ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алиев Мухтар, Акиев Апти я кхиволу нохчо вен сахьт дац набахтехь...


Омскера №6 набахти
Омскера №6 набахти

Адвоката Гончарова Верас дуьйцу ша юридикан Iуналле эцначу наханна тIехь Iедало латточу Iазапах лаьцна

"Чохь йоллу Русь" юкъараллерчу адвокатна Гончарова Верина тергонехь латто дукха хьолехь кхочу набахтешкахь бохку кавказхой. "Кавказ.Реалиина"ша еллачу интервьюхь цо дуьйцу, набахтешкахь хан такха массарначул а хала стенна ду кавказхошна.

Вера, Оьрсийчоьнан набахтешкахь кавказхошца къиза хьийза хьаькамаш олий хеза кест-кеста. Иза эладита ду, я бакъдерг ду?

– Оьрсийчоьнан набахтеша нохчашца, иштта массо а кавказхошца, харцонаш лелайо аьлла хета суна. Шайна тIехь къизалла яллорах лоций дукхахболучара дуьйцу, цхьаберш низамлардечу хьукматашка а леткъа.

Шена гIело йо Омск кIоштарчу №7 колонехь аьлла арздира Бисултанов Малхос. Цуьнан леткъамашна бух лоху шаьш бохучу хьукматаша иза бехкевеш, набахтин белхахой цIанбеш дерзийра шайн сацамашкахь.

Ца хеддаш шена ен гIелонаш елхайо оцу №7 набахтерчу Алиев Мухтара а.

Оццу Омск кIоштарчу №I изоляторехь а, №6 набахтехь а лела къизалла. Иза шена тIехь зийначех ву нохчо Акиев Апти.

Нохчий хилла а ца Iа шайна тIехь латточу къизаллах леткъарш – бу суьйлий, азербайджанхой, кхиболу кавказхой. Церан цIерш ца йоху ас кхеташ долчу бахьаница.

Оцу нахах цхьаберш ларабелла Европан кхеле аьрзнаш хьийсо. Цхьаболучара, иза шайна мел кхераме делахь а, яздо Оьрсийчоьнан инарла прокуратуре, президентан кхеташонерчу бакъоларъярхошка. Кхиберш Iа, набахтера шаьш арабевлча, цигахь лаьтта Iазап Iорадаккха ойла йолуш.

Набахтешкахь дукхахболу белхахой Нохчийчохь тIемаш биначех бу, цундела цара "бекхам" бо нохчашна, олу нахалахь.

– Цхьана декъанна иза бакъ хила а мега. Делахь а, кавказхойн менталите ю аьлла хета суна ницкъхошна цатовриг. "Кхетамчу валор" набахтийн урхаллашна хетарехь, стаг набахтехь "каггор", амалца кIадвар, къарвар ду.

Амма атта дац нохчо кагван. Ас доладечу тутмакхех цхьана нохчочо юха ца эцна ша цкъа яздина арз (я яззданне а ца яздина). Схьагарехь, набахтийн система кхоьру яьхь, шен юхь йолчу, къарлуш воцчу боршачу стагах.

Чохь бохкучаьрга динан хьашташ кхочушдайтарца муха ду набахтешкахь?

– Цхьаццайолчу набахтешкахь таIзар латтадо Далла гIуллакх дар цадутучарна тIехь, меттигаш бу ницкъаша хьакха яон гIерташ а. Набахтехь ца магадо ламазан куз лело. Массанхьа яц ламазан чоьнаш (цIарна хилча а, царна чу ца буьтуш меттигаш а ю). Имамаш а ца лела тутмакхийн дог эца.

Ас кехат яздира Оьрсийчоьнан набахтийн урхалле а, прокуратуре а Омскан кIоштахь долчу оцу хьолах лаьцна. Деъна жоп, набахтийн урхалло боху, бац шен бусалба юкъараллашца бина барт.

Бакъду, ас яздинчул тIаьхьа бакъо елла бусалбанашна ламазаш дан. Ткъа оцу "аьттонна" дуьхьал хьаькамаша кехаташ яздайтина тутмакхашка, набахтешкахь шайна маьрша ду дин лело, аьлла. Делахь а, бац набахтешка кхочуш имамаш.

Цхьан хан хьалха Кадыров Рамзана элира, нохчех болу тутмакхаш Нохчийчуьрчу набахтешка хьийсо беза. МаьIна дуй иза дан?

– Коьртаниг тутмакх цIенна гена цаваккхар ду. Махкалдо Сибрехарчу набахтешкахь кхобучу кавказхошна – цатов догIмашна цигара жил-Iалам. Ткъа уггаре хьалха царна Iеткъарг ду гергарнаш ган йиш яцар.

Къена нана, масала, эзарнаш километрш дIа ца яхало генарчу Сибрех воI ган. Могашалла ца тоьу, некъанна ахча а ца тоьу. Дай-наноша Оьрсийчоьнан набахтийн урхалле таппашкахь кехаташ кхоьхьуьйту, шайгарчу хьолах лоций, меттигерчу Iедалера тоьшаллаш а дохий. Амма наггахь а ца до къанойн дехар кхочуш.

Ахь тергонехь кхобучу тутмакхашлахь цхьа а вуй, масала, кху муьрехь , кху деношкахь Iазап ловш?

– Алиев Мухтар ву Омскерчу №7 набахтино хьийзош. "Со кхузахь вуьйр ву гарехь, сан цунах шеко а яц. Цара олу соьга, "цхьа дакъа совдаларх тхуна хила зен дац, оха парггIат йо наб", аьлла яздина Мухтара соьга деношкахь.

Сулейманов Русланах а сагатдо ас. Иза набахтера мукъаваьлла, Дагестанерчу ницкъхойн тергамехь ву. Дукха хан йоццуш цо набахтехь латточу Iазапах лаьцна дийцина – бакъдерг дийца цунна кхераме ду.

Акиев Аптех дог лозу. №6 (Омск) набахтехь цунна бехкедо хьукматан балханна новкъарлонаш яр (Оьрсийчоьнан бехктакхаман 321-ра артикл). Цуьнца цхьана бехкебеш кхиболу кавказхой а бу. Талламчаша нийсонца хилларг къастадойла лаьара суна.

Набахтешкахь лаьттачу ирчачу хьолах даима дийца дезаш хуьлу нахе. Юкъаралло бицбо шайлара а баьхна, гIело лан чубоьхкинарш. "Со цига цкъа а кхочур вац". Моьттур ду къизалла, къорза къиг санна, наггахь гучудолу хIума ду – дац, ца хеддаш лела Iазап. Пиар шайна ярхьама, набахтеш хесторхой – бакъоларъярхой а бу вайн дуккха. Къизалла лела набахтешкахула, бакъ а долуш, вуно ирча лела.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG