучу пачхьалкхашкахь хуьлучу ловзаршкахь.

Ткъа Кенера Веркейк Кэролайн ирсе ехаш ю шен хIусамдеца, шен 4 бер а кхочбуш. Цо дозаллица дIаяздина шен Facebook-керчу шен агIонехь 10 сов шо хьалха генарчу Нохчийохь Кадыров Рамзана шега маре йола аьлла хилар.

Делахь а, шен коьрта кхиам шен доьзална дика нана хилар бу шен аьлла яздина цу зудчо.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG