ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь боьгIначу гура чохь


Пхеа гIалгIачунна набахтешкахь такха яккхий хенаш кхайкхийна "ДАIИШ-ан цIарх терроран тохарш дан дагахь" хилла аьлла

Ростоврчу тIеман кхелан сацамо бахарехь, ГIалгIайчохь а, Москох а талораш дан кечлуш хилла Сампиев Саламхан, Харсиев Элберд, Эсмурзиев Руслан, Китиев Хьусайн, Аматханов Мохьмад. 12-20 шераш токхур ду цара Оьрсийчоьнан набахтешкахь. ХIоранна тоьхна 100 эзарна тIера 200 эзарне кхаччалц гIуданаш.

ДIадахначу шеран гурахь кегийнах ша лецарх хаамбинчу къайлахчу сервисо (ФСБ-но) буьйзира уьш Малхбалерчу тIемалошца. Иштта даржийра, Несарахь хIаллакбинчу тIемалойх дийна дисина дакъа ду хIара пхиъ, аьлла.

Талламна а хета, оццу тIемалойн тобанера хилла ФСБ-но хIетахь бийцинарш аьлла: Саутиев Зубайри, Дакиев Аслан, Паров Мохьмад. Ницкъхоша дийцарехь, лацаза, ведда лелаш ву тобанера кхин а цхьаъ – Китаев ИсмаьIал.

Прокурораша бахарехь, Аматханов а, Сампиев а лелла тобанна "болх" къастош. Эсмурзиевс жоп луш хилла накъостий махкахула дехьа-сехьа бахарх, хан яккха хIусамаш лахарх. Накъостийн цхьаьнатухуш а, машенахь дIасабуьгуш а хилла боху Китаев. Ткъа Харсиевс, дийцарехь, зIе латтийна дозанал арахьарчу ДАIИШ-ан координаторшца.

Яхначу гурахь, прокурорал хьалха а оьккхуш, мехкан дас Евкуров Юнус-Бека дIахьедира, байина тIемалой дагахь бара лаххара а кхо эккхийтар дан а, динан лидершна юкъа дов дилла а, аьлла.

Кхузахь хаало ГIалгIайчоьнан куьйгалхоша шайна ма-хеттара "тIеухкийла" бехкаш хьалха хIаллакбинчарна а, хIинца набахте хьийсинчарна а. Юьхьанца махкахь "динан дай вовшашца эгIо" Iалашо йолуш лелла кегийнах Оьрсийчоьнан масштабе боху, "Москох лелхийтарш дан бохкура", олий, тIаккха "дуьненаюкъарчу террорхойн" тIегIане хьалабуьгу, "Оьрсийчуьра Францин векалт эккхийта бохкура", олий.

Хенаш тоьхначу пхеаннах цхьаммо а даре ца дина талламо туьдург, шаьш тоьшаллаш динера хьалха, амма уьш шайгара етташ даьхнера, чIагIдора цара кхелехь.

Цхьаннан, Харсиев Элбердан, авдокатца Бондаренко Андрейца деношкахь хилла къамел довзийтира "Кавказский Узело".

"Лаьцначу дийнахь дуьйна ток йиттина цунна, коьртах тоьрмигаш а буьхкуш, верзина воккхий цIенна бухарчу ларми чу а кхуьйсуш. ТIехь гIело йича бен ца дина Харсиевс даре, ша шен ваша а хаийра интернетехула тIемалошца зIе латтон, шен цIахь граната а яра, аьлла", дуьйцу адвокато.

Кхелан башхалла яра ладегIаршкахь кIезиг адвокаташ а, бакъоларъярхой а хилар. Ца лиира лецначийн гергарчарна уьш хилийта а, ша дов гIарадаккха а – тешнера, шаьш кIезиг леткъамаш бича, кегийнахана Iедало кIадо йийр ю бохучух. Талламчаша хьехнера гергарчарна кхел журналистийн тидаме ца ялийтар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG