ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ШаIми-Юьртахь хилларг - шераша а дIа ца шардийриг ду


Нохчийчоь -- Федералан эскарш СемаIашкахь, Лахьанан-бутт 21, 1995
Нохчийчоь -- Федералан эскарш СемаIашкахь, Лахьанан-бутт 21, 1995

Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу заманчохь ТIехьа-Мартан кIоштарчу ШаIми-Юьртахь 1999-чу шарахь ГIадужу-беттан 29-чохь мухIажарийн коврана тIе бомбанаш йиттина, официалан зерашца вийра 16 маьрша вахархо, чевнаш йира 11 стагана. Еттачу бомбанех а, кхийсарех а бовда дагахь болчу бахархошна оцу беттан 22-чохь федералан ницкъаша дихкинера Нохчийчоьнан доза хадон.

ГIадужу-беттан 26-чохь Оьрсийчоьнан пачхьалкхан хаамийн гIирсаша дийца даьккхира, 29-чу дийнахь дуьйна Нохчийчуьра "Кавказ-1" постехула ГIалгIайчу дIабоьлхучарна "гуманитаран коридор" йиллина хир ю аьлла.

Эзарнашкахь бахархоша сацамбира оцу дийнахь махкахь бовла. ГIадужу-беттан 29-чохь, бIеннаш машенаш гулъеллера ГIалгIайчоьнан дозана гергахь. Амма оцу дийнахь некъ ца баьстира мухIажаршна. Соьлжа-ГIала уьш юхабогIучу заманчохь, ШаIми-Юьрта кхаьчначу хенахь, цIеххьашха кеманашца бомбанаш йиттира коврана тIе.

Бакъонашларъяран "Мемориал" центро хиллачу бохамах жоьпалла инарлана Шаманов Владимирна тIе диллира.

Европерчу адамийн бакъонехула йолчу кхело а бехк биллира Оьрсйчоьнна, маьршачу бахархойн дахаран бакъонаш талхор а, кеманашца дина тохар эвсара теллина цахилар а билгалдоккхуш.

Маршо Радионо карлайоккху 1999-чу шарахь ГIадужу-баттахь бомбанаш йиттина, байъинчу а, лазийначу а нахах хIоттийна статистика:

1999-чу шарахь ГIадужу-бетан 7-чохь Элистанжахь бомбанаш йиттина, вийра 30 сов вахархо, шайлахь бераш а, зударий а болуш. Иттаннашкахь бара кеп-кепара чевнаш йинарш.

ГIадужу-беттан 21-чохь Соьлжа-ГIалахь ракеташ йиттина вийра 100 сов маьрша вахархо, лазийра 200 сов стаг.

1999-чу шарахь ГIадужу-беттан 29-чохь бомбанаш йиттина, официалан зерашца, ШаIми-Юьртахь вийра 16 маьрша вахархо, чевнаш йира 11 стагана. Оццу дийнахь, Чурт-ТогIера Горячеисточненск станице йоьдучу мухIажарийн коврана дуьхьаъяьккхира артиллери. Мел кIезиг а, 23 стаг вийра оцу бохамехь, кхин а ворхI тIаьхьо кхелхира дарбан цIийнехь.

СемаIашка, ШаIми-юрт, СаIди-кIотар, БухIан-Юрт, Соьлжа-гIала а, шортта ю Нохчийчохь адамаллана дуьхьал оьрсийн эскархоша дина зуламаш. Ши-кхоъ бен эскархо а вац набахте хьажийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG