ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

WhatsApp-на а блок хIоттийна Роскомнадзоро


Бакъонашларъярхоша кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалша интернет хьокъехь лелочунна дуьхьало ян еза аьлла.
Бакъонашларъярхоша кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалша интернет хьокъехь лелочунна дуьхьало ян еза аьлла.

Оьрсийчоьнан Iедалша ца дуьту социалан машанашна а, мессенджершна а блокаш хIитто гIертар. Цара дечо болх бохабо дуккха а интернет-ресурсийн, яздо "Iамеркан аз" интернетан портало.

Еарин дийнахь "Интернет Iалашйон юкъараллан" директоро Климарев Михаила шен Telegram-каналехь хаам бира, Оьрсийчохь WhatsApp мессенджеран 300 сов IP-адресна (Internet Protocol Address) блок хIоттийна аьлла. Цуьнца цхьаьна тIекхача аьтто бацара "Москох гIалин телефонан зIенан" а, "Физтехан" а, Burger King компанин Оьрсийчуьрчу декъан а, Оьрсийчоьнан Iедало кхоьллинчу "Спутник" цIе йолчу сайташ лохучу системан а IP-адресашна.

Климаревс цу гIуллакхана комментари еш яздинера, и блокаш хIиттайойтуш йолу Роскомнадзор "баккъалла а кхераме ю" аьлла.

Роскомнадзоро ша декъа яц аьлла WhatsApp болх бечура сацарна. "Интерфаксана" деллачу жоьпехь цу урхалло яздо, "йихкина йолчу информацех лаьцначу шайн реестрехь аш юьйцучу (WhatsApp) компанин адресаш дац, ткъа эладитанашна шаьш комментареш ца йо" аьлла.

Амма евзаш йолу "Медуза" интернет портал хьаьжира, шайна билггал болх беш доций хууш долу WhatsApp-ан масийтта адрес Роскомнадзоран сайта тIехь ду-дац. Системехь яздина дара и адресаш Оьрсийчоьнан инарлин прокуратуран сацамца дIакъевлина аьлла. WhatsApp-ан адресашна блок лаьттира цхьана сохьтехь гергга.

Хьалхо Amnesty International-а, Human Right Watch-о, Дуьненаюькъарчу ПЕН-клуб-о, Freedom House-о, кхин йолчу вовшахтохараллаша а шаьш реза ца хилар хаийтира интернетан маршо гатъян гIерташ Оьрсийчоьнан Iедалша лелочунна.

Бакъонашларъярхоша кхайкхам бина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралле а, Европан Кхеташоне а, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташка а, коччуш таллам а бай, Оьрсийчоьнан Iедалша интернет хьокъехь лелочунна дуьхьало ян еза аьлла, яздо "Iамеркан аз" портало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG