ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш туьйсучарех дIакхетта нохчийн полисхой


Нохчийчоьнан байракх
Нохчийчоьнан байракх

Де хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Думан депутата Делимханов Адама а ЯнгулбаевгIеран доьзал хIаллакбийр бу бохуш, кхерамаш ма-тийссара, шайгара а кхерамаш дIахьебеш, видеокхайкхамаш бина нохчийн лакхарчу даржашкарчу ницкъхоша.

Доккхачу декъана, хаамбо "Медиазонас" (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн могIаре яьккхина, амма "Медиазона" цунна реза яц) неIалташ кхийкхош, кхерамаш тийсина Нохчийчуьрчу Росгвардин хьаькамо Делимханов Шарипа (Делимханов Адаман ваша), Чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовса Ирасханов Аслана, ницкъхойн блокехула вице-премьеро, СОБР "Терекан" а, латархойн "Ахмат" клубан а командиро Висмурадов Абузайда а.

Висмурадов вистхуьлучу видео тIехь гуш ву иштта МВД-н Соьлжа-ГIаларчу урхаллин куьйгалхо Айдамиров Дени а, вице-премьеран хьалхара гIовс Тумхаджиев Iийса а, МЧС-н хьаькаман декхарш ханна кхочушден Цакаев Алихан а, Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан командир Чалаев Замид а.

Делимханов Адама селхана "коьртеш дохур ду" алар юха а элира шайн дIахьедаршкахь Ирасхановс а, Висмурадовс а, Делимханов Шарипа а.

ЯнгулбаевгIеран доьзална Делимханов Адама кхерамаш тийсарх "Справедливая Россия" партин куьйгалхочо Оьрсийчоьнан парламентехь кхайкхамбина прокуратуре, цуьнан къамелан мах хадабе, шена хетарехь, "кхераме Оьрсийчоьнна дуьхьал провокаци" ю иза аьлла. Ткъа къайлахчу сервисашка ЯнгулбаевгIарна кхерамзалла латтайе аьлла.

Мироновна хетарехь, "Елиная Россия" фракцино мах хадон беза шен декъашхочо динчу къамелан, яздо "Новости" агенталло.

  • IАДАТ телеграм-канал а кхоьллина, цуьнан модераторш бу бохуш, бехкебо нохчийн ницкъхоша ЯнгулбаевгIеран вежарий. Хаамбира, де хьалха Янгулбаев ИбрехIимна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна, каналехь посташ хIитторна аьлла.
  • Нохчийчоьнан Iедалхоша флешмоб вовшахтоьхна, цуьнан гурашкахь мехкан кIоштийн бахархоша дIа а язъеш, видеош яржийра, ЯнгулбаевгIаьрга "доллу къоман сий ма дайа" бохуш, кхайкхамаш беш.
  • Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан праламентехь депутат волчу Делимханов Адама кхайкхамбира ЯнгулбаевгIеран а, шен къамел оьрсийн матте гочдечийн а "коьртеш дохур ду" аьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхочо а иштта видеокхайкхам бира ЯнгулбаевгIарна кхерамаш туьйсуш.
  • Депутатан этикан хеттаршкахула Думерчу комиссин куьйгалхочун хьалхарчу гIовсана Арефьев Николайна (КПРФ) хетарехь, Делимханов Адама ЯнгулбаевгIарна тийсина кхерамаш талла беза Коьртачу прокуратуро. Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дIахьедина, Делимхановн дешнийн мах хадо декхаре яц Кремль аьлла.
  • Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьина нохчийн къоман ЯнгулбаевгIарна дуьхьало ярна тIехь цхьаалла гайта хIоттийна митинг. Меттигерчу хаамашкахь митинг Iедалхошкара пурба долуш хIоттийна яцара боху, бюджетан белхахошка цигахь дакъалацар тIедожош хаамаш дIасакхехьийтинашехь. Митинган декъашхоша кегдеш, гIожмаш етташ, когашца хьоьшуш, дагийра цхьана тайпа йозанаш тIехь долуш, тIе сизаш хьекхна ЯнгулбаевгIеран доьзалан суьрташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG