ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Денна йогIу пачхьалкхаш,.. аш дайина тхан амал"


Нохчийчоь -- Коьртачу декъана базаршкахь мах бан гIерта йохка-эцарца хене бовлу бахархой.

Жимма а таро йолчара туьканаш схьайоьллуш, хьалхо цхьа хьасартне мур бехьна Нохчийчохь. Карарчу хенахь царех дукхахберш хIумма а баккхийбеш бац шайх совдегарш хиларх.

Бахьна, кхето хала дац. Иза, Советан Iедало ша урхаллехь чIагI мел ло а нахана беш болу тIеIаткъам совбаккхарца доьзна,халкъо яьккхинчу эшарахь ма диццара ду: «ЦIала цIула цIен кIархаш, денна йогIу пачхьалкхаш, дала дайа шун амал, аш дайина тхан амал».

Бух болуш а,боцуш а Iедалхоша шайга бойтучу токхамашца лара а ца белла, цхьаболчара туьканаш дIакъевлина. ХIумма а кIезиг бац уьш дIакъовлучу зиле кхевччарш а. Цхьа жима чоь-хIусам а нисйина,зударийн бедарш юхкуш ю Шелковск кIоштехь Зулай. Ша дIасакхийдош долчу ахчанех ма-дарра дийца ца хIуттура туькана долахо. Ша хIора баттахь,токана лург доцуш 4.500 сом ял дIало Iедална,кхин сов дала дезахьара,шена цIахь Iар санехь а долуш дара боху Зулайс.

Зулай: «Баттахь 4.500 сом ло ас. Иза а дукха ду. Кхин тхан мах хуьлуш ма бац. Токана а охьадуьллу 200 сом. Луш хилча цIахь Iар гIолехь а долуш ду.Иза ахь ток ягийнехь а ца ягийнехь а охьадилла деза.»

Iедалхоша шайна бечу ницкъах мелла а шуьйра дийцира Новр кIоштерчу Маликас. Цо дийцарехь иза туька дIа къевлина,нахана йолаха болх бан бIарзьелла а Iаш ю.

Малика: «Цкъа 5.500 дIалуш ду. 3 эзар кхечанхьа ло. Туька йоккха-жима хилар тергал а ца до. ХIора беттан 25 де тIекхачале токана ахча дIадала деза кIоште Новр гIала а яхана. ХIинццалц шаьш схьа а богIий дIахьуш дара. Тахана туька дIа къевлина яха езаш ю-кх со.

Цхьанхьа цхьа токан урхалле а яхана хIара кIайн кехат а даьккхина, тIетоьхна мухIар а долуш, кхечанхьа а яхана ахча дIадала деза. Со лара ца лахь ток дIайоккхуш ю сан товар мел хIаллак хилахь а. Нийсо ю иза. Пенси схьадаллалц собардар а дац. Сийна цIе яьлла латтахь царна бала-м бац. Токхамаш бар бен кхин болх бац тха-м.. ХIара дIакъевлина нахана балха гIур яр-кх со, йоккха а еш…»

Ахь мах беш йолу туька жима-йоккха хилар чоьте а ца оьцуш ял охьаюьллуьйту шайга боху Шелан кIоштерчу цхьацца молханаш духкучу туьканан долахочо Идриса.

Идрис: «Хьан мах бен чоь мел жима елахь а кхаа баттахь 8 эзар ял такха еза. Хьалха ишта лоруш а ма яцара стаг чувогIуш ерг бен. ХIара цу тIера а дIадаьккхина…»

Цуьрриг кхин самалхе хьал хуьлчух тера дац Соьлжа-гIалахь а. Ленинан кIоштан яхархочо дийцарехь мах беш болчаьргара ахчанаш хIусамашна даьхна ца Iаш сени-коридор чуьра метарш а, токхамаш бар тIедожош дIасаекъна ю йохка-эцархошна.

Яхархо: «Туьканаш дIакъийлинарш кIезиг бац. Арендан хIусамна доккхург доцуш сени-коридоран еакIовметарш а дIаса-м екъна. Цундела уьдуш бу цхьаберш…»

Бакъдерг дийцича йцу кепара Iаткъаме хьал еккъа цхьана Нохчийчохь хилла ца Iа. Кхин цуьрриг бIаьрла хьал дац, масала, кхо эзар сов вайнах бехачу, ХIирийн мехкан Мазалк кIоштехь а. Ткъех шарахь гергга мачаш юхкуш мах бина Мазалкехь Магамадова Поллас.I едалхоша яллочу гIелонна, кхин детта са а ца хилла, ша битина и болх боху Поллас.

Полла: «Ас мачаш юхкуш базар йина. Iедална луш йолу ял-налог йоцуш,мах бечу меттигана 5.500 эзар дIадала деза хIора а беттан юьххьехь. Ахь мах ца бинехь охьадуьллуьйту и. ТIаккха кхаа баттана 8 эзар такха деза. Иза ял ю. Цул сов токана ша охьадуьллу. Баттахь 25 туьма ду и. Хийла хан еъна хьо декхарийла юьсуш а. И дерриге кIорда а дина ас дити-кх и махбар».

Махкахь зеделла кхин цхьа хIума а ду. Бизнес бохучу маьIнехь ахь юьхьарлаьцна гIуллакх, шортта ахча хьийзош делахь, гуш бахьна а доцуш, алссам токхамаш бар тIедожош, хьуна бечу тIеIаткъаман тIегIа а доккху маьхькIамхоша хаъал лакха. Оцу могIарера, и дагахь доцу харжаш яйтаро, тIехь йоцу ясакх» охьайиллийтаро а сихбо цхьаберш, шайн бизнесах шад а бина паргIатбовла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG