ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мел халонаш хиларх балхара дIаяла дага ца деана суна"


Маситта дезде цхьаьнатоьхна дIахьош ду ГIадужу-беттан 5-гIа де. Республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан вина де а, Соьлж-ГIалин де а, кегийрхойн де а, хьехархойн де а. Цундела хаддаза хаамаш бара Нохчийчуьра оцу денна сийлалла даздеш.

Хьехархочун дуьненаюккъара де 1994-чу шарахь дуьйна даздеш ду хIокху дийнахь. ТIаьхьарчу заманахь Оьрсийчохь оцу белхан сий охьадоьжнехь а, хьехархо уггаре а лараме а, веза а стаг ву муьлхачу юкъараллехь. Дукхачу наха къоман тIум лору амал а, ламасташ а кхиочарех лору шайн бераш Iамош болу хьехархой.

Батукаева Зина 47 шарахь лаьттина ГIой-чу олучу юьртарчу школан директор. Ханна йоккха ялахь а, тахана а завуч болх беш ю иза. Шен дерриге а дахар школана дIаделлачу цо иштта мах хадабо хьехархочун белхан. "Хьехархочун ши болх бу: кхетам-кхиор болх а, Iилма Iамор а. И шиъ а Iалашо кхочушъян еза цо", -- аьлла хета цунна.

Ша дика адам хила деза хьехархо. Беро тIера масал эца деза цуьнах. ГIалара а, юьртара а хьехархошна юкъахь а йоккха башхалла ю. Юьртахь иза гуш ву муха веха, ткъа гIалара хьехархо балхара араваьлча, цо хIун леладо а, иза муха веха а ца хаьа. Цундела юьртахь волчу хьехархочунна тIехь доккха дукъ ду. Нехан санна гIалатло ялийта йиш яц цуьнан.

Заманийн башхаллех аьлча, 47 шарахь ишколан директор лаьттинчу Батукаева Зинас билгалйоху церан дика а, вон а агIонаш. Масала, таханлерачу дешаран программехь вониг – хьехархочо кехаташца бен болх алсамбаккхар ду, ткъа диканиг – школашкахь психолог хилар ду, аьлла хета цунна.

"Хьалхалера программа гIоле хета суна. Кхеташ яра иза. ХIинца дукха ловзаршна тIедаьлла. Бер паргIат лелуьйту. Бакъду, цхьа хIума ду суна дика хеташ хIинца юкъадаьккхина. Психолог школе валийна хилар дика ду. ХIора беран шен-шен некъ бу. Берана хьеха деза цуьнан психотипе хьаьжжина. Иза хууш хилча, болх бан атта хилла", - бохуш яра Батукаева.

Батукаева Зина чIогIа лараме стаг а ю шен юьртахь. Цуьнан куьйга кIелахула дуккха а нах бевлла оцу юьртара, яхь а, доьналла а, сий а долуш.

И амалш кхиор ю хьехархочун дуьххьарлера Iалашо аьлла хета хьехархочун. "Кхаа шарахь алапа а ца луш тхо лелачу хенахь ишколера дIаяла а дага ца деана суна. Ас дийнахь 12 урок лора, математика хьеха стаг воцуш. Хьехархочо кхане ю кхиош. Ахь дика кхиаяхь иза, хьуна дика лулахо хир ву цуьнах", - элира цо.

Тахана хьакъдолчу агIор даздеш ду дерриге а дуьненахь хьехархойн де. Карарчу заманахь Оьрсийчохь хила деззачу агIор сий, хам-пусар деш дацахь а, уьш баккъал а и болх а, бераш а дезаш, хинйолчу кханене саготта а болуш дIагIерта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG