ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СемаIашка - Нохчийчоьнан йоьрзур йоцу чов


Нохчийчоь - Оьрсийчоьнан эскарша дIалаьцначу СемаIашкара арабовлуш бу цу юьртара бахархой, Охан.1995 шо.

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:46 0:00
Линкана тIе

Тахана Нохчийчохь хьахош дац 23 шо хьалха СемаIашкахь хилларг. Цул тIаьхьа дIаяьллачу заманахь, махкахь иттанашкахь эзарнаш адамаш дайира иштта хилла бух боцучу къизаллехь.

Амма СемаIашкахь хиллачун шен башхалла ю. Соьлжа-ГIала хьалхарчу тIамехь, хала дIалаьцначу оьрсийн эскаро дIахаийтира цу чуьра нах арабевлча а, ярташкахь а кхерамазалла хир йоций а, тIом кхин а бехха лаьттар буй а, маьрша нах а шаьш бойур буй а.

Масех де хьалха СемаIашкара оцу бохаман де тIекхочуш видеоматериал а еш, нах бтстхуьлуйтуш, шуьйра дийцаре даккха дагадеанера суна. Амма цуьнах гIуллакх ца хилира. Цу къизаллах чекхбевллла дийна биснарш дукха бац, бисинчарна а ца лаьа, шайн юьхь а гойтуш, хиллачух лаьцна дийца.

Ткъа церан дагалаца дуккх а хIума ду. Бакъонашларъярхоша хIетахь гулдинчу тоьшаллашца оцу шина дийнахь СемаIашкахь вийна 103 вахархо - 90 стаг, 13 зуда. Уггаре а жимачуьнан дара 15 шо, уггаре а воккхачуьнана – 96.

Иза дагалоцу меттигерчу вахархочо Магомадов Ахъяда: "Цхьа къа ца хета жIаьлеш тIе а хецна, кху чохь динарг дара къематан де: йогуш юрт, дайина даьхний, къиза дойу адамаш. Тахана гена вала ца оьшу, эцца юьртара кешнашка веача схьагуш ду и сурт. Дера дара дукха ирча де. И бохам хиллачул тIаьхьа багийна, байина гIагIдиллинчу машенашца хьаьшна дукха адам дара. Уьш дIабохка кхиош бацара юьртахой. Кхечу ярташкара гIоьнна нах а баьхкина дIадоьхкира декъий".

СемаIашкахь хилларг дуьненна а гIарадаьлча, хIетахь дешан маршо йолчу Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думера комисси еанера Нохчийчу. Цуьнан коьртехь хиллачо вевзаш волчу режиссеро Говорухин Станиславан дог малделлера шайна нах байарх лаьцна семаIашкахоша тоьшаллаш деш дийцича а, цхьаболчара гайтича а.

Дийцарехь, Iада а вина дIавахана хиллера иза цигара. ХIетахь дуьйна оцу эвларчу нехан бIаьрг бедда стаг ву Говорухин. Цуьнан фильмашка а ца хьовсу уьш.

Кхин дIа а дуьйцу Магомадов Ахъяда: «ХIокху вайн юьртахь воьлхуш тийжаш вара иза. Цо аьлла ду бохуш дешнаш ду хьуна хIорш: Вьетнаман Сонгми а, Беларусера Хатынь а, СемаIашка а дуьненахь къизалла латтийна меттигаш ю аьлла. ДIаваханчул тIаьхьа цо цу эвлахь хилла хIума дац аьллера».

Бакъонашларъярхо Байсаев Iусам ша а цIера СемаIашкара ву. Нохчийчуьрчу тIом толлучу а, тоьшаллаш гулдечу а цунна хетарехь, тIемалой юьртара арабовллалц собар а динана, маьрша нах байаран шен Iалашо яра.

"Цу деношкахь СемаIашкахь хIоьттина хьал ларамза хилла дацара, ларамза дина а дацара. Кхеро оьшура. Шайн къизалла дIагайта билгалъяьккхина СемаIашка яра. Цигахь хилла «зачисткаш» кхин а дукха а луьра йина меттигаш а ю, амма цу хенахь хьалхарчу тIамехь, СемаIашкахь террор ах кхеро йина яра", - дуьйцу Байсаевс.

СемаIашкахь тахана маьрша дахар ду. ХIара а, кханалера а, кхидолу денош а иштта дIагIург хиларх сатийсам бу нехан. Хиллачунна тоьшалла деш кешнашкахь гIазотан хIолламаш бу цхьана моггIара лаьтташ. Цигахь Iохьку СемаIашкара бахархой бина денош а, шераш а тайп-тайпана делахь а, уьш кхелхина терахь цхьаъ ду – 1995-гIа шо,Оханан-бутт, 7-8 денош.

XS
SM
MD
LG