ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема ваха ахча деллачу Нохчийчуьрчу шина вахархочун дина таIзар хийцам боцуш дитина


Терроризмана гIо латтийна аьлла, Нохчийчуьрчу шина вахархочунна Болотханов Анварна а, Эльдаров Камилна а набахтехь даккха пхи шой ах шой тухуш хьалхо бина сацам хийцаза битина Москварчу Апелляцин тIеман кхело.

"Кавказский узел" (Оьрсийчоьнан Iедалша ресурс арахьарчу агентийн могIаре яьккхина; "Кавказский узел" цунна реза ца хилла.-Редакцин билгалдаккхар.) гIирсан информацица, кху шеран Товбеца-беттан 28-чохь Ростов-ГIаларчу тIеман кхело кхайкхийра цу шиннан хьокъехь таIзар.

Бинчу сацамца а догIуш, 2015-чу шарахь Болотхановс 20 эзар сом дехьадаьккхина хилла, Шемарчу гIаттамхойх дIакхета ваха лаам болчу цхьана накъостана Эльдаровн банкан картица.

Болотханов а, Эльдаров а къера хилла шаьшшина дохкучу бехкашна.

  • Хьалхо 5-гIа доьзалхочух йолчу Дагестанерчу Велиметова Регинина колонехь даккха ши шо хан туьйхира, терроризмна ахча латтийна аьлла. Цо ша бахарехь, Гергарчу Малхбалехь тIамах зен хиллачу нахана гIоьнна хьажийнера цо ахча.
  • Гезгмашин-баттахь апелляцин инстанцино хийцаза дитира, Оьрсийчохь йихкинчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу организацина ахчанаш хьежийна аьлла набахтехь даккха итт шо тоьхначу Кхарачой-Чергазийчуьрчу яхархочун Чотчаева Фатимин таIзар. Бехкаш тIе ца лецира Чотчаевас, цо дIахьедира, курдойн тIемалойн куьпахь ледарчу хьелашкахь йолчу шен йоIана а, цуьнан берашна а лерина дара ахчанаш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG