ТIекхочийла долу линкаш

Немцов верна Дадаевна 20 шо тоьхна, ткъа цу зуламехь дакъалаьцна лаьрра волу кхин а 4 стаг чувоьллина, 11-на тIера 19-са шаре кхаччалц хенаш а тоьхна.


Москох тIеман гонан кхело еарин дийнахь хан кхайкхийна опозиционер Немцов Борис вийначу бехктакхаман гIуллакхехула. Бехккъасторхоша политик верна бехке винчу Дадаев Заурана 20 шо тоьхна луьрчу хьолехь даккха, прокуроро велла дIаваллалц чохь валло набахте хьажаве иза бохуш дехар динехь а. Цуьнан дезар ду орден дIаяла а, 100 эзар сом гIуда такха а.

Дадаев бехке вина 2015-чу шарахь Чиллан-беттан 27-чу дийнахь Москох Кремлан гергахь Московорецки тIай тIехь Немцовна лаххара а 6 тапча тохарна.

Суьдо Немцов вуьш дакъалаьцна лаьрра волу кхин а 4 стаг чувоьллина, 11-на тIера 19-са шаре кхаччалц хенаш а тоьхна.

Эскерханов Темирланна 14 шо тоьхна, цуьнгара дIадакхина эскархочун чин а, орденш а. Губашев Анзорна 19 шо тоьхна, ткъа цуьнан вешина Шадидана 16 шо тоьхна луьрачу хьелашкахь даккха. Бахаев Хьамзат чувоьллина 11 шо а тоьхна. Цера а дезар ду гIуданаш такха.

Гарехь, кхелан жамIашна реза болу нах кIезиг бу цу процессана юкъайозийна хиллачу нахана юкъахь. Къаьсттина иза хаьакхало адвокатех.

ББС-но ялайо цу наха кхелан сацам бахьана долуш йина комментареш.

Цакаев Шамсуди, Дадаев Зауран адвокат: "Процесс дIайоьдчу хенахь шуна шайна а гуш дара, Дадаев цу юкъахь цахиларан коьрта тоьшалла цу процессана юкъарадаьккхина хилар. Иза дац ала йиш йоцу тоьшалла дара. Иза видео яра, Дадаевс и зулам дина ца хиларг гойтуш йолу».

Бюрчиева Анна, Эскерханов Темирланан адвокат: "Кху тIехь тIадам билла хьалхе ду. Дера, тамашийна хир ма дара кху кепара гIовгIа йоккхуш теллина долчу девнехь бина сацам юхабаьккхича, амма массо а инстанцешка латкъам бийр бу оха кхелан сацамна».

Садаханов Заурбек Бахаев Хьамзатан адвокат: "Вай тешаш хилира юха а бакъонца кхел яр хьйизош хиларан. Зулам дина хиларан цхьа а бух боцуш, 11 шо а тоьхна, чувоьллина стаг».

Прохоров Вадим, эшам хиллачу агIон адвокат: "Кху кхело бинчу сацаман коьрта эгIазалла ю бехктакхаман гIаьнтахь и зулам вовшахтоьхна а, иза де аьлла омра делла а нах цахилар».

Оппозицин политикана Яшин Ильяна хетарехь, мелла хилла а нийсо тоьлла, зулам динчерах цхьа дакъа набахте хьажийна. Амма кхоччуш и зулам теллина дац. Со а, сан накъостий а ладоьгIуш бара Дадаевна валлалц набахтехь яккха хан тухур ю аьлла. 20 шо хIун ю адаман дахарна дуьхьал? И зулам вовшахтоьхнарш а, иза де аьлла омра делларш а чубохкийта хьовсур ду тхо».

Ша бехккъасторхойх теша, шена хетарехь иза хила мегачерех угггаре нийса кхелан кеп ю. Амма кхечу агIор дуккха а хаттарш дисина. Хьалха санна хууш дац Немцов вийна дина зулам вовшахтоьхнарш а, иза де аьлла омра делларш а муьлш бу, боху оппозцин политико Рыжков Владимира.

Оппозицехь волчу Навальный Алексейс «Твиттерехь» яздина: Дадаевна валлалц чохь яккха хан ца тоьхна. Геремеев а, Кадыров а буьззинчу барамехь къелхьара ваьлла жоьпаллах.

Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс дIахьедар дина, Немцов Борис вер хьокъехь бекхктакхаман гIуллакхехула кхел яр «цхьана а кепара юкъаметтиг йолуш дац Кремло хIора дийнахь билгадохуш а, кхочуш деш а долчу гIуллакхашца аьлла.

XS
SM
MD
LG