ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Беза бу кеманца Соьлж-ГIала боьду некъ


Архивера сурт.
Архивера сурт.

ХIаваъ кеманийн керла рейс йоьллур ю аьлла дIахьедар дина Iедалан кхеташонехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. КесталгIа Соьлж-ГIалара Новосибирске а, юха а кхача атта хир ду нахана.

Рейс еллар дика ду, амма мел кхачаме ю и рейсаш аьлла Соьлж-ГIаларчу аэропорте телефон тоьхча комментари ца елира. Амма цига вахча а даима го дIабоьлхуш а, цIа богIуш а дуккха а нах.

ХIетте а дуккха а нах реза бац Соьлж-ГIаларчу билетийн мехашна. ТIех деза ду уьш, цундела доккха дакъа луларчу мехкашкахула лела дIа а, схьа а. Царах ву кху деношкахь Москохара цIавеъна Алиев АхIдан: «КесталгIа цIавар нисделла сан.

Билеташка хьажа волавеллера со. ХIинжа-ГIала - 4500 сом бара. Соьлж-ГIала - 8 эзар сом ца кхоччуш, Беслане - 2400 сом. Билеташ дIа а, схьа а эца волавелча Магасе, я Беслане, ХIинжа-ГIала а вахар са йолуш хIума хуьлу. ГIала вогIучул цхьа билет а оьцу ахь, такси а лоцу, ахча а дуьсу».

Иштта хьал ду цIерпоштаца а. Соьлж-ГIаларчу цуьнца боьлхучул а луларчу Несар-ГIалара бахча гIоле хета цхьаболчарна. Солтукиев Заура ша цуьнца бен ца воьду бохура. ЦIена а, сиха а боьду иза, элира цо: «Несар-ГIалара цIерпошт Москохара фирмин бу. ЦIена а бу иза, сиха а – 31 сахьтехь дIа а кхочу иза. Вайн махкахой а хуьлу-кх цу чохь дуккха а. Вайн махкахь ишттаниг хилча дика а хир дара-кх».

Тахана Соьлж-ГIалара хIаваан кеманашца дуккха а рейсаш ю. Европерчу массийта пачхьалкхе а, Турци а ю уьш. ТIейогIучу заманахь и список кхиъ шоръян дагахь ду Соьлжа-ГIаларчу аэропортан. Билетийн механ барамаш, схьагарехь, лахлур дац, ша тIе ца кхетахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG