ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсина, уьш Нохчийчоьне схьало аьлла, кхайкхамбина Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсина Кадыров Рамзана. "Уьш миччахь хиларх, мухха а лечкърх а, тхуна карор бу, оха хIаллакбийр бу", - дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Нохчийн маттахь къамел долош, цул тIаьхьа оьрсийн матте а волуш, инстаграме хIоттийначу видео тIехь Кадыровс кхайкхамбо, ЯнгулбаевгIар хила тарлучу пачхьалкхашка, доьзал Оьрсийчоьне схьало аьлла.

"Муьлхха а нохчочо уьш буьтур бац, тхан устазийн мюридаша муххале а. Цундела, шайн пачхьалкхашкахь зуламаш ца дайтархьама, тIаккха Оьрсийчоь а, Нохчийчоь а, нохчий а бехке ца байта шуьга, - арадаха и шайтIанаш, пачхьалкхашна юкъахь кхана-лама цакхетамаш ца хилийта", - дуьйцу кхин дIа оьрсийн регионан куьйгалхочо.

Цул совнах, Кадыровс юха а кхайкхмбина бакъоларъяран органашка бехктакхаман гIуллакхаш даха "Iазапаш дуьхьалояран Комитет" вовшахтоьхначу Каляпин Игорьна а, "Новая газетана" а, цуьнан журналистна Милашина Еленина а, "Дождь" телеканална (Оьрсийчохь арахьарчу агентийн статусе яьккхина, телеканал реза яц цунна) а дуьхьал аьлла.

  • 1АДАТ телеграм-канал а кхоьллина, цуьнан модераторш бу бохуш, бехкебо нохчийн ницкъхоша ЯнгулбаевгIеран вежарий. Хаамбира, де хьалха Янгулбаев ИбрехIимна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна, каналехь посташ хIитторна аьлла.
  • Дечкен-бутт бовш Кадыровс кхерамаш тийсира ЯнгулбаевгIарна. "Оцу доьзале хьоьжуш меттиг бу йа набахтехь, йа лаьтта бухахь", - дIахьедиара цо.
  • Бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран гергарнаш а, шен эфирехь ша дийцинарг оьрсийн матте гочдинарш а хIаллакбийр бу бохуш, Пачхьалкхан думан депутато Делимханов Адама эфир дIаяьхьира хьалхо инстаграмехь.
  • Нохчийчоьнан Iедалхоша флешмоб вовшахтоьхна, цуьнан гурашкахь мехкан кIоштийн бахархоша дIа а язъеш, видеош яржийна, ЯнгулбаевгIаьрга "доллу къоман сий ма дайа" бохуш, кхайкхамаш беш.
  • Дечкен-бутт бовш Янгулбаев Абубакара хаамбира, Нохчийчохь беха шен гергарнаш – 15 стаг гергга- шеца зIене бовлуш бац, йа цIахь гучубовлуш а бац. Цул совнах, ГIуран-баттахь Нохчийчохь лечкъийра – тIаьхьо дIа а хийцира – 40 гергга ЯнгулбаевгIеран гергарнаш.
  • Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой ду шаьш аьлла, бовзийтина нах Лахарчу Новгородера ЯнгулбаевгIеран хIусамчу лилхинера Дечкен-беттан 20-чохь. Курхалла лелорца доьзначу гIуллакхехь тешаш санна ледан нуьцкъаша суьдхо лаьттина Янгулбаев Сайди а, цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема а дIадига бакъо лун кехаташ дара церан карахь. Янгулбаев Сайди суьдхочун статусехь хиларо иза хьаван бакъо ца ло, цундела цхьа Мусаева лецира цара.
  • ТIаьхьо республикан информацин а, зорбанан а министро Дудаев Ахьмада хаамбира, Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий тоьхна чохь даккха, полисхочунна тIелатарна а, иза сийсазварна а аьлла. Цул тIаьхьа информаци яьржира, цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллина полисхочунна ницкъ дуьхьал баьккхина аьлла, бехке а еш – 24 сахьтехь инсулин доцуш некъ бинчу цомгашчу зудчо ша лацарх протокол хIотточу полисхочунна тIелеттера аьлла.
  • Инсулинах йоьзначу Мусаева Заремерчу хьолах а, цуьнан кхолламах а лаьцна хууш дац иза лачкъийна йигичхьана. Цунна тIебуьтуш бац адвокаташ а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG