ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн диаспоран векалшна ха хIоттийна Туркойчохь


Туркойчоь, Истамбул
Туркойчоь, Истамбул

Шпионаж лелийна аьлла, кхоллаеллачу шеконашца Туркойчохь арахьарчу мехкийн ялх вахархо - виъ Оьрсийчуьра, цхьацца Украинера а, Узбекистанера а, лаьцначул тIаьхьа, пачхьалкхан Iедалхоша шайгара ха дан нах хIиттийна нохчийн диаспоран хьалханчашна. Иштта, Туркойчохь бехачу нохчаша шайн кхерамзалла Iалашъеш цхьацца барамаш чIагIбина.

"Кавказский узел" интернет-ресурсе (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн могIаре язъйина, "Кавказский узел" цунна реза яц. - Редакцин билгалдаккхар.) дийцина цхьахволчу нохчийн жигархочо: "Туркойн къайлахчу сервисаша тIаьххьарчу шерашкахь гойтуш ю шайн эвсаралла. Кхузахь вийна 13 нохчо, ишта бу царлахь меттигера бахархой а, имам Шемалан заманахь кхуза баха схьабаьхкинчу нехан тIаьхьенах берш. ТIаьххьарчу хенахь хилла хиламаш а, цул хьалха Оьрсийчоьнна болх беш бу бохуш, шпионажехь бехке а беш, нохчий а, меттигера туркой а дIалоьцуш яьхьначу цхьа могIа операцеша тоьшалла до, туркойн къайлахчу сервисийн эвсараллин".

Цунна хетарехь, лецна Украинера а, Узбекистанера а тобанан декъашхой хила тарло Оьрсийчуьрчу нохчийн криминалан юкъараллаша тIеийзина нах.

Изза хьажам бу Туркойчохь вехачу блогеран Халитов Хьасанан а, иза вен Iалашонца кечъеш хиллера, цунна хетарехь, кIело.

"Украинхо а, узбек а царна оьшу, шайна тIе кхин дIоггара терго а ца узуш, церан гIоьнца Iалашонаш дIахIитто. Массарна а хууш ду, масех нохчо цхьаьна гахь, - полисхоша йоккха само латтайо. (Нохчийчоьнан Iедалхоша) шайн интересаш кхочушйойту гIирс бина (криминалан гонах), цаьргахула лахьайо информаци, бойъу нах, ахчанаш доху", - кхетийна цо.

Халитовс ишта дийцина кхерамзаллин барамаш чIагIбарх, цо лаккхара мах хадийна туркойн къайлахчу сервисаша дIаяьхьначу лерринчу операцин а: "Дела воцчуьнгара, тхо цхьанггара а гIоьне сатуьйсуш дац. Тхо тхаьш а лардала гIерта. Вовшашка хааамаш бо оха, терго латтайо, информаци гулйо... Тхуна тIе а кхаьчна, дагахь а доцуш тхаьш дайъийта, дIавш далийта церан аьтто ца балийта хьийза тхо. Туркойн къайлаха сервисаш...Iаламат дика болх беш ю".

  • Хьалхо, меттигерчу диспорана тIетевжина, яздира Кавказ.Реалии портало хааме даьккхира, шеконашка эгнарш бузуш бу шина стагана йинчу кIелонца аьлла: блогерна Халитов Хьасанна а, Шемарчу нохчийн цхьахйолчу жихIадхойн командирна Ажиев Рустамна а. Гезгамашин-беттан юьххьехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан агIончана Истамбулехь тIелатарна бехкевора и шиъ. Йиттинчу Кадыровн агIончан гергарчара чIир хьейира тIаьхьо ХалитовгIарна, гарехь, нохчийн Iедалхоша гIо а лоцуш.
  • ГIадужу-беттан юхьхьехь дийца даьккхира Туркойчохь арахьарчу мехкийн бахархой лецарх. Царна дуьхьал леррина операци дIаяьхьира Истамбулан Къоман иччархойн организацино а, полицин терроризмаца къийсам латточу Урхалло а. Дуьйцура, шеконашкахь болчаьргара кхо тапча а, патармаш а даьхнера бохуш.
  • 2016-чу шарахь стаг вийна аьллачу шеконашца лецира Туркойчохь Оьрсийчуьра Анисимов Юрий а, Смирнов Александр а. Меттигерчу кхело бехкебира уьш, шайн пачхьалкхан дозана тIехь ворхI нохчо верна.
  • Туркойн полицина хетара, бехкебийраш Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн белхахой бу аьлла. 2018-чу шарахь Оьрсийчоьне дIабелира уьш туркойн агIоно. Дуьйцура, Оьрсийчохь экстремистийн леринчу Меджлисан куьйгалхой хиллачу Чийгоз Ахьмадца а, Умеров Iилмица а хийцина уьш бохуш. Аннекси йинчу ГIирмехь кхел йинера царна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG