ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен хIусамнене Путинера кехат делла Кадыровс


Кадыров Рамзанан хIусамнана Кадыроыва Медни (юккъерниг)
Кадыров Рамзанан хIусамнана Кадыроыва Медни (юккъерниг)

Нохчийчоьнан куьйгалхочун хIусамнене, цуьнан секретариатан гIовсе, Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан вице-президенте Кадырова Меднига Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира даийтина баркаллин кехат дIаделла Кадыров Рамзана.
Шен зуда декъал а еш, гулбеллачара куьйгаш а детташ, барам хIоттийнера Кадыров Рамзана.

Нохчийн парламентан спикер Даудов Мохьмад а, Думан депутат Делимханов Адам а юьстах ца висира оцу гIуллакхна - декъал йира Медни, "хьоме нус" аьлла, ткъа ша Кадыров "хьоме ваша" аьлла.

"Оьрсийчоьнан президентан баркалла Кадырова Меднина, жигара юкъараллин дахарехь цо дакъа лацарна", - доцца яздина ду текстехь.

Маршо Радионо яздира Нохчийчохь КадыровгIеран доьзалан культах лаьцна.

  • Нохчийчохь 346 урам бу, КадыровгIеран доьзалан декъашхойн сий деш цIераш техкина. Уьш схьабевллачу ярташна улле мел а гIоьрта а алсам бу оцу ярташкахь церан цIарах урамаш яздора "Би-би-си-н Оьрсийн сервисо" бинчу талламца.
  • Нохчийчоьнан президент лаьттинчун цIе лелош бу республикехь 300 урам Соьлжа-ГIалара коьрта майда, паркаш, Нохчийн пачхьалкхан университет, школаш, гимназеш, берийн бошмаш, "Нохчийчоьнан дог" юккъера маьждиг, Росгвардин полк. Карладоккху, Чиллан-баттахь оцу Росгвардин ларми чохь дуккха а нах байъина хиларх хааме даьккхира "Новая газетано".
  • Президент лаьттинчун цIе тиллира иза винчу Хоси-юьртана – Ахмат-Юрт аьлла.
  • Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Соьлжа-ГIаларчу дуьненаюкъарчу аэропортана а тиллира Кадыров Ахьмад винчу дийнахь арахецначу омраца цуьнан цIе.
  • Цул совнах, Кадыров Ахьмадан цIе лелош ю махкара футболан а, латархойн а клубаш а, иштта Кадыров Ахьмадан цIарах фонд а ю. Стохка ГIуран-баттахь дуьйна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло хIоттийначу санкцийн тептарехь ю уьш. Кадыровн портретех дуьзна ду Соьлжа-ГIалин урамаш.
  • Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан санкцийн тептаре ваьккхина Товбеца-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан хIусамнана Медни а, ши йоI Iайшат а, Хадижат а.
  • Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа дуьххьара тухуш яцара санкцеш Кадыровна – 2017-гIа шо доьрзуш Штатийн финансийн министралло ваьккхира иза а, цуьнан гонера массех стаг а санкцийн "Магнитскийн тептаре". "Кхел йоцуш нах хIаллакбарна а, адамийн бакъонаш хьешарна а, къоманна тIехь къизаллаш лелорна" аьлла, билгалдаьккхинера министраллехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG