ТIекхочийла долу линкаш

Европерчу тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь Iедалан берашна тIехь Iуналла даран хьукматхоша дегара-ненера дIа а дохуш, я шайн куьйгакIела, я кхечу доьзалшкахь Iуналла дайта дIалучу нохчийн берийн терахь алсамдолуш, ду де дийне мел долу а.

ХьастагIа Швецехь пхи бер шегара дIадаьккхинчу дас кхайкхам бира, боккъал а шен бераш юхадерзоре доьхучу митинге гуллохьара цу махкахь беха нохчий, аьлла. Цул хьалха Австрехь 7 бер дIадаьккхана да-нана а, 3 бер дIадаьккхина да а велира махкахошка шайна гIодаре доьхучу кхайкхамашца.

Бер дIадаккхар даима а ду уггаре а хьалха цу берана шена а, ткъа иштта цуьнан дена-нанна а вуно лазаме хIума. ХIун дан деза, шайгара бераш Iедале дIа ца дахийта? Уьш дIадигнехь муха хIун гIулчаш яха еза?

Венехь дуккхаъ шерашкахь нохчийн берашна йоза-дешар а, гIиллакх-Iадат а Iамош ишкол а йиллина болх бина социалан белхахочо Оздемирова Розас. Бераш дIадахарца а, берашна Iуналла дечу хьукматца а доьзна долчу хеттаршкахь иттанашкахь доьзалшна Iуналла дина ю иза консультацешца а, юкъаралла дарца а.

Маршо Радион дехарца цо дуьйцу, стенна тIе тидам бахийта беза Европехь дехачу дас-нанас, шайн бераш Iедале дIа ца дахийтархьама? Стенах ларбала беза уьш, хIун кхачонаш ян еза цара берашна. Оздемировас дуьйцу.

Оздемирова: «Уггаре а хьалха цу бераца дуккхаъ хабарш дийца деза, нийса дерг-доцург Iама а деш, хьаста деза и бер даима а, цуьнан сий а ца дойъуш, и бера шайна оьшийла а, дукхадезийла а цу берана хаийта деза. Даима а цуьнца дагар а дуьйцу, кхетон деза и бер».

Бер Iедало доьзалера даиманна аьлла дуьгуш дац дIа. Цу доьзалехь шайна карийна болу кхачамбацарш дас-нанас дIабаьхчахьана, уьш шайн берана оьшучунна сема хила кийча хиларх шаьш тешчахьана доккхачу декъехь юхадерзош ду бераш Iедалан белхахоша доьзале.

Ткъа шайгара бераш дIадаьхна долчу дас-нанас сихделлачохь шайн леларехь гIалаташ дахь, цара Iедалан белхахошка дийца ца дезарг дийцахь я кхерамаш тийсахь, тIаккха бер доьзале юхадерзор мелхо а генадер ду, бохуш дуьйцу Оздемировас. Цундела уггаре а хьалха собаре хила веза и хIума шена тIехIоьттинарг.

Оздемирова: «Бер дIадигнехь, иза чехон я цунна бехкаш даха мегар дац, нагахь санна беро ша латкъам а бина иза дIадаьккхина делахь. Мелзо а, хьаста деза, иза кхера а ца деш. Ткъа Iедалан белхахошка шаьш собаре хилар а, шаьш цара бохучунна муьтIахь хилар а гайта деза.

Собаре верг шена берана сихох тIекхочур ву, тур лестон мегар дац, девне вийла а мегар дац цу белхахошца. Ткъа шен берана даима а Iамон деза, уггаре а хьалха цуьнан хьашташка хьожур берг цуьнан доьзал хилар».

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG