ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Суьдхо хилла Янгулабев Сайди Оьрсийчуьра дIавахна


Янгулбаев Сайди
Янгулбаев Сайди

Нохчийчохь Лакхарчу кхелан суьдхочун болх бина Янгулбаев Сайди а, цуьнан йоI Алия а дIадахна Оьрсийчуьра. Цунахь лаьцна хаамбина "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" юристо Бабинец Сергейс. Цо бахарехь, Янгулбаевс а, цуьнан йоIа а хаамбина, шаьшиннан махках далар дахарна кхерам латтарца доьзна ду аьлла. Стенга дIабахна - хоуьйтуш дац.

Дечкен-беттан 20-чохь, шаьш Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду аьлла, цхьа нах чулилхира Лахарчу Новгородехь бехачу ЯнгулбаевгIеран хIусаме. Курхалла лелорах долчу гIуллакхца доьзна тешаш санна лебан нуьцкъаша суьдхочун болх бина Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а дIабига бакъо луш, кехаташ дара цаьргахь. Янгулбаев Сайдин суьдхочун статус хиларна, цунах куьйг Iотта йиш яцарна, полисхоша цхьа Мусаева дIайигира. Амма йиттинера оцу петар чохь мел хиллачунна, ЯнгулбаевгIеран доьзална а, адвокатна а, "Iазапашна дуьхьалояран Комитетан" белхахошна а. ДIайигинчу дийнахь дуьйна Мусаева Заремигара хьал хууш дац цуьнан доьзална бакъонан статусехь.

Дечкен-беттан 21-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо видео дIаязйира, ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш туьйсуш. Цо дIахьедира, "оцу доьзале хьоьжуш меттиг бу йа набахтехь, йа лаьтта бухахь". Иштта цо чIагIдо, Соьлжа-ГIала ша схьакхачийначул тIаьхьа Мусаева "полицин белхахочунна тIелеттера, бIарг баккханза ваьлла иза" аьлла.

Кадыровс чIагIдо, ЯнгулбаевгIеран доьзал IАДАТ оппозицин телеграм-канлаца боьзна бу бохуш. Шоьтан дийнахь вистхуьлуш цо бехкебина ЯнгулбаевгIерани доьзал террористийн агIончаш а бу. Туркойчхочхь полисхочун лаьттинчунна тIелатар дарна а гунахь бу аьлла.

Цултсовнах, Кадыровс кхайкхамбина Оьрсийчуьрчу Лакхарчу кхеле Янгулбаев Сайди суьдхочун статусах ваккха аьлла.

Кадыровн дешнаш бакъ цахиларх дIа а хьедеш, Янгулбаев Сайдин а, Мусаева Заремин а воккхаха волчу кIанта Янгулбаев Абубакара кхайкхамбина Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, "Дождь" телекална интервью лучу заманчохь, Нохчийчоьнан куьйгалхо волчуьра Кадыров Рамзан дIаваккха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG